Нохчийн литература(Аг1о 20-21 )
Тема : «Стоьмийн бешахь» 1 .Гайсултанов.
1алашо : 1. Гайсултановн дахар , кхолларалла, дийцар « Стоьмийн бешахь» довзийтар. Нийса а , шера а , кхеташ а еша 1амор. Ойлаяр , тидамбар кхиор. 1аламе безам кхоллар.
Билгалбаьхна кхиамаш : берашана 1емар ду нийса , шера дийцаран тексташ еша; берашна 1емар ду меллеша цхьанаэшарехь ешарна т1ера ч1ог1а ешаре е боьрзуш дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду шаьш ешна текст талла , текста юкъара аларш талла .
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
Бераша схьайуьйцу Д.Кагермановн «Г1арг1улеш» ц1е йолу стихотворении.
2. Мотт шарбар .
Зингат.
Дийнахь сарралц
Арахь малхехь
Жима зингат
Болх беш ду,
Дургал хьерчош,
Буьртг керчош,
1аьнна рицкъа гулдеш ду.
Араяла 1аьржа чхьаьвриг
Мало ма е жуккар ахь.
Ирсе веха шен г1улкх дийриг
Нахала волу вижна 1ахь.
Зингат, зингат
Хьайн болх бе ,
Тхо къахьега 1амаде.
1 .Хатуев.
-Меллаша дешдакъошца еша.
Меллаша цхьанаэшарехь д1аеша массара цхьана.
-Ч1ог1а д1аеша массара цхьана.
-Муьлха сагалматаш ду байта т1ехь далийна ? (Зингат, жуккар , чхьааьвриг )
-Х1ун хаьаьа шуна царех лаьцна?
-Х1ун де боху сагалматашка? (Къахьега)
-Стенах лаьцна хир ду тахана 1амор долу дийцар? (Къинхьегамах)
3. 1алашо йовзийтар.
-Муьлха произведении евзар ю вайна тахана ? (Стоьмийн бешахь)
-Мила ву цуьнан автор? ( 1 . Гайсултанов)
-Х1ун болх бийр бу аша и произведени дика 1аморехь? Х1оттае шайн белхан.
( Бераша х1оттайо план)
-Вайна тахана девзар ду 1 . Гайсултановн дахар , кхолларалла , цуьнана дийцар « Стоьмийн бешахь» . Вайна 1емар ду дийцаран тексташ еша, чулацамах лаьцна шайна хетарг ала.
4.Керла тема хьехар.
а) Яздархочунах лаьцна дош. (Юххедиллар)
1умар Эдилсултанович Гайсултанов
-нохчийн сийлахьцу яздархойх цхьаъ ву.
Гайсултанов 1умар вина 1920 шарахь Шелахь ахархочун доьзалехь.Гайсултановс шеен произведенеш леррина берашна язйина, цундела ву иза берийн яздархо.
Юьртара школа чекхъяьккхина Гайсултановс доьшу рабфакехь.
1941 шарахь эскаре воьду Гайсултанов. Цу хенахь цо дакъа лоцу луьрачу т1амехь.1943 шарахь ч1ог1а чов а хуьлий эскарера мокъавуьту 1умар.Иза д1ахьажаво Сибрех, кхузахь бара цуьнан доьзал. Болх бан волало Киргизийн финансови органшкахь.
Гайсултанов яздан волавелла 1950 шарахь.Дуьххьара араяьлла цуьнан книга «Болат –Г1ала йожор».Иза ч1ог1а хазахеташ т1еийцира массара а.Цу т1ехь цо гойту ширачу заманахь нохчийн г1иллакхаш , 1адаташ.
Гайсултановн коьрта теманаш –берийн дахар, церан г1уллакхаш, царна хазделларг.Уьш ешча вайна шуьйра гучудолу цо берийн амалаш дика 1амийна хилар.
Берашна лерина дукха пьесаш а язйина гайсултановс.Уьш ю : «Турпал», «Дашо б1араш» иштта кхин д1а а.
аь) Хьехархочо д1адоьшу дийцаран 1-ра дакъа.
5. Сада1аран миноташ.
6.Керла тема кхин д1а а хьехар.
а) Бераша цхьанаэшарехь д1айоьшу меллаша дийцаран текст.
аь) Бераша цхьанаэшарехь ч1ог1а д1айоьшу текст.
б) Чулацамах лаьцна кхетам балар.
-Стенах лаьцна ду дийцар? (Стоьмийн бешах)
-Стенга боьлхуш бара бераш? (Экскурсе стоьмийн беша)
-Муха дара бешахь? (Хезаш эшарш яра)
-Муха дара дитташ? (Лахенга кир тоьхна дара)
-Мичахь сацийра Султана машен? (Бераш долчохь)
-Х1ун хаьттира Султана берашка ? Д1аеша и предложении.
-Муха жоп делира бераша? Д1аеша.
-Муьлха хаттар делира шолг1а? Д1адеша.
-Муха жоп делира бераша? Д1адеша жоп.
-Муха бераш хетта шуна уьш ?
-Аша бийр барий иштта болх ? Х1ун юьйр яра аша ?
-Х1ун йо цу стоьмех? (Варени, компот)
-Стенна оьшу стоьмаш баар? (Цаьрца ду витаминаш , уьш могушаллина пайде ду)
В) Бераша шайн дагахь йоьшу.
г) Бераша суьрташ дохку гуьйренан стоьмийн бешан.
7.Рефлекси.
-Х1ун болх бара аша бан билгалбаьккхина?
-Х1ун дан ницкъ кхечи шун? Х1ун диси данза?
8.Жам1 дар.
-Муьлха дийцар дийшира аша?
-Мила ву цуьнан автор?
9.Ц1ахь бан болх балар
Шера д1адеша 1. Гайсултановн « Стоьмийн бешахь»
Нохчийн литература(Аг1о 21-22)
Тема : «Стоьмийн бешахь» 1 .Гайсултанов.
1алашо : 1. Гайсултановн дахар , кхолларалла, дийцар « Стоьмийн бешахь» довзийтар. Нийса а , шера а , кхеташ а еша 1амор. Ойлаяр , тидамбар кхиор. 1аламе безам кхоллар.
Билгалбаьхна кхиамаш : берашана 1емар ду нийса , шера дийцаран тексташ еша; берашна 1емар ду меллеша цхьанаэшарехь ешарна т1ера ч1ог1а ешаре е боьрзуш дийцаран тексташ еша. Берашна 1емар ду шаьш ешна текст талла , текста юкъара аларш талла .
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
Бераша д1адоьшу . Гайсултановн « Стоьмийн бешахь» дийцар.
2. Мотт шарбар .
3. 1алашо йовзийтар.
-Муьлха дийцар доьшур ду вай тахана? («Стоьмийн бешахь» дийцаран 2-г1а дакъа.
-Мила ву цуьнан автор? (1. Гайсултанов)
-Х1ун болх бийр бу вай и дийцар дика 1амийта? Х1ун кхиамаш хир ба вайн? Х1оттае план.
-Бераш, вай тахана д1адоьшур ду 1. Гайсултановс яздинчу «Стоьмийн бешахь» ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа. Шуна 1емар ду нийса а , шера а дийцаран тексташ еша.
4. Керла тема хьехар.
а) Хьехархочо д1адоьшу 1. Гайсултановн «Стоьмийн бешахь» дийцаран 2-г1а дакъа.
аь) Чулацамах къамел дар.
-Муха болх бу бошмаш лелор? (Самукъане)
-Х1ун дан деза дите дика стом балийта? (Дитт 1алашдан деза)
-Муха 1алашдо дитт? (Лахене кир туху , молханаш туху..)
-Мила ву Мичурин? (Цо стоьмийн керла сорташ яьхна)
-Х1ун елира берашна экскурсе баханчарна? (Стоьмаш)
-Шу долчухь юй стоьмин бошмаш?
-Аша бийр барий бошмашкахь болх?
5. Сада1аран миноташ.
6.Керла тема кхин д1а а хьеха.
а) Бераша цхьанаэшарехь массара цхьана меллаша д1адеша 1. Гайсултановн «Стоьмийн бешахь» дийцаран 2-г1а дакъа.
аь) Бераша цхьанаэшарехь массара цхьана ч1ог1а д1адеша 1. Гайсултановн «Стоьмийн бешахь» дийцаран 2-г1а дакъа.
-Х1ун хьоьху вайна дийцаро? Къастаде жоп.
· Болх ца бан
· Болх дукхабеза
б) Суьрташ дахкар.
-Бераш суьрташ дахка «Стоьмийн беш» темина.
7. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бу шун тахана?
8.Жам1 дар.
-Муьлха дийцар дийшира аша?
-Мила ву цуьнан автор?
9. Ц1ахь бан болх балар.
Шера д1адеша 1. Гайсултановн «Стоьмийн бешахь» дийцаран 2-г1а дакъа д1адеша.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.