Абатан урок

  • docx
  • 27.12.2025
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Мукъа элпаш е,Е.
Иконка файла материала Мукъа элпаш е,Е..docx

Чулацам : « Мукъа элпаш  е , Е ».                 

1алашо:   жима а , доккха а  элпаш  е, Е  довзийтар. Уьш   шаьш а  , дешдакъошкахь а  нийса деша  1амор,1аламехь безам кхиор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду  жима а , доккха а элпаш  е , Е . 1емар ду  уьш  довза а, нийса  деша а..

2.  Метапредметни:

·         Регулятивни: берашна 1емар ду  шайн белхан  план х1отто , цуьнан  рог1алла а  ларъеш , кхиамаш баха. Берашна  хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех  шайна хетарг д1аала, кхачамбацарш нисдан.

·         Коммуникативни:  берашна  1емар ду  хьехархочун  хаттаршна дуьззина  а , доца а жоьпаш дала. Хуур  ду  вовшашца г1иллакхехь дистхила , накъосташна  хетарг   лерамца  т1еэца. Шайна хетарг , масалашца т1еч1аг1дан.

·         Познавательни:  Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна хуур ду Е элпо шиъ аз билгалдар (Дешан  юьххьехь , мукъачу элпана т1ехьа нисделча).

 3. Личностни: берийн алсамбер бу дешаре лаам. Берийн лаам хир бу оьшучохь г1о-накъосталла дан. Берашна  1емар ду диканиг  довза  , шайн амалех и кхио.

         Урок  д1аяхьар.

1.     Маршалла  хаттар.

      Де дика хуьлда шун!

Хьовсал, бераш, корах ара,

     1алам вайн ма хаза ду.

Шу а ирсе лууш хила,

Стиглахь малх а боьлуш бу.

Хьоме бераш, вовшашка а хьажий, делалойша.

2. Дешаре  шовкъ  кхоллар.

             Х1етал-металш

Иза боьтту - шура ло,

Т1аккха шура шуна ло.

Цунах олург, дийцал аш,

Шуьгахь буй те иза 1аш?  (Етт)

-Маса элп ду? (Кхоъ).

-Ала ЕТТ? (Муьлха аз хеза дешан юьххьехь? (Й).

-Аз (Й) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

- Муьлханиг ду шолг1а аз? (Э).

-Аз (Э) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг ду кхоалг1а  аз? (т),

-Аз (т) мукъа ду я мукъаза ду?(Мукъаза ду).

-Муьлха  аз ду доьалг1а? (т).

-Аз (т) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Маса элп дара , масса аз хили дашехь? (Кхоъ элп , диъ аз ду).

-Х1унда ду диъ аз , кхоъ элп? (Берийн жоьпаш).

-Даладе масалаш элп Е хьалхахь долу дешнаш. (Ехк, етт, еха , еса).

-Элп Е дешан юьххьехь хилча масса аз еза? (Ши аз билгалдо)

(Иштта болх бо дешнаш т1ехь: самаелира,гучаелира)

-Кхин муьлхачу меттехь хилча билгалдо Е элпо ши аз?

(Мукъачу элпана  т1ехьа хилча).

-Х1ун 1амор ду  вай  тахана? (Берийн жоьпаш).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , х1ун хан ю х1инца? (гуьйре)

-Х1ун хийцамаш хуьлу гуьйрана?

- Г1арг1улеш,г1ург1езаш  хьанна  йоьвза?

1аламех лаьцна къамел кхиор

-Цхьацца  г1а  схьа а оьцуш, шаьш  бен болх  билгалбаккха. (Бераша шайн болх билгал а боккхуш , план х1оттайо). 

Аса  дуьйцучуьнга  дика ладуг1ур ду.

Аса хьехархочунна  жоьпаш лур ду.

Суна элп  девзар ду.

Аса накъостана  г1о дийр ду.

-Вай ,  тахана  1амор ду  элпаш е,Е;  ша –ша , дешдакъошкахь, дешнаш юккъахь а деша. Дуккха а дика г1уллакхаш  а дийр ду  вай.

4. Мукъа элп Е довзийтар.

-Корта шарбеш йолу х1ума х1ун ю? (Ехк).

·        Абатан 50 аг1он т1ехь болх бар.

·        а) сурт т1ехь йолу х1умнийн ц1ераш яхар(ехк,зезаг)

·        б) е элпан меттиг къастор

·        в) дешдекъош дешар ле-ел,ме-ем,се-ес,ре-ер,хе-ех,де-ед,

·             тидам бар: е мукъа элпана юххехь мукъаза элпаш муха олу.

·        г) сурт т1ехь болх бар

    -Сурт т1ехь берш мила ю ? Е элп долу ц1е тилла йо1ана(Седа)

    - Седа х1ун деш ю?  Седарийн цхьанакхетаран  х1ун ц1е ю?

5.  Сада1аран миноташ.

                            Оха когаш тухур бу.

                             Таккха куьйгаш тухур ду.

                             Б1аргаш сихха лелор ду.

                             Белаш метах йохур ю.

                             Иштта го а боккхур бу.

6.1амийнарг т1еч1аг1дар.

     Дешнаш дешар, маь1нех кхетор

7. Жам1 дар.

-Муьлха элп девзи шуна? (Тхуна девзи жима а , доккха а элпаш е,Е).

-Маса  аз билгалдо Е  элпо? Мичахь?(Аз (ЙЭ) юххехь,мукъа элпана т1ехьа билгалдо).

-Аз (.Е)  мукъа ду  я  мукъаза ду? (Мукъа ).

-Даладе масалаш элп Е  хьалхахь долуш.

- Муьлха олхазарш доьвзи шуна?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?


 

Посмотрите также