Чеченская литература.

  • docx
  • 01.03.2026
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала Урок 10 Беснаш .docx

Урокан ц1е: Беснаш

1алашонаш:

Предметни: тайп-тайпана беснаш бовза хаар кхор, цхьа бос болу х1уманаш тобанашка  екъа 1амор.Хьехархочун  хаттаршна жоьпаш дала 1амор.

Метапредметни:

·        Регулитивни: шеен  белхан  план х1отто , цуьнан рог1алла  ларъян.Шена  жоьпана  оьшу  сурт  книги т1ехькаро хаар.

·        Познавательни: беснийн  башхаллаш йовзар, деснашна  юкаъара шена хетарг  схьахаржа  хаар

·        Коммуникативни:шена хезаш , гуш дериг, шена оьший хууш хиларах кхетор, цунах пайдаэца 1амор, шеен  накъосташца болх бан лаар кхиор, шеен накъостийн кхиамех самукъадалар кхиор, кхачамбацарш нисдан  лаам кхиор

Личностни:1аламе, дешаре  безам кхоллар.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

2.Мативационни дакъа.

Борз a, Iaxap а.

Шерачу ара бажа боьдучу 1ахарна дуьхьал борз кхийтира. — Де дика хуьлда хьан, Iaxap, — элира барзо.

— Диканца ехийла хьо а, борз, — аьлла, жоп делира Iaxapo.

— Хьо стенга боьду? — хаьтти-ра барзо.

— Ара бажа боьду-кх.

— Хьо баа ойла хилла-к сан, — элира барзо.

— Ой,   —  элира  Iaxapo,        с баа лууш хьо елахь, иштта стенн сихъелла хьо? Цкъа хьалха, соьца  хьекъалца  къовса.

-Дика ду, 1ахар . аса  ца бууш буьтур бу хь  нагахь сана хьна аса дела хаттарш хаахь.

-Дика ду ,Борз, со реза бу.Бераш , аша сунна г1о дийр дуй?

-Дийра ду.

3.1алашо йовзийтар.

-Х1орш  х1ун  ю?(Беснаш)

-Х1ун дийр  ду  вай царна?(Бовза  1амор ду)

-Х1орш  х1ун  ю?(Х1умнаш ю?

-Царна  х1ун дийр ду?( беснашка  йоькъур ю)

-бераш, вай тахана 1амор ду беснаш довза, цьана басахь йолу х1уманаш  тобанашка ерзо.Муьлхачу х1уманан муьлха бос бу хуур ду.

4.Керла тема хьехар.

Аг1о 24.

-суьрта т1е ховсий ала, муьлха беснаш девза  шуна.Муьлха  бос бу шуна уггар хаза хеташ берг.

-Бераш, Барзо вайна дуьххьар  хьалха  дела хаттар х1ара ду? Муьлха беснаш ду суьрта т1ехь?

-Муьлха бос бу хьалхарчу суьрта т1ехь? (Ц1ен)

-Массара гайтал   ц1ен бос.Ц1ен бос болуш х1ун хуьлу?

-Схьагайтал ц1ен  бос болу  х1умнаш.(Стоьлаш т1ехь  ю массо а  басехь  йолу х1умнаш)

-Вукху суьрта т1ера ц1ен бос болу х1уманаш схьайийца.

-Шолг1ачу суьрта т1ераниг муьлха бос бу? Можа)

-Схьагайтал можа бос болу  х1умнаш.

Кхоалг1ачу?(Сийна)

-Цуьнах олу бедо-сийна бос.Караел бедо-сийначу басахь х1умнаш)

-Доьалг1ачу? (сийна)

-Схьакарае сийна х1уманаш.

-Пхьоьалг1ачу?Йолхалг1ачу? Ворх1алг1ачу?Борх1алг1ачу?

-Цхаъ хии шуна, хуур ду-кха шуна  дисанарг  хаьаа , я ца хаьа.

5.Сада1аран миноташ.

6.Керла тема  кхин д1а а хьехар

Аг1о  25.

-Бераш , шолг1 вайна т1едиллинарг х1ара ду.Вайна хаа деза моммо а басан х1уманаш йовза.

-Алал, х1ун бос бу хорбазан?(ц1ен)

-Додаман? Чхьаьвриган?Ж1аьле нускалан?

-Схьайицал, суьрте хьосуш ц1ен бос болу х1уманаш.

--Алал, х1ун бос бу пастанан?(можа)

-К1орнин ? Лимонан?Хорсаман? Кхораман?бананан?

-Схьайицал, суьрте хьосуш можа бос болу х1уманаш.

---Алал, х1ун бос бу наьрсан?(баьццара)

-Кхоьийн?Копастанан?Цаьпцалган?Пхьидан?

-Схьайицал, суьрте хьосуш баьццара бос болу х1уманаш.

----Алал, х1ун бос бузезагин?(сийна)

-Ведаран? Аьшкалан? Хечен?

 -Схьайицал, суьрте хьосуш сийна бос болу х1уманаш.

-Нийса ду хии  шуну , аса д1ахоьцу  шун доттаг1 1ахар.Ч1ог1а дукха безаш хила шуна иза.Бита шайна.Сом д1айоьду.Доттаг1ий боцу  1ахарий лаха.

-Бераш пайде дуй доттаг1ий хилар?

-Дийцл, муьлхачу беснашна дац кху  книги т1ехь суьрташ?(1аьржа)

-шайн конверташ чура  суьрташна юкъахь карае 1аьржа бос болу х1уманаш.

-карае боьмашашаш.

-карае мокханаш

8.Рефлекси.

Урок чекхйоккху г1оьналлин дешнашца:

Суна хии…..

Со кхийти….

-Суна хазахийти……