85-г1а урок
Урокан ц1е: «Мукъа элп Яя , аьзнаш (Й), (А)».
1алашо:мукъа элп Яя довзийтар ,цо шиъ аз билгалдар д1акхачор (Й), (А). Элп Яя дешан юьххьехь, юккъехь, чаккхенгахь деша 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна девзар ду мукъа элп Яя, цо билгалдеш долу аьзнаш (Й), (А) девзар ду. 1емар ду элп Яя дешан юьххьехь , юккъехь , чаккхенгахь деша.
2. Метапредметни:
· Регулятивни: берашна 1емар ду учебника т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш , шайн белхан план х1отто. Планан рог1алла а ларъеш шайн болх д1абахьа а 1емар ду берашна. Берашна хуур ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.
· Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду вовшашца къамеле бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду шайна хеттарг д1аала, шайн накъоста дуьйцучунга ладог1а, кхета. Берашна 1емар ду шайна оьшург вовшашка а , хьехархочуьнга а хатта.
· Познавательни: берашна хуур ду мукъа элпаш шалха хилар. Берашна хуур ду Яя элпо шиъ аз билгалдаран башхаллаш (дешан юьххьехь, мукъачу элпана т1ехьа нисделча ). Берашна хуур ду дийцаран ц1еран тидам барца , цуьнан чулацамах дерг ала. Берийн алсамдер ду дешнаш довзар.Берийн кхуьур ду тидаме хилар , ойлаяр.
3. Личностни: берийн безам 1аламе безам кхоллалур бу. 1алам довза,цуьнан доладан лаам хир бу. Берашна 1емар ду дийцинчунна юкъара пайдениг шайн амалехь кхио, вониг д1ататта.
Урок д1аяхьар.
1 .Маршалла хаттар.
-Де дика хуьлда шун, бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2. Дешаре шовкъ кхоллар
-Муьлха элп ду совнаха? (Хьехархочо уьн т1е х1иттадо карточкаш.
Е, Ю, ЮЬ, Я, ЯЬ
-Муьлханиг ду совнаха? (Элп Яя, Яьяь).
-Х1унда ? (Дисина элпаш вай 1амийна, элпаш Я я , Яьяь ца 1амийна).
-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).
· Х1етал-металш.
Х1етал-метал хаьийла шуна:
Пеша т1ехь со хуьлу,
Юург кеч а йо.
Беха т1ама хуьлу,
Куьг ца дагадо. (Ялг1у)
Хьоьхуш вац, доьшуш вац, виллина йоза яздеш ву? (Яздархо)
Лекха ю уьш - дитташ дац,
Баьццара а ю - нитташ бац? (Яраш)
Горга ю уьш, к1айн а ю,
Коьртан куьзганаш уьш ду? (Яххьаш)
Пеш а, трактор латайо,
Юкъ я к1ур хуьлий, д1айов? (Ягориг)
-Х1ун ю уьш? (Яраш, яххьаш,ялг1у, ягориг).
-Х1ун ду церан юкъара? (Юьххьехь ду элп (Я).
3 . 1алашо йовзийтар.
-Д1аелла абатан 113-г1а аг1о. Аг1он т1ехь балийначу г1ирсан тидам бе. План х1отта е шайн белхан.
Суна девзар ду…
Суна 1емар ду…
Суна хуур ду…
Ас дийр ду….
-Вайна тахана девзар ду мукъа элп Яя , цо билгалден аьзнаш (Й), (А) . Шуна хуур ду иза дешан юьххьехь , юккъехь, чаккъенгахь деша. Вай 1амор ду дийцар деша , суьртан г1оьнца жима дийцар х1отто.
4. Мукъа элп Яя , аьзнаш (Й), (А) довзийтар.
· Суьрташца болх бар. Дешан юьххьехь Яя элпо билгалдо ши аз (Й), (А) довзийтар.
-Х1ун ю х1ара? (Ялг1у).
-Алал ЙЙАЛГ1У . Муьлха аз хеза дешан юьххьехь? (Аз (Й)).
-Алал ЙЙЙ. Аз (Й) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду).
-Аз (Й) зевне ду я къора ду? (Зевне).
- Алал ЙААЛГ1У . Муьлханиг ду шолг1а аз?(Аз (А) ду).
-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа ду).
-Азнаш (Й), (А) билгалдо Яя элпаца дешан юьххьехь хилча.
- ЙАЛЛГ1У дашехь муьлханиг ду кхоалг1а аз? (Л)
- ЙАЛГ1Г1У дашехь муьлханиг ду доьалг1а аз? (Г1).
-ЙАЛГ1УУ дашехь муьлханиг ду пхоьалг1а аз? (У).
-Маса аз ду ЯЛГ1У дашехь? (Пхиъ ду).
-Маса элп ду ? (Уьн т1е д1аяздой дагардойту элпаш). (Диъ ду).
-Х1унда ду ЯЛГ1У дашехь пхиъ аз , диъ элп? (Берийн жоьпаш).
-ЯЛГ1У дашехь пхиъ аз , диъ элп ду. Я элпо шиъ аз билгалдо дешна юьххьехь хилча).
-Кхин муьлхачу элпаша до шиъ аз билгалдо?
· Элп Яя довзийтар.
-Х1ара зорбанан доккха элп Я ду , х1ара зорбанан жима элп я ду. И ши элп цхьатера ду я тайп-тайпана ду?
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Мукъа элп Яя. Аьзнаш (Й), (А).
· Яя элпах лаьцна байт 1амор.
—Ялг1у дахьаш йола схььа
Яхига нанас кхойкху д1а.
-Муьлхачу дешнашкахь ду элп Я? (Ялг1у , яхига).
-Мича меттехь ду элп Я оцу дешнашкахь? (Юьххьехь).
-Муьлха аьзнаш билгалдо Я элпо дашна юьххьехь хилча? (Й,А).
5. Дешнаш дешар.
· Уьн т1ера д1адоьшу дешнаш.
-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш. Х1ун ю ЯЬХЬ?
-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду ЯЛТА дешан ? (Шиъ ду).
-Муьлханиг ду хьалхара? (ЯЛ).
-Шолг1аниг? (ТА).
-Д1адеша кхоалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду ЯЛСАМАНИ дешан? (Диъ).
-Муьлханиг ду хьалхара? (ЯЛ).
-Шолг1аниг? (СА).
-Кхоалг1аниг? (МА).
-Доьалг1аниг? (НИ).
-Мила ву ЯЗДАРХО? (Берийн жоьпаш).
-Муьлха дешнаш яздина даккхийчу элпашца ? Х1унда яздина и дешнаш даккхийчу элпашца? (Уьш адамийн ц1ераш ю. Адамийн ц1ераш даккхийчу элпашца язйо).
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Абатан 113-г1а аг1он т1ера д1адоьшу дешнаш.
· Суна 1еми дешнаш деша.
· Кхоллараллин болх.
-Массара язде зорбанан доккха а , жима а элп Яя . Дилла цунна дог1у сурт.
7. Сада1аран миноташ.
Зезаг долу-уш самадели,
Тохадели, меттахдели.
Мохо патарш лестадо,
Г1ийла зезаг техкадо.
Малх схьакхийти, айбели,
Бода лоллуш, серло ели.
Полла г1оттуш, т1емабели,
Т1емаш лестош, лакхабели.
(Байташт1ехь дуьйцург кхочушдо бераша: голаш т1е хевшина 1а,кортош охьа а дахийтина, б1аьргаш хьекхош, самадовлу, меттахъхьоь, зезаг санна, леста, техка и. д1. кх.)
8. Барта къамел кхиор.
· Дийцар х1оттор.
-Х1ун ю суьрта т1ехь гуш ерг? (Ялтийн аре).
-Х1ун кхуьу цу т1ехь? (Ялта кхиъна ялтийн арахь).
-Стенца хьокху ялта? (Ялта хьокху комбайнашца).
-Стенца д1акхоьхьу ялта? (Ялта д1акхоьхьу машенашца).
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дийцар х1отто.
9. Предложенеш ешар.
· Массара цхьана ешар.
· Шайн дагахь ешар.
· З1енаца ешар.
-Д1аеша хьалхара предложени . Х1ун боху цу т1ехь?
-Д1аеша шолг1а предложени. Х1ун боху цу т1ехь?
-Д1аеша кхоалг1а предложени . Х1ун боху цу т1ехь?
-Д1аеша йоьалг1а предложени . Х1ун боху цу т1ехь?
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Тхуна 1еми предложенеш еша.
10. Жам1 дар.
Чакхъяккха сан ойла:
-Элп Яя мукъа ду.
Яя элпо шиъ аз билгалдо дешнаш юьххьехь, уьш ду ….
Царех цхьаъ ду мукъаза . И ду аз …(Й).
Шолг1аниг ду мукъа аз. И ду…(А).
11. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.