Чеченская литература

  • docx
  • 01.03.2026
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала Урок 6. Диканиг вониг.docx

                                                      Дешаран  урок  №

Терахь-

Хьехархо-

Тема: Библиотекехь. Х1ун ду «диканиг» а , «вониг» а.

1алашонаш:

Предметни:  Библиотекехь оьшу книгаш хилар хаийтар, библиотекехь  муха лела  веза хаийтар «диканиг» а , «вониг» а дешнех  нийса кхетам балар, шен дахарехь дикачух пайдаэца , вониг д1ататта  хаар кхиор.

Метопредметни;

·         Регулитивни: суьртех пайда а оьцуш  урокан 1алашонах кхетор, иза д1аала хаар кхиор;шен 1алашонца вистхилар кхиор.

·         Познавательни: «диканиг» а , «вониг» а дешнех нийса кхетам балар, шен дахарехь дикачух пайдаэца , вониг д1ататта  хаар кхиор.

·         Коммуникативни: дикачух , вочух шена зеделларг  дийца  хаар, шена  хетарг  масаллашца  т1еч1аг1дан  хаар.

Личностни; шен къоман г1иллакхаш а девзаш,кхечу къаьмнашца а г1иллакхашца а , динца а йоьзна йолу  юкъаметтигаш ларъян  хаар.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

2.Мативационни дакъа.

Г1иллакхе верг наха   лору,

Г1оза ваха цара олу.

Г1атта, ваг1ахь воккханиг-

Г1иллакх ма ду коьртаниг!

 

3.1алашо  йовзар.

-бераш  х1ун го  шуна суьрташ т1ехь? (Тхуна го  библиотекехь бераш. К1ант ву шен ц1ахь х1уманаш д1аса  а кхийсина 1аш, вукху суьрта т1ехь йоккхачу стагана меттиг  луш)

-Стенах лаьцна дуьйцур ду  вай урокехь? (Вай  дуьйцур   ду  библиотекех  лаьцна, ц1ахь  муха лела веза, арахь  муха  лела  веза)

-Бераш, вай тахана 1амор ду  библиотекехь  лела  бакъонаш, шен ц1ахь лело  дезарг, араваьлча лело дезарг.

3.Керла тема хьехар.

Сурт «Библиотекехь»

_Муьлш бу суьрта т1ехь? ( бераш)

_Уьш стенга баьхкина? Царна ц1ераш тахка.

-Х1ун  ю  библиотекехь?

-Х1ун деш ву Абу , Юсуп? (Книжка йоьшуш ву)

-Х1ун деш ю Яха? (Книга д1алуш ю)

-Ткъа  хьо  хиллий  библиотекехь?

-шуна  хаьий  библиотекехь  муха  лела  веза?

1.Чу меллаша ван веза.

2.Ша чувеача  маршалла хатта деза.

3.Шена луург чохь волчуьнга д1аала  деза.

4.Шен г1уллакх чекхдаьлча баркалла а аьлла, 1одика йина ,д1аваха  веза.

4.Сада1аран миноташ.

Жима Ваха г1отту

Мало йоцуш хьала.

Мел хан яьлла хотту

Т1аккха йо зарядка.

Цхьаъ,шиъ,кхоъ….

 

5.Сурт : Х1ун ду «диканиг» а , «вониг» а.

-Мила ву суьрта т1ехь?

-Цуьнан чохь долу хьал муха ду? (Цуьнан чохь д1асакхиссина х1уманаш ю, шен х1уманаш  ца карош  лелаш ву иза)

-Суьрта т1ехь гуш дерг  дика ду , я вон ду? Х1унда?

-Шун чохь хуьлий ишттаниг? Аша мича д1айохку  шайн   бедарш? Книгаш муха лелайо аша?

-Шайн чохь ц1ано йой аша?

-Х1ун ду суьрта т1ехь гуш дерг?

_Стенга воьдуш ву к1ант? (школе)

-Мила ели автобуса  чу? (йоккха стаг?)

-К1анта х1ун дин? (шен меттиг йоккхачу стагана д1абели)

-И дика ду , я вон ду?

6.Ловзвр : «Дика, вон»

-Бераш , аса диканиг аьлча аша куьйгаш тоха, вониг аьлча –когаш.

А)Воккха стаг вог1уш некъ бита беза.

Б)Воккхачу стагехь еза сумка ялахь т1ех ваьлла  д1аваха веза.

В) шен тетрадаш эт1о деза.

Г) Урокаш  1амо еза.

7.рефлекси.

-Бераш  ала пхиъ дика х1ума. Х1унда  хета хьуна уьш дика.

-Йийца библиотекехь муха лела веза.