Чеченская литература

  • docx
  • 01.03.2026
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала Урок 7. Стоьмаш, хасстоьмаш .docx

Дешаран урок

Урокан ц1е: Стоьмаш, Хасстоьмаш.

1алашонаш:

Предметни; стоьмаш, хасстоьмаш бовзийтар, уьш вовшехкъасто хаар кхиор, царо ло пайда  бовзийтар,  рицкъан пусар дан 1амор, терминех « стоьмаш, хасстоьмаш» нийса кхетам балар.

Метопредметни;

·        Рег1литивни:шайн  белхан  1алашо йовза хаар кхиор, шеен балхах лаьцна шена  кхиамаш боваза уьш д1абийца хаар кхиор,

·        Познавательни: «стоьмаш», «хасстоьмаш» дешнех кхетор, стоьмийн , хасстоьмийн башхаллаш  йовзар, церах болу  пайда бовзар.

·        Коммуникативни: шена хетарг  накъосташца д1ади1царца  къамеле вала къамел д1адахьа хааар  кхиор, хьехархочун хаттаршан жоьпаш дуьззина дала 1амор.

Личностни:1алам деза, довза цуьнан доладан лаам кхиор, шена могушаллина пайдениг ган , цуьнах пайдаэца 1амор.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

2.Мативационни дакъа.

Хьехархочо дешархой  боькъу  шина  тобане.Д1адоькъу  суьрташ стоьмийн хасстоьмийн.Хьехархочо т1едуьллу хьалхарчу  тобанна  схьагулбе  тускарчу  дитташ  техь хуьлу  х1умнаш, шолг1ачу  тобанна лаьттах хуьлу   х1умнмш.Хьалха  ваьлларг тоьлла  хуьлу.

-Муьлха  х1умнаш  гулъели  хьалхарчу  тобанан?

-Мичахь кхуьу уьш?

-Шолг1ачу?

-Мичахь  кхуьу  уьш?

3.1алашо йовзар.

-Х1ара  х1ун  ю?(1аж , хьач..)

-Х1ун  дийр  ду  вай царна?(Стоьмех лаьцна  дуьйцур ду)

-Х1орш  х1ун ю?(Копаста, наьрс….)

--Х1ун  дийр  ду  вай царна?(хасстоьмех лаьцна  дуьйцур ду)

-Бераш, вай тахана   1амор ду  стоьмех , хасстоьмех  лаьцна, шуна  хуур ду  х1ун  пайда  бохьур бу  цара.

4.Керла тема хьехар.

 

Сурт «Стоьмаш»

-Х1ара х1ун ю? (1аж)

_Шолг1аниг?(Кхор)

-Кхолг1аниг?(Банан)

-Йоьалг1аниг?(Хьечаш)

--Пхоьалг1аниг( (Камс)

-Алал х1ораммо  шайна гуш ерг,.

_Уьш мичахь кхуььу?(бешахь)

-Царах стоьмаш олу.

-Хьан буьйцур   бара аша стоьмаш.

4.Сада1аран миноташ.

5.Сурт «Хасстоьмаш»

-Гучудолу сурт «Хасстоьмаш»

-Х1ара х1ун ю? (наьрс)

-Шолг1аниг? (помидор)

-Кхоалг1аниг? (картол)

-Йоьалг1аниг?(Копаста)

-Пхоьалг1аниг? (Ж1онк)

-Йолхалг1аниг? (хох)

-Царех массарех хасстоьмаш олу.

-Уьш мичахь куьу? (хесахь)

-Уьш хесахь кхуьу дкла олу царах ахс-стоьмаш, хесахь хуьлу стоьмаш бохург ду иза.

-Шун бешахь буй хасстоьмаш?Стоьмаш?

-Нисса боху аша.Шолг1а ваша д1ахоьцу аса. Воккханг д1ахеца лаахь кхин хаттаршна жоьпаш ло. Резадуй шу?

-Стенна оьшу  стоьмаш ?Хасстоьмаш?

-Цара х1ун пайда ло? (Уьш могушаллина дика ю. Цаьрша хьуна оьшуш  долу витаминаш ду)

-Дика ду !эший аш со .Хьекъал долуш бераш ду шу.

7.Ловзар. «Стоьмаш, хасстоьмаш»

-бераш аша  мела дукх стоьмаш , хасстоьмаш дагалаца.

1.-Ловзвр иштта хир ду.Хьалаг1оттуш ала «сунна бевза  кхоъ стом», «сунна бевза  кхоъ хасстом»

2.Бахка стоьмаш ,хасстоьмаш.

3.Х1етал-металш.

8.Рефлекси.

-Хьан дуьйцур дара аша стоьмех лаьцна?

-1аж, кхор…-уьш стоьмаш бу.Уьш дитташ т1ехь кхуьу.Цаьрца шортта витаминаш ду .Уьш могушаллина пайде бу.

-Хасстоьмех лаьцна?

-Наьрс, копаста…..-уьш хасстоьмаш бу.Уьш хесахь хуьлу , Цундела олу  царах Хас-стоьмаш.Уьш могушаллина пайде бу.Цаьрца витаминаш ду.