Нохчийн литература
Тема: стихотворен « Гуьйре» Х. Эдилов. ( Аг1о 16)
1алашо : Х. Эдиловн дахар , кхолларалла, стихотворени « Гуьйре» йовзийтар . Нийса а , кхеташ а , шера а стихотворни тексташ еша 1амор. Ойлаяр , тидам бар кхиор. 1аламе безам кхоллар.
Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду къастош яздархочун дог-ойла а гойтуш д1аеша стихотворни тексташ ; берашна хуур ду текста юкъара цхьацца аларш талла ; берашна 1емар ду рифмаш каро.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болхталлар.
Бераша д1адоьшу «Комаьрша хьун» Хь. Хасаевн дийцар.
Бераша схьагойту хьуьнана стоьмийн суьрташ.
2. Мотт шарбар.
Ч1оп- ч1оп- ч1оп
Хьуьнах дека хеза ч1об
Тхо и даха дахара чиркх а латийна:
Кулла к1ел а , дитта т1е а
Лоьхуш ч1об тхо хьийсира.
Мичахь лечкъа Ч1оп-ч1оп –ч1оп,
Гучудала сиха ч1об.
-Д1аеша меллаша цхьанаэшарехь.
-Д1аеша чехка цхьаний массара.
-Д1аеша кхетар гойтуш.
3. 1алашо йовзийтар.
-Муьлха произведении йоьшур ю вай тахана? (Гуьйре)
-Мила ву цуьнана автор? ( Х. Эдилов)
-План х1оттае белхан.
1. Суна евзар ю стихоттворени…
2.Суна 1емар ду и нийса а , кхеташ а …
3.Суна хуур ду…
-Бераш , вайна тахана тахана евзар ю Х.Эдиловс язйина « Гуьйре» ц1е йолу стихотворении.Шуна девзар ду Х. Эдиловн дахар кхолларалла. Шуна 1емар ду нийса а , кхеташ а стихотворни тексташ еша.
4. Керла тема хьехар.
а) Яздархочух дош. (Юххедиллар)
Эдилов Хасмохьмад нохчийн поэтийн шолгIачу тIаьхьенна юкъавогIу. Иза ду Х.Эдилов, ХХ-чу б1ешеран 30-гIa шераш чекхдовлуш, шовзткъалгIа шераш дуьйлалуш яздан буьйлабеллачу поэтийн хенара стаг ву, бохург.
Иза вина 1922-чу шарахь Нохчийчохь йолчу ВаларгтIехь.
Поэта ша ма-баххара, поэзехь хьалхара дош ала гIоьртира иза 1937-чу шарахь. Хьехархойн техникум чекхйоккхуш волчу кхиазхочун ненан матте а, оьрсийн классически поэзига а (къаьсттина М.Ю.Лермонтовн, А.С.Пушкинан кхолларалле) бахана безам чIагIбелла, и безам поэзин могIанашка боьрзу хан яра иза. Кхуьуш вогIучу къоначу стеган дагах поэзин хьалхара суй боьллера. Цигара схьаболабо цо шен «поэтан хала некъ» лахар, и некъ шарбар, шорбар. |
Къоначу поэтана, доккха гIо хилла дIахIоьттира халкъан барта кхоллараллин дош, нохчийн поэтийн Бадуев СаьIидан, Мамакаев Мохьмадан поэзин зеделларг а. Къаьсттина бовхачу безамца йоккхура Эдиловс Мамакаев Iарбин цIе. «Хьох суй боллу. Цунах цIе латталц къахьега деза хьан. Юха ма валалахь», – Iарбин и дешнаш лорура цо дукхахьолахь шена поэзин ницкъ белларг.
аь) Хьехархочо кхетош д1айоьшу Х. Эдиловн стихотворении « Гуьйре»
б) Дошам
Ковра – мархийн цхьа дакъа.
Ткъаршъяьлла- хатт болуш.
5. Сада1аран миноташ.
6. Керла тема кхин д1а а хьехар.
а) Бераша цхьанаэшарехь д1айоьшу стихотворении.
аь) Бераша ч1ог1а д1айоьшу стихотворении.
б) Чулацамах кхетам балар.
- Шеран муьлха зама ю стихотворении т1ехь ялийнарг? (Гуьйре)
-Муха дог-ойла кхоллалло стихотворени ешча? (Сингаттаме хуьлу)
-Муха кхета шу «Макхъелла , язъелла гуьйре» бохучух? (Денош кхоьлина ду , бодане , сингаттаме ду)
-Муха кхета шу « Муьста суьйре» бохучух? (Арахь хата а баьлла , шийла ю)
-Муха кхета шу « Къежъелла гуьйре» бохучух? (Гурахь т1аьхьо 1уьйренца йиллина к1ац хуьлу , цундела олу къежъелла)
- Муха кхета шу « Дахаран яц соцуш г1овг1а» бохучух ? ( Адамийн угар а т1ахъаьлла хьийза МУР бу гуьйре. Гурахь чудерадо ялташ, цундела олу дахаран г1овг1а соцуш яц)
-Юха а д1аеша стихотворении.л
-Муьлха дешнаш ду хьалхарчу декъехь аларехь цьатера ? (Гуьйре , суьйре)
--Муьлха дешнаш ду шолг1ачу декъехь аларехь цьатера ? (Гуьйре , 1уьйре)
-Муьлха дешнаш ду кхоалг1ачу декъехь аларехь цьатера ? (Къовкъа , г1овг1а)
-Царах х1ун олу ? ( Рифмаш)
7.Рефлекси.
-Хун дара шун планаца дан билгадаьккхина ?
-Х1ун дан ницкъ кхечи шун ? Х1ун диси данза ? Гуттара а дика болх хьан бира?
8.Жам1 дар.
-Муьлха произведении йийшира вай ?
-Мила ву цуьнан автор?
9.Ц1ахь бан болх балар.
Стихотворени « Гуьйре» дагахь 1амо.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.