Хь. Хасаев "Бен". Конспект урока по чеченской литературе

  • docx
  • 05.02.2024
Публикация в СМИ для учителей

Публикация в СМИ для учителей

Бесплатное участие. Свидетельство СМИ сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала Урок 18. Бен . хХь. Хасаев..docx

17.10.16 Аткаева.А.М.

                                                               «Бен» Хь .Хасаев.

1алашо:Хь. Хасаевн дийцар «Бен» довзийтар ; нийса а ,шера а дийцаран тексташ еша  1амор. Даймахке  а , 1аламе е безам кхоллар. Ойлаяр ,хьекъал , къамел кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду цхьана эшарехь меллаша ешарна т1ера  ч1ог1а ешаре е боьрзуш дийцаран тексташ еша.Берашна хуур ду предложении чаккхенгахь  соцунг1а  яр ца билгалъяккха.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болхталлар.

Бераша схьайуьйцу Р. Ахматован «Эвлахь» ц1е йолчу стихотворенин кийсак,

2. 1алашо йовзийтар , план х1оттор.

-Д1аелла учебникан 28 –г1а  аг1о. Муьлха дийцар ду вайна тахана 1амо билгалдаьккхина? («Бен»)

-Мила вуцуьнан автор? (Хь. Хасаев)

-Муьлха болх д1ахьур бу вай  и дийцар дика 1амийта? Х1оттае план.

-Вайна тахна девзарду Хь Хасаевн дийцар «Бен». Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а  дийцаран тексташ еша.Вайна 1емар ду дийцаран план х1отто, цу планан  рог1алла а ларъеш дийцар схьадийца.

3.Керла тема хьехар.

а) Кицанаш таллар.

Даймахках   стаг-хих хаьдда ч1ара бу.

-Муха кхета шу цу кицанах?

Къастаде жоп:

·        Хих хаьдча ч1ара ле ,даймахках ваьлла стаг ле.

·        Шен хи чохь ч1ара хино хьоьстуш ,ловзош лелабо. Стаг шен

Даймахкахь оьшуш , везаш хьоьстуш лела во.Даймахках къаьстича стаг х1аллак хуьлу.

аь) Хьехархочо д1адоьшу Хь.Хасаевн «Бен» ц1е йолу дийцар.

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема кхинд1а а таллар.

а) Бераша цхьана эшарехь меллаша д1адоьшу дийцар.

аь) Бераша цхьана эшарехь ч1ог1а д1адоьшу дийцар.

б) Бераша з1енаца д1адоьшу дийцар.

в) Чулацамах кхетор.

-Мила  ву дийцаран  турпалхо ? (1усман)

-Х1ун де шву 1усман?( Мангал хьокхуш)

-Ц1еххьана цунна х1ун гира? (Т1емаш а детташ  олхазар д1адодуш)

-И х1ун яра? (Иза  бад яра)

-Х1ун карийра 1усманна б1ад д1аяхначул т1аьхьа? (Бен карийра ,чохь х1оаш долуш)

-Х1ун дира 1усмана? (бена гонахара къаж 1адйитира)

-Х1унда юхаеара бад? (1усмана шен бен цабохабой хиъча ц1а еара бад)

-Стенга воьдура 1усман к1ира даьллачул т1аьхьа? (1усман хуьнах воьдуш вара)

-Цунна х1ун гира? (Бадшен к1орнешца йоьдуш гира)

-Х1ун элира цо бедана? (Млгуш-маьрша кхуьийла шу!)

-Муха стагву 1усман ? (Дика)

-Х1унда? (Цо бедан бен ца бохийна, гонахара йол цахьакхна)

-Цо гонахара йолхьаькхнехь х1ун хир дара бедана? (Экхана карор бара бен, цо  х1аллакхбийр бара бедан доьзал)

-Аша дийрдари 1усмана санна дика х1ума?

г) Дийцар схьдийца кечам бар

План х1оттор.

-Д1адеша хьалхара дакъа.Стенах лаьцна дуиза? (1усмана мангал хьакхарх)

-Х1ун ц1е туьллар яра аша цунна? (Мангал хьакхар)

-Схьадийца мангал хьакхархлаций.

-Д1аеша  шолг1а  абзац. Стенах лаьцна ю иза?(Бад карорах)

-Х1ун ц1е туьллар яра аша цунна? (Бен карор)

-Схьадийца и дакъа.

-Д1адеша кхоалг1а  абзац. Стенах лаьцна ю иза? (Бад юха ярах)

-Х1ун ц1е туьллар яра аша цу декъана? (Бад ц1е  еана)

-Схьадийца и дакъа.

-Д1аеша т1аьххьра абзац. Стенах лаьцна ю иза? (Бедан доьзалах лаьцна)

-Х1ун ц1е туьллар яра аша? (бедан доьзал)

-Схьадийца и дакъа.

-Х1ун элира 1учмана?.

-1усманах ала мегар дуй иза Даймахк 1алашбеш ву? Х1унда? (Даймохк иза вай  1аламна т1ера д1а бу, 1алам лардийриг-Даймохк ларбеш ву)

-Схьадийца дийцар дуьззина.

6. Рефлекси.

-Х1ун керланиг хии шуна тахана?

7. Жам1 дар.

-Муьлха дийцар девзира шуна?

-Мила ву цуьнан автор?

-Стенах лаьцна ду и дийцар?

7. Ц1ахь бан болх балар.

Хь .Хасаевн «Бен» дийцар схьадийца кечам бе.