Нохчийн литература
Тема: стихотворени «Г1арг1улеш» Д.Кагерманов.
1алашо: Д. Кагермановн «Г1арг1улеш» ц1е йолу стихотворени йовзийтар ; нийса а , кхеташ а , шера а стихотворни тексташ еша 1амор .Оцлаяр , тидаме хилар кхиор. 1аламе безам кхоллар.
Билгалбаьхна кхиамаш : дерашна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а стихотворни тексташ еша ; берашна 1емар ду меллаша ешарна т1ера ч1ог1а а бовлуш еша . Берашна хуур ду стихотворни текстан башхалла йовза.
1. Ц1ера болх таллар.
Бераша д1адоьшу Хь. Хасаевн «Гуьйре т1екхочуш» ц1е йолу дийцар.
2. Мотт шарбар
Д1акхайкхира шайга Адам
Йистхилира цуьнга Падам:
«Д1а а кхаллий х1ара ц1азам,
Г1абакхаш д1аехьа , Адам»
Ас дохур ду гунаш самса,
Ц1азам белахь багахь саца.
Иштта йийча уьш сов мерза
Хуьлу бохуш сунна хезна.
(Ш. Хасаров.)
-Д1аеша меллаша дешдакъошца цхьана массара.
-Д1аеша ч1ога цхьана.
-Д1аеша чехка массара цхьана.
-Муьлха ц1ердешнаш ду стихотворении юкъахь ? (Адам , Падам , ц1азам, г1абакх)
-Шина тобане декъа уьш. Муьлха дешнаш далийна хьалхарчу тобане ? ( Адам , Падам)
-Шолг1ачу ? (Ц1азам, г1абакх )
-Муьлха чу билгалонашца дийкъира аша уьш ? ( Долара , юкъара)
3. 1алашо йовзийтар.
-Муьлха произведении евзар ю вайна тахана ? (Г1арг1улеш)
-Мила ву цуьнан автор? ( Д. Кагерманов)
-Муьлха кхиамаш бохур бу аша произведении толлуш?
( Бераша шайна план х1оттайо)
3. КЕрла тема хьехар.
а) Хьехархочо д1айоьшу Д. Кагермановн «Г1арг1улеш»
аь) Чулацамах къамел балар.
4. Сада1аран миноташ.
5. Керла тема кхин д1а а хьехар.
а) Бераша д1айоьшу стихотворении « Г1арг1улеш»
Меллаша цхьанаэшарехь д1аеша стихотворен.
Ч1ог1а цхьанаэшарехь д1аеша стихотворен.
Кхетош д1аеша стихотворении.
аь) Чулацамах къамел дар.
-Х1ун ц1е туьллур яра ахьа стихотворенина ?
-Шеран муьлха зама ю стихотворенит1ехь ялийна ? (Гуьйре)
-Д1адеша хьалхара дакъ.Гуьйренан муьлха билгалонаш ялийна цу мог1анаш т1ехь ?(Г1арг1улеш д1айоьлху)
-Д1адеша шолг1а дакъа.Муьлха билга лонаш ялийна цу юкъахь? (Ч1ег1ардигаш д1адахана )
-Д1адеша т1аьххьра дакъа. Муьлха билгалонаш ю цу юкъахь? (Полларчий а дац гуш)
-Кхин х1ун хийцамаш бевза шуна гуьйренан 1аламехь ? ( берийн жоьпаш)
б) Суьрташ дахкар.
( Бераша суьрташ дохку гуьйренан 1аламах лаьцна)
6. Рефлекси.
7. Жам1 дар.
-Муьлха произведениевзира шуна?
-Мила ву цуьнан автор?
-Кхин муьлха произведении йийшира вай Д.Кагермановн?
8.Ц1ахь бан болх балар.
Д.Кагермановн « Г1арг1улеш» дагахь 1амор.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.