«Оьрсийн, ингалсан, нохчийн берийн кхоллараллин сюжетийн а, стилисткийн а дуьхь – дуьхьал х1оттийна анализ».
Оценка 5

«Оьрсийн, ингалсан, нохчийн берийн кхоллараллин сюжетийн а, стилисткийн а дуьхь – дуьхьал х1оттийна анализ».

Оценка 5
Научно-исследовательская работа
doc
чтение +1
Взрослым
27.04.2017
«Оьрсийн, ингалсан, нохчийн берийн кхоллараллин  сюжетийн а, стилисткийн а дуьхь – дуьхьал х1оттийна анализ».
Исследовательская работа на чеченском языке «Оьрсийн, ингалсан, нохчийн берийн кхоллараллин (фольклоран) сюжетийн а, стилисткийн а дуьхь – дуьхьал х1оттийна анализ» поможет учителям Чеченской Республики в их работе по внеклассной работе с детьми привить им любовь к своему языку, к чтению
«Оьрсийн, ингалсан, нохчийн берийн кхоллараллин дуьхь – дуьхьал х1оттийна анализ».doc
1илманан – практически конференци «Хиндолче гIулч» Номинаци:   1илмане хьалхара г1улчаш. Направлени: социально – гуманитарни                         (нохчийн  мотт)              «Оьрсийн, ингалсан, нохчийн берийн                    кхоллараллин (фольклоран) сюжетийн а,                стилистикийн а дуьхь – дуьхьал х1оттийна               анализ».                                                                                  Докладхо:                                                                                              Гисаев Муса Сайд­ Хусейновия,  6 класс,                                                                                    МБОУ «СОШ № 10»                                                                                                   Iилманан куьйгалхо:                                                                                                   Махмудова Хеда Ахмедовна, 1 юьхьанцарчу классийн хьехархо Соьлжа­гIала,  2016 шо.                                               Чулацам I.      Д1адолор………………………………………………………………….. 3 II.      Коьрта дакъа………………………………………………………… 4­ 13 III. Дерзор……………………………………………………………………..14 IV. Пайдаэцна литература………………………………………………. …15 2 Оьрсийн, ингалсан, нохчийн берийн кхоллараллин (фольклоран) сюжетийн а, стилистикийн а дуьхь – дуьхьал х1оттийна анализ. Оьрсийн, ингалсан, нохчийн берийн кхолларалла девзича, аса жам1  дира:  кхаа къоман берийн кхолларалла шайн маь1ница, чулацамца, сюжеташца  цхьатерра ду. Со цунах кхетча, со волавелира оьрсийн, ингалсан, нохчийн берийн  кхолларалла еша. Сан 1алашо хиъча, сан дуьххьара хиллачу  хьехархочо  Хеда  Ахмедовнас сан лехамна т1ехь г1о дира суна. Иштта цо г1о дира суна нийса  сацам бан – талламан болх д1абахьа. Х1инца х1окху темина т1ехь болх беш  дешархойн цхьа тоба ю. Тхан талламан хилам бу «Оьрсийн, ингалсан, нохчийн берийн  кхоллараллин (фольклоран) сюжетийн а, стилисткийн а дуьхь – дуьхьал  х1оттийна анализ» ц1е йолу болх. Гайтаман исбаьхьаллица я хореографин исбаьхьаллица ( кхунах – м    вайна кхетам ло тархаш тIера суьрташа) дешан искусство башхаллица  3 дуьстича, дешан искусствон ( барта исбаьхьаллин) шира тIег1а (ступень) 1амо  таро яц архиологин памятникан  г1оьнца. Барта исбаьхьаллин юьххьера муьрех лаьцна дийца таро ю  къаьмнийн  дийна кхолларийн буха т1ехь, культуран, этнографически кепийн. Тхан талламан коьрта хаттар – вовше гергара боцчу кхаа  меттанашкахь кхоллаеллачу берийн  кхоллараллехь ( фольклорехь) цхьа а  тайпана вовшашца юкъара башхалла ю я яц, я х1ора къоман берийн   кхолларалла (фольклор) – иза ша тайпа, кхечу маттахь шеха терниг ян а  йоцуш ерг ю. Тхуна хетарехь, муьлххачу а къоман берийн кхоллараллехь  ( фольклорехь) хила еза мелла а  вовше тера йог1уш йолу билгалонаш. Иза ю тхан талламан гипотеза. Оха бинчу талламан ( исследовательски) белхан т1ехь теллина вовше  гергара боцчу кхаа меттийн оьрсийн, ингалсан, нохчийн  берийн кхолларалла (фольклор). Белхан 1алашо ­ оьрсийн, ингалсан, нохчийн берийн кхоллараллин  (фольклоран) сюжетийн а, стилисткийн а дуьхь – дуьхьал х1оттийна анализ яр а, фонетика, морфологи, лексика, грамматика тера хила – ца хилар  билгалдаккхар а. Оха бинчу талламан белхан декхарш: 1. Таллам бан оьшуш йолу литература йовзар, цунах пайда эцар. 2. Талла бакъ йолу материал гулъяр, цуьнан  анализ яр. 3.  Юстуш йолчу материалехь диллина долу закономерность  билгалдаккхар ( я иштта закономерность ца хилар гайтар). Ингалсан маттера «фольклор» боху дош  нохчийн матте гочдича «халкъан  хьекъалалла» бохург ду. Дуьххьара «фольклор» боху дош юкъадалийна 1846 – чу шарахь ингалсан 1илманчас У.Дж. Томсома. Вайн хенан 1илманехь  «фольклор» дешан цхьа тералла дац. Цкъа хьалха хьокху термино схьалоцуш  хилла къаьмнийн юьхьсин а, х1умаллин культура а. XX б1ешерера   «фольклор» терминах пайда оьцу мелла а готта, нисса, билгалдолу маь1нехь:  къоман дешан кхолларалла. Дешан барта исбаьхьаллин тайпанаш кхолладелла адаман къамел кхиарехь. «Барта кхолларалла» шираллехь доьзна хилла адаман къинхьегаман дар –  лелорехь. Динан, мифически, историн довзийтар, иштта 1илманан хаарийн  зирх». [ 1, c. 47]. Амма фольклор кхоллъяларан кхин хетарг а ду. Е.М.Милитинскийс  боху «ша белхан процессах д1акъастар, 1аламат ч1ог1а оьшуш дара  исбаьхьаллин искуство кхоллараллин г1уллакх кхио таро хиларна  хилийтархьама, иштта долуш дерг цхьатерра хийцадалар». [5, с. 39]. Кхечу  4 аг1ор аьлча, кхолларалла  ца кхолла делла къинхьегаман процесца, иза кхолла  делла адаман бакъдолчух кхетаран процессехь. Иштта кхолларалла  кхолладелла 1аламехь боцу ницкъаш караберзо ритуалаш лелорехь, динан  г1уллакхехь, уьш оцу заманчохь гонахьара дуьне довзаран барамаш хиларна.  Амма хьалха хилла дош… Юкъаралла (общество)  кхиоран процессехь кхолладелла дешан барта  исбаьхьаллин бес – бесара тайпанаш, а кепаш. Хан д1а мел йоьду  жанраш  хийцалуш хилла, д1айовлуш хилла,  керланиш кхоллалуш хилла. XVIII б1ешерера схьа а, кхин т1аьхьа  евза бакъ йолу къоман поэзин  тексташ. Ч1ог1а к1еззиг д1аязъйина тексташ йисина XVIII б1ешерера.  Ширачу муьрехь дукхаха долчу къаьмнийн хилла тайпанан ( я тукхманан)  дийцарш, къинхьегаман а, 1адатан эшарш а. Таьхьо кхоллало бозбуунчаллин  туьйранаш, дахаран туьйранаш, дийнатех лаьцна дуьйцуш долу туьйранаш,  халкъан турпала шира эшарш. Государственность кхуллучу  муьрехь  классически халкъан турпала иллеш,  т1акха кхолла елла историн эшарш,  балладаш. Кхин а т1аьхьа кхолла елла лирически  эшарш, романсаш, забаре  эшарш, байташ, иштта кхийолу кегийра лирически жанраш а, т1аьххьара,  белхан кхолларалла ( фольклор), революцин эшарш, барта дийцарш, иштта д1а кхин а. Массо а къоман кхоллараллин чулацам цхьа ша тайпа къегина бос  болуш елахь а, дукхаха болу мукъам, сибат, сюжет тайп – тайпана къаьмнийн  вовшех тера дог1уш ду. Иштта, европин кхоллараллин (фольклоран)сюжетин  дустарца талларо, 1илманчаш балийна цхьана юкъара жам1е: х1ора къоман   туьйранин сюжетийн кхаа декъех шиъ кхечу къаьмнийн туьйранин сюжетех  тера аду. Цхьа историн хилларг а долуш, гергарчу меттанашкахь къамел а деш  долчу къаьмнийн ( масала, индоевропейски тоба). Оцу кеппара цхьатера сюжет хилар тида мегар ду оцу къаьмнийн юкъара схьадалар хиларна. Иза генетически цхьатера хилар ду. Тайп – тайпана меттийн доьзална юкъа дог1уш, амма вовшашца марзо  йолчу къаьмнийн ( масала, оьрсий а, иннаш а) кхоллараллехь цхьатерра  вовшех тера йолу амалш хилар кхетадо кхечу маттера т1еэцарш хилар. Амма  тайп – тайпана континенташна т1ехь дехаш долчу, цкъа а вовше ган а ца  гинчу, вовше къамел а ца динчу къаьмнийн а ю цхьатерра теманаш, сюжеташ,  персонаш ю. Иштта цхьатера хиларх, типологически цхьатера хилар олу. Цхьана т1ег1анан (ступень) муьрехь кхиар кхоллало вовше тера долу  тешарш, обрядаш, доьзалан а, юкъараллин дахаран кепаш.  Ткъа, цундела,  цхьаьна нисло идеалаш я 1алашонаш а, конфликташ а. Хьокху талламан балха т1ехь оха анализ йина берийн кхоллараллин  вовше гергара боцчу кхаа маттахь кхоьллина йолчу: оьрсийн, ингалсан,  нохчийн. 5 Кхолларалла йовзар долало дахаран дуьххьарчу деношна т1ера.  «Хилар» санна, берийн кхолларалла шена т1е терго яхийтина XIX  б1ешерашкахь дуьйна, дукха хьолехь, «берийн  эшар» аларца. «Берийн  эшарш» ц1е йолуш арахецна П.А.Бесоновс шен хьалхара къаьстина берийн  фольклоран цхьанакхетар. [7, с. 20]. Оццу хенахь, Англехь, арахоьцу «Нана  Г1езан туьйранаш» ц1е йолу цхьанакхетар  (“MotherGooseRhymes”) [10, с. 176 —639]. Берийн кхолларалла тайп – тайпана ю шен жанрашца а, кхолла яларан  баханаца а. Къастайо кхаа тайпана берийн кхолларалла:  1. Баккхийчара берашна кхоьллина йолу кхолларалла; 2. Бераша кхоьллина йолу кхолларалла; 3. Бераша баккхийчеран кхоллараллера схьа эцна йолу кхолларалла.  Оха йинчу берийн кхоллараллин жанрин а, берийн кхоллараллин кепин а  дуьхь – дуьхьала йолчу анализа гойту оьрсийн, нохчийн, ингалсан  меттанашкахь кхоллараллин коьа тоба хилар, амма жанран д1ах1оттам  къаьсташ бу (хьажа таблица 1,2,3)  1­ ра таблица.                                Кхолларалла, баккхийчара берашна кхоьллина йолу Ингалсан мотт Оьрсийн мотт Нохчийн мотт Аганан иллеш Забаре дешнаш Цахилларш Чехкааларш  Ловзарш  2 –г1а таблица. + + + + + + + + + + + + + + +                   Бераша кхоьллина йолу кхолларалла Ингалсан мотт Оьрсийн мотт Нохчийн мотт Дагардарш Дог этIорш Кхерам тийсарш Садистийн  байташ + + ­ + + + + + + + + + 6 Юхадар – белам  (пароди) + + + 3­ г1а таблица.                                        Бераша баккхийчеран кхоллараллера схьа эцна йолу кхолларалла.  Ингалсан мотт Оьрсийн мотт Нохчийн мотт Заклички и  приговорки +  Туьйранаш  +  Х1етал – металш  +  Иллеш (хилларш) +  ­ Забаре дийцарш Забаре эшарш ­ + + + + + + + + + + + ­ Оьрсийн фольклоран башхаллин жанраш, ингалсан маттахь царех  цхьацца ерш яц. Амма, хила тарло, уьш оха теллинчу сборниканна юккъе ца  яхана ца хилар, я уьш билгал ца яьхна талламхоша. Нохчийн берийн  кхоллараллин жанран тайп – тайпаналла практически цхьанакхета оьрсийн  берийн кхоллараллица, амма, схьагарехь, доллачул хьалха, иза оьрсийн  маттера цхьаьцца йолу жанраш схьаэцар ду (х1етал – металш, иллеш  (хилларш), забаре дийцарш). Аса хьалха ма аллара, сан белхан 1алашо яра вовше гергара боцчукхаа  маттера берийн кхоллараллин произведенийн сюжетийн а, стилистикин а  дуьхь – дуьхьала х1оттийна анализ яр. Тхуна хетарехь, кхаа вовше гергара  доцчу къаьмнийн берийн кхолладалараллехь хила деза цхьаьцца вовше тера  долу аматаш, схьагарехь, адаман къамел  кхиаран муьрехь, цхьа башхалла  йолуш хилла. Берийн кхоллараллин массо а жанрашна юккъера схьакъастийра уггаре   шира форманаш6 пестушкаш, х1етал – металш, аганан иллеш. Берийн кхоллараллин анализ йина меттан системан масех барамийн. Фонетически анализ ярехь къастийна х1ара башхаллаш: массо а кхаа  меттан кхоллараллехь тидам бан таро ю байтан ши байт йолу барам  (двустопный размер стиха); оьрсийн маттахь изи дукха хьолахь  ­ ши байт  7 йолу ямб, ткъа ингалсан а, нохчийн а меттанашкахь къаста ца ло муьлхха а  цхьаъ байт х1отторан тайпа. Уггаре тидаме къаьста байт кхолларан структура аганан эшаршкахь,  схьахетарехь, мукъаман лардан(буханан) 1аткъам барца. Массо а кхаа маттахь пестушкашкахь  а, аганан иллешкахь а пайда оьцу дукха хьолахь божарийн а,  нийса йоцу рифмех. Нохчийн а, оьрсийн а, ингалсан а байт х1оттор, англосаксонски чухь  кхуьуш долу, нохчийн а, оьрсийн а байт х1оттор башхаллица юьстича, массо а  германан меттанашкахь санна байташ х1отторан тонически буха т1ехь, дуккха метрико – ритмикан вариаци хилар тардолуьйту. Оьрсийн а, нохчийн а  байташкахь магийтина байтийн барам ч1ог1а талхор. Хьетахь а, ингалсан  байташкахь иза иштта хила дезаш санна ду. Масала, байташкахь совнаха  дешдакъа я дешдакъош хилар ­ гиперметри: Theboughrocksthebird (now)  (къовларшна юккъехь дерг – совнаха дешдакъа).). Иштта нисло  липометрин  масалш—  байташкахь  оьшу дешдакъа я  дешдакъош ца тоар:  Yourhouseisonfire, Yourchildren(—) allgone  ( къовларшкахь билгалъяьккхина схемица т1е оьшу тохаран дешан дакъа хила  дезаш йолу меттиг). Ингалсан поэзехь кест – кеста магийтина долу хилар – ямб хорейна  ипостас: Shoe a little mare But let the little colt. Оьрсийн а, нохчийн байташ  хIотторехь наггахь болу хилам. Массо а кхаа меттанашкахь алссам хуьлу шалха рифмовка. Оьрсийн а,  нохчийн а меттанашкахь  х1етал – металшкахь иштта пайда оьцу божарийн а,  нийса йоцу рифмаш. Ингалсан маттахь дукхаха долу х1етал – металш  байтин  кепахь гайтина дац, уьш гайтина хаттаран кепехь. Морфологин локхаллехь къастийна рог1ера законехь ма – дарра дерг:  дукхаллин х1оттамехь къамелан дакъошна юккъехь совдолу ц1ердешнаш,  царна юккъехь берийн къамелехь тера аларш. Иштта анализ йина кхаа а  меттанашкара пестушкин, аганан иллийн, х1етал – металийн чулацамийн  анализ йина. Х1ора жанрехь  юкъ – юкъара схьаэцна 10 текст, амма, дагахь балам  хиларца, ингалсан 3 аганан эшарийн бен анализ ца йина. Анализан жам1аш  гайтина 4, 5, 6 таблицашкахь. Кхузахь вайна го ц1ердешнийн совдалар: 4­г1а таблица. 8 Кхаа меттанийн пестушкийн морфологин башхаллаш:   Ц1ерд ханд. Оьрсийн мотт Ингал сан мотт Нох чийн  мотт 90 43.7  % 59 30.7  % 78 44.1  % 3 20.9  % 34 17.7  % 38 21.5  % Деш т1аь хье 21 10.2  % 12 6.3 % _ хутту рг  7 3.4 % 10 5.3 % 4 2.3 % куцдо ш 6 2.9 % 25 13.1  % 16 9.0 % Ц1ер мет дош 20 9.7 % 20 10.4  % 2 1.1 % Артикл ь  ­­ 14 7.3 % _ Бил гал дош 7 3.4  % 14 7.3  % 25 14.1  % Да къал г      12 5.8  % 3 1.6  % 10 5.6  % Дерриге  а дешнаш: оьрсийн мотт —206; ингалсан мотт —192;  нохчийн мотт  —177.  5 – г1а таблица. Кхаа меттанийн аганан иллийн морфологин  башхаллаш Оьрсийн  мотт Ингалсан  мотт Нохчийн  мотт Ц1ерд . Хан дош. Куц дош. Билг . 101 71 1 39.3  % 71 26.5  % 62 45.6  % 27.6  % 71 26.5  % 47 34.6  % 0.4  % 12 4.5  % 3 2.2  % 14 5.4  % 17 6.3  % 14 10.3  % Ц1ер мет дош. 21 8.8  % 21 7.8  % 5 3.7  % Деш т1аь хье. 34 13.2  % 2 Хут тург Да къалг  Артикл ь 9 6 _ 3.5 % 2.3 % 12 7 28 0.7 % 4.5 % 2.6 % 10.4 % _ 1 2 _ 0.7 % 1.5 % Дерриге  а дешнаш: оьрсийн мотт —257; ингалсан мотт — 268;  нохчийн мотт  —136. 9 6­г1а таблица. Кхаа меттанийн х1етал – металийн морфологин  башхаллаш Ц1ер дош Хан дош Бил гал. Ц1ер мет. 32 17 7 34.0  % 28 45.9  % 13 18.1  % 7.4 % 4 6.6 % 5 6.9 % 18.1  % 6 9.8  % 15 20.8  % 6 6.4  % 10 16.4  % 8 11.1  % Деш т1аь хье 12 12.8  % 1 1.6  % 4 5.6  % Хут тург Да къалг Арти кль терахь дош. Айдар деш наш _ 2 3.3  % _ 1 9 10.6  % ­ 19.6  % 2 3.3 % 8 15 11.1  % 20.8  % ­ 4 _ 5 6.6 % 8 % 3 4.2 % ­ Оьр сийн  мотт Ингал сан  мотт Нох чийн  мотт Дерриге  а дешнаш: оьрсийн мотт —94; ингалсан мотт — 72;  нохчийн  мотт —61. Вайна гуш ду, далийначу масалшна юккъехь къаьсттина дукхахдерш  ц1ердешнаш а, хандешнаш а хилар. Цунах кхета мегар ду, схьахетарехь,  адаман къамел коллалучу хьалхарчу муьрехь, хандешнаш, ц1ердешнаш  цхьатерра дустарца. Х1етал – металийн текстийнн анализ ярца, оха гучуяьхна морфологин   рог1ера  башхаллаш: нохчийн тексташкахь б1аьрсинан хат1  кхуллуш долу   дешнаш сих­ сиха далор, ткъа оьрсийн а, ингалсан меттанашкахь уьш ца хилар. Х1етал – метал хаийла хьуна: б1у – у­у боху – буг1а яц, латта охку –  хьакха яц. Х1етал – метал хаийла хьуна: г1ав – г1ав, боху ц1ийнан хехо. Тропийн а, стилистически фигурех а пайдаэцарах хаархьама йина аса  сайн хьехархочуьнца текстийн анализ. 10 Йинчу анализа тидам т1ебохуьйту пестушкашкахь эпитеташ а,  метафораш  а дукха ца хиларна. Ткъа исбаьххьаллин эффект кхочушйо  параллельни конструкцийн а, юх – юха аларийн а г1оьнца: Оьрсийн мотт:  А в ножки ходунушки, А в ручки хватунушки, А в роток говорок, А в головку разумок… Ингалсан мотт:  Tickle ye, tickle ye in the hand. If you cry, you are a baby. If you laugh, you are a man. If you dance, you are a lady.  Масална далийначу дакъошкахь пайда оьцу синтаксически анафорах. Иштта   х1окху дакъошкахь пайда оьцу фигурех а, аьзнийн  кепех а, дукха хуттургаш  хиларх а — хуттург «а», «if» аллитераци — ­шк ­, ­жк­, ассонанс — аьзнаш   ­у­ и ­о­. Пестушкашна юккъехь вайна го градацин масалш:  Ячмень, ячмень, На тебе кукиш, Купи себе топорик, Сруби себе головку, Как маковку. 11 Гочдар: Б1аьрмециг, б1аьрмециг, Х1а, хьуна дули,  Эца хьайна диг, Баккха хьайн корта. Х1етал  ­ металийн текстийн анализ ечу хенахь, оха билгалъяьхна  рог1ера  башхаллаш:  нохчийн а, оьрсийн а, ингалсан а меттанашкахь тидам бан таро  хуьлу дукха метафорически х1етал – металш хиларан:   Нохчийн мотт: Х1етал – метал хаийла хьуна: туьнталга йисте хиъна можа хьоза? Х1етал – метал хаийла хьуна: ц1ен г1ожмашна т1е хевшина ц1ен котамаш? Оьрсийн мотт:  Протянулся мост на семь верст, А в конце моста — золотая верста. (Неделя) Ворх1 чакхарма д1алаьцна ду т1ай, Ткъа т1ай чекхдолучохь – дашо чакхарма. ( К1ира) Ингалсан мотт:  What is it that we often return but never borrow? (Thanks) Перевод: Что это: мы часто возвращаем, но никогда не занимаем? (Спасибо) Гочдар: Х1ун ю и: вай сих – сиха юхало, амма цкъа а юхалург ца оьцу. ( Баркалла) Иштта,  кхаа а меттанашкахь ,  йоккха тоба ю антитез х1етал – металийн: Нохчийн мотт: Х1етал – метал хаийла хьуна: бийца мотт а бац, амма хабар дуьйцу. (Книга). Х1етал – метал хаийла хьуна: вайн бедана т1ера цаца буьззина г1улгаш?  ( Стиглара седарчий). 12 Оьрсийн мотт:  Без рук, без ног, А ворота отворяет, И нас погоняет. (Ветер)  Гочдар: куьйгаш дац, когаш бац, амма ков схьадоьллу, вай а лоьхку. (Мох). Ингалсан мотт:  What is always in bed but never sleeps? (Ariver) Гочдар:  Х1ун ю даиманна  маьнги чохь а йолуш, цкъа а наб ца еш ериг? (Хи). Нохчийн маттахь тхуна карий аьзнех тардой хотту х1етал – металш, масала:   Х1етал – метал хаийла хьуна: б1у – у­у боху – буг1а яц, латта охку –  хьакха яц. Ткъа оьрсийн, ингалсан меттанашкахь  ца карий аьзнехь тардой олу  х1етал – металш.  Оьрсийн меттан х1етал – металшкахь   ша тайпа приём – палилоги  ( цхьана мог1анна т1аьхьа бог1учу мог1анехь, хьалхарчу мог1анера  т1аьххьара дош юха алар) хуьлу,  ткъа нохчийн а, ингалсан а меттанашкахь  иштта хилам ца хуьлу. Оьрсийн мотт:  Дуб, на дубе вяз, На вязе липа, На липе березка. (Сани) Ингалсан маттахь, дукха хьолехь, х1етал – металш хаттаран кепехь хуьлу:   What is black and white and pink all over? (Anembarrassedzebra) Гочдар: Что всегда белое, черное и розовое? (Смущенная зебра) Даиманна к1айн, 1аьржа, сирла – ц1ен хуьлуш ерг х1ун ю? 13 Оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь а ю х1етал – металийн и санна йолу кепаш :   Оьрсийн мотт: На какой вопрос нельзя ответить? (Ты спишь?) Муьлхачу хаттарна ца далало жоп? ( Хьо наб кхетта  вуй?) Нохчийн мотт: Х1етал – метал хаийла хьуна, къеначу стеган говр? Х1етал – метал хаийла хьуна, массо а х1уманан беркат дахьаш вог1у хьаша?   Аганан иллийн анализ йича, тхуна хааделира, кхузахь, къастаман   эпитеташ ( х1уманан башхалла билгалъяккхархьама т1етуху къастаман  дешнаш) дукха хилар: Нохчийн мотт:  сан жиманиг, сан жима кIорни. Оьрсийн мотт: маленький мой. Ингалсан мотт:  littlebaby—крохотный малыш. Оьрсийн аганан иллешкахь, дукха хьолахь,  бер кхерош мифически х1уманан  васт кхуллу: Баю – баюшки баю, Не ложися на краю,  Придет серенький волчок,  Тебя схватит за бочок,  И утащит во лесок. Ингалсан маттахь иза наггахь бен ца хуьлу. Ткъа нохчийн маттахь хиллане а ца хуьлу. Нохчийн меттан аганан  иллешкахь бер хьоьстуш ду: Дуьйшуш, г1оза дийшараш, Г1оттуш,  г1оза г1овтараш, Дийшалаш, дийшалаш, Кегий к1орнеш дийшалаш. Дала дахадойла шу, И долу г1а санна, 14 Дала дебадойла шу, Дийшалаш, кегий к1орнеш. Кхаа меттан тексташкахь пайда оьцу хьара санна йолчу тропех а,  стилистически фигурех а: дустар, васте дерзор, анафора, инверси,  параллельни  конструкциш.   Вовше гергара боцчу кхаа меттанашкахь  кхоллаеллачу берийн  кхоллараллин   фольклоран)  анализ йича, тхо даьхкира  х1окху   жам1е: анализ йинчу берийн  кхоллараллин кхаа жанрехь, шеко йоцуш,   кеп  а, стилистика а  вовше тера хилар. Иштта х1ара цхьатерралла ларамаза дац:  иза кхето мегар ду адаман къамел кхоллалучу  юьхьанцарчу муьрехь, кхоллараллин цхьайолу  кепаша 1алашдина шайн башхаллаш. Тхан гипотеза т1еч1аг1ъярхьама, берийн  кхоллараллин кхаа жанрин анализ яран жам1  хиларах ца тоьу, амма тхан болх барца  къастийра ша – тайпа йиллина тенденциш.  Кхин д1а тхан 1алашо ю, тхайна хетарг нийса  хилар – ца хилар талла таханлера берийн  кхоллараллин материала т1ехь – кхерам  тийсаршна, садистийн байташна, иштта царех тера йолчарна.  Тахана вайн ненан меттан вайн къомо мах лахара хадош санна хета суна. Дукхаха берш сан дешнашна реза ца хила тарло. Амма, соьга хаьттича, ца тоьу нохчийн мотт бийцарх, и беза беза. Дукхаха болчу да – наноша олу: «Нохчийн  мотт 1ама бан а, бийца а, хала  бу. Хьайн ойла гайта оьшуш долу дешнаш а ца  карадо.  ЕГЭ луш а яц вайн маттахь. Тхан берашна ца оьшу и к1орггера 1амо». Со а, сан хьехархо а, сан нийса накъостий а реза бац ишттачу дешнашна.  Шен ненан мотт безархьама х1унда оьшу ЕГЭ? Х1унда бу вайн ненан мотт  къен? Сан дог лозу и санна долу дешнаш хезча.  Мел хаза бу­кх сан нанас соьга буьйцу мотт! Мел хаза, дог хьостуш,  хезачуьнан самукъа доккхуш дека вайн ненан маттахь иллеш, байташ!  Оха ч1ог1а хазахетарца т1еийцира тахана вайн паччахьа  Кадыров Рамзана Ахматовича  боккха тидам т1ебахийтар вайн  ненан мотт,  ша хьалха хиллачу кепехь,  меттахьотторан. Мотт,  официально статус еллаболу, шеко йоцуш, вайн дахаран массо а  областашкахь оьшуш хир бу.  15 Цундела, уггар к1еззиг соьга а, сан нийсархошка далундерг, ницкъ ма  кхоччу ненан мотт 1амор а, цуьнан сий дар а, ларбар а, вайн шира дешнаш  словарашкахь лардар. Сайн болх берзо лаьа сунна дешнашца: «МОТТ БУ – КЪАМ ДУ, МОТТ БАЦ – КЪАМ ДАЦ!»  Ткъа сан а, сан накъостийн а декхар ду ненан мотт безар, ницкъ ма  кхоччу ненан маттахь туьйранаш, байташ, х1етал – металш, чехкааларш  дешар, уьш вовше дийцар. «Ненан маттах къахета эшац, цунах эхь хета деза…»  Дуьненчу кхуллушехьа шенна мотт белла Дала х1ора а къоманyа,цуьнан  шатайпаналлин уггар коьрта билгало а йина. Цундела и 1алашбан, кхион,  цуьнан сий дан декхарийлахь ву со а, сан нийсархойх  х1ора а.  Пусар де вай ненан меттан, тIаккха самабоккху цо халкъан синкхетам.  Дуьненна а вевзаш хиллачу Сулейманов Ахьмада ма­яздарра  «Иштта ду Дош!» стихотворенехь:  «Иштта ду Дош!  Турпалхочун Дарже воккхуш, айво цо, Шаьлтанчул кIорга чов йо  Чевнна хьовза бойту муо  Малхо санна, дашор ду цуо Башлам тIера шийла луо      Къонах гIаттош, кIилло вожош  Долчу Дашна меттиг луш».        Хаза дош а, ойла а, кхетам а ч1ог1а вовшех дозуш ду. Вешан ойла а,  дагахь дерг а вай дуьйцу маттаца. «Мотт – ойланан дег1 ду, ткъа ойла  меттан сурт ду». Шайн къоман, шайн ненан мотт бийца, деша а, яздан а ца  хууш болу нах шайн коьрте х1иттош къам хир дац дуьненахь. Вешан ненан  16 мотт боцург кхечу къаьмнийн меттанаш 1амадан г1ерта вай. Дала массо а  къомана бела шена – шена мотт. Оцу Везачу Дала вайн къоманна беллачу вешан ненан меттан пусар  х1унда ца до вай? Иза ларбан, кхио, хьоле бан х1унда ца г1ерта вай? Ткъа  ненан мотт д1абаьлча, къам д1а ма долу.  Пайдаэцна литература: 1. Азадовский М.К.  Оьрсийн фольклористикан истори/  Э.В. Померанцева ред. — М.: 1958. — с. 47—69 2. Азадовский М.К. Фольклорах а, литературах а статьяш. — М.:  «Госполитиздат», 1960. — 546 с. 17 3. Капица О.И. Берийн кхолларалла: эшаршаш, дог эт1о, материалан обзор яр. Эшарш, туьйранаш,  ловзарш. Таллар, вовшахтохар.— Л.: «Прибой», 1928 4. Панкеев И.А.  Оьрсийн къоман г1иллакхаш а,Обычаи и традиции  русского народа. — М.: 1999, с. 77—135 5. Нохчийн къоман кхолларалла. Грозный, «Книга», 1990 ш. 6. Чуковский К.И. Сочинени вовшахтохар, 15 т. Т. 2: —  Шинна т1ера  пхианна  т1е кхаччалц.  — М.: «Терра — Книжный клуб», 2001. — 363  с. 7. MotherGooseRhymes/ Нана г1езан байташ, сборник, х1от. Демурова  Н.М. — М.: 1988. — с. 176—639 18

Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
27.04.2017