Нохчийн литература
Тема: « Сан даймохк» (Аг1о25-26)
1алашо: дийцар «Сан Даймохк» довзийтар ; нийса а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор ; Ойлаяр , тидам бар кхиор. Даймахке безам кхоллар.
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур учебникан керла дакъа довза ; берашна хуур ду гергарчу хьесапехь цу декъехь шайн кхиамаш бовза , декъана план х1отто. Берашна 1емар ду нийса , шера дийцаран тексташ еша.
Урок д1аяхьар.
· Ц1ера болх таллар.
-Бераша схьайуьйцу Э. Мамакаевн «Гуьйренан суьрташ» стихотворени.
2. Учебникан керла дакъа довзийтар.
а) Хьехархочо З. Сергановас язйина «Даймохк» д1айоьшу байт.
Де дине мел долу
Хьо хазлуш лаьтта.
Ма ирсе ю-кха со,
Дай баьхна латта!
Хьан турпал хиларо
Дог ловзадоху,
Хьан лаьмнийн хазалло
Б1аьрг серлабоху.
Хьан дайша лардинчу
Г1иллакхо хьоьху.
Сан даг чохь хьо цхьаъ бу,
Кхиниг ца оьшу.
-Стенах лаьцна б байт ? (Даймахках)
-Х1ун ю Даймохк? (Берийн жоьпаш)
-Муьлханиг бу шун Даймохк ? ( Нохчийчоь)
-Муха хета яздархочунна шен Даймохк? ( Иза ваккхийвуь Даймахках)
-Муьлха дог- ойла цуьнан ? ( Иза самукъане ю ша кху махкахь йина , кхиъна)
-Шуна безий шайн Даймохк ? Х1ун хаьа шуна шайн Даймахках лаьцна?
-Д1аделла учебникан 25 – г1а дакъа.
Д1аеша вай долш долчу декъан ц1е ? (1алам лардар- иза Даймохк ларбар ду»)
-Стенах лаьцна хир ду и дакъа ? (Даймахках , 1аламах)
-Хьан аьлла и дешнаш ? ( М. Пришвина)
-Мила в М. Пришвин?
-Муьлха произведенеш 1амор ю вай и дакъа толлуш?
« Сан Даймохк» , «Эвлахь» Р. Ахматова, « Бен» Хь. Хасаев, « Асвадан адамалла» Хь. Саракаев , « Экскурси» 1 . Гайсултанов, «Бохам» Хь. Хасаев.
-Х1ун кхиамаш хир бу вайн цу декъехь?
· Вайна девзвр ду Даймахках , 1аламах лаьцна произведенеш.
· Вайна бевзар бу керла яздархой.
· Вайна 1емар ду Даймехкан 1алам довза , цуьнан хазалла ган.
· Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а стихотворни а , дийцаран тексташ еша.
3.Урокан 1алашо йовзийтар , план х1оттор.
-Муьлха дийцар девзар ду вайна тахана ? (Сан Даймохк»)
-Мила ву цуьнан автор? (М. Пришвин)
-И толлуш х1ун кхиамаш хир ба вайн ?
· Суна девзар ду керала дийцар..
· Суна хуур ду Даймехкан хазалла ган
· Суна хуур ду нийса а , шера а дийцаран тексташ еша.
-Вайна девзар ду керла дийцар, 1емар ду и дийцар шера кхеташ деша. Вай 1емар ду чулацамах лаьцна хетарг ала.
3. Керла тема хьехар.
а) Хьехархочо д1адоьшу «Сан Даймохк» ц1е йолу дийцар.
аь) Дошам
Г1аймакх- марха шура ц1иййича т1ехула лацалуш йолу.
4.Сада1аран миноташ.
Х1уттут
Хьехархочо цхьа дешархо г1анта охьахааво: иза х1уттут хир ю.
Хьуьнах екаш х1утту ю.
Х1уттут, х1уттут, жима х1уттут.
Бераш дагардан ма xlyттy: -
Х1уттут, xlyттут, - боху цо.
Ялх шо цо дагар ма до.
Юха т1емайолий, йоьду,
Кхечу диттана т1ейоьду.
Х1уттут, х1уттут - хаза корта,
Гаьн т1е хиъна иза 1а,
Корта хьийзош д1а а, схьа,
Массо aгlop хьажа г1ерта.
Т1емаш тухий, ц1еххьана
Къайлайолу и ханна.
(Бераш х1угтутана гонах хьийза. Х1уттуто шен хаза корта гой-
ту, д1ай-схьай хьийзабо, цхьана г1анта т1ера вукху г1анта хуу,
х1уттут бохуш, бераш дагардо
5.Керла тема кхин д1а ахьехар.
а) Бераша цхьанаэшарехь ч1ог1а д1адоьшу дийцар «Сан Даймохк»
аь) Бераша цхьанаэшарехь меллаша д1адоьшу дийцар.
б) Чулацамах къамел дар.
-Хьенан ц1арах язйина ю х1ара произведени? (Яздархочун ц1арах язйина ю)
-Х1ун хии шуна яздархочун бераллех лаьцна? (Берийн жоьпаш)
-Д1аеша яздархочо талларх лаьцна язйина меттиг. Х1ун маь1на дара цуьнан «талларан»? (Цуьнан таллар керланиг лахар , хаар дара)
-Шен къоначу доттаг1ошна х1ун хьехамаш бо яздархочо? (Вай вешан 1аламн дай ду. иза вайн дахаран хазна ю. И ларъярх тоам бан ца оьшу, уьш гучуяха , гайта еза. Ч1ерашна ц1ена хи деза- лардер вай хиш. дийнаташ ду – ларъер вай хьаннаш, Ч1ерана –хи, олхазарна- х1аваъ,экхана хьун, лаьмнаш дееза. Адамашна Даймохк оьшу» -боху яздархочо)
-« 1алам лардар- иза Даймохк ларбар ду» бохучух муха кхета шу?
-Аша х1ун дийр дара 1алам лардан? (Берийн жоьпаш)
в) Бераша шаьш-шайна д1адоьшу дийцар.
7) Суьрташ дахка.
· 1-ра тоба «1алам бехделча»
· 2-г1а тоба «Ц1ена 1алам»
5. Рефлекси.
-Х1ун дан ницкъ кхечи шун? Х1ун диси данза? Х1ун ду шуна керла 1еминарг?
6. Жам1 дар.
-Муьлха дакъа долийна вай учебникан?
-Стенах лаьцна ду иза?
-Муьлха дийцар дийшира вай тахана?
-Мила ву цуьнан автор?
7.Ц1ахь бан болх балар.
Шера д1адеша М. Пришвинан дийцар «Сан Даймохк»
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.