53-г1а урок.
Урокан ц1е: «Элп ь».
1алашо: элп Ь довзийтар. Элп ь дешан чаккхенгахь, юккъехь деша 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни:элп Ь девзар ду берашна. Нийса а , кхеташ а элп Ь юкъадог1у дешнаш деша 1емар ду.
2. Метапредметни:
· Регулятивни: берашна 1емар ду учебника т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш , шайн белхан план х1отто. Планан рог1алла а ларъеш шайн болх д1абахьа а 1емар ду берашна. Берашна хуур ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.
· Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду вовшашца къамеле бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду шайна хеттарг д1аала, шайн накъоста дуьйцучунга ладог1а, кхета.
· Познавательни: берашна хуур ду элп оьрсийн матера т1еэцначу дешнашкахь бен ца хилар. Ь элпо цхьа а аз билгал деш ца хилар хуур ду. Ь элп дешан юьххьехь ца яздар , цундела доккха элп Ь алфавитехь ца хилар хуур ду.1емар ду элп Ь юкъа а х1оттош дешдакъош кхолла , уьш деша. Ь элпо шена хьалхара мукъаза аз к1аддеш хилар хуур ду.
3. Личностни:берийн лаам хир бу 1алам довза , цуьнан хийцамийн тидам бан. 1аламна пайдениг дан лаам кхоллалур бу берийн.
Урок д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар
-Де дика хуьлда шун, бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
· Ловзар : «Караде совнаха элп».
-Аса уьн т1е д1ах1иттийначу элпашна юкъахь карадк совнаха элп.
А, О, У, И, Е, Э, Ь.
-Муьлха элп ду совнаха? Элп Ь).
-Х1унда ду и совнаха? (Дисина элпаш вайна девза, ткъа и элп ца девза).
-Хьанна хаьа шуна и х1ун элп ду?
-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вайна девзар ду керла элп).
3. 1алашо йовзийтар.
-Д1аелла учебникан 76-г1а аг1о. Абатан аг1он т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш х1отта е шаьш бийр болчу белхан план.
Суна девзар ду …
Суна 1емар лу…
Аса х1оттор ду…
-Вайна тахана девзар ду керла элп а Ь . Шуна 1емар ду элп Ь юкъадог1у дешнаш , предложенеш а еша. Вай дийцар а х1оттор ду суьртах лаьцна.
4. Элп Ь довзийтар.
-Х1ун 1амор ду вай хьалхара? (Вайна девзар ду керла элп)
· Суьрташца болх бар. Дешан юьххьехь, чаккхенгахь, юккъехь элп Ь довза 1амор.
-Х1ара х1ун ю? (Альбом)
-Маса дешдакъа ду АЛЬБОМ дешан? (Шиъ)
-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? ( АЛЬ).
-Шолг1аниг ? (БОМ).
- Маса аз ду АЛЬБОМ дашехь ? Муьлханаш ду уьш? (А,Л,Б,О,М- пхиъ ду)
(Хьехархочо д1ах1оттадо зорбанан элпашца яздина дош)
АЛЬБОМ
-Муьлха аз хеза АЛЬБОМ дашехь к1еда? ( Аз (Л) ду)
-Маса элп ду альбом дашехь? (Ялх ду).
-Х1унда ду АЛЬБОМ дашехь ялх элп , пхиъ а аз? (Берийн жоьпаш).
-Ь элпо цхьа а аз билгал ца до. Цо шена хьалхара мукъаза аз к1аддо. Элп Ь доккханиг дац алфавитехь , иза дешан юьххьехь ца яздо дела. Элп Ь оьрсийн маттера т1еэцначу дешнашкахь бен ца яздо.
-Х1ара х1ун ю? (Тетрадь)
-Маса дешдакъа ду ТЕТРАДЬ дешан? (Шиъ ду).
-Муьлханиг ду хьалхара ? (ТЕТ)
-Шолг1аниг? (РАДЬ)
-Муьлханиг ду ТЕТРАДЬ дашехь к1еда мукъаза аз? (Д)
-Х1унда? (Цунна т1ехьа ду элп Ь).
· Элп Ь довзийтар.
-Х 1ара зорбанан жима элп Ь ду.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна девзи элп (Ь).
· Ь элпах лаьцна байт 1амор.
Ь хьаьрк ду йозанехь оьшуш
Цо вайна дика г1уллакх до.
Элпаш к1аддеш ,хаздеш,
Цанна юкъахь барт а бо.
-Стенна оьшу к1еда хьаьрк? (Цо шена хьалхахь лаьтташ долу элп к1аддо).
· Ь элпан тидам бар.
(Хьехархочо уьн т1е д1ах1иттадо элпаш : Л, Д, Н, Р. Х1оранна улло дуьллу элп Ь. Массара цхьана д1адоьшу элпийн цхьанакхетарш.
Л -ЛЬ Д- ДЬ
Н- НЬ Р-РЬ
-Д1адеша элпаш. Х1ун тидам би аша? (Мукъаза элпана т1ехьа элп Ь х1оттийча иза к1адло)
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна хии Ь элпо шена хьалхара мукъаза аз к1аддо.
6. Дешнаш дешар.
· Уьн т1ера ешар
-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду ТЕТРАДЬ дешан? (Шиъ)
-Муьлханиг ду хьалхара? (ТЕТ)
-Шолг1аниг? (РАДЬ)?
-Мича меттехь ду к1еда мукъаза аз? (Чаккхенгахь)
-Муьлханиг ду иза? ( Аз (Д)
-Х1унда ду иза к1еда? (Цунна т1ехьа ю Ь)
-КОНЬКЕШ дашехь муьлханиг ду к1еда мукъаза аз ? ( аз (Н))
-ТОКАРЬ дашехь муьлханиг ду к1еда мукъаза аз ? ( аз (Р) ду).
-Мила ву токарь? (Берийн жоьпаш)
-Токарь – иза токаца болх беш волу стаг ву.
-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. БОЛЬНИЦА дашехь муьлханиг ду к1еда мукъаза аз? (Аз (Л) ду)
-СЛЕСАРЬ дашехь муьлханиг ду к1еда мукъаза аз? (Аз (Р) ду).
-Мила ву слесарь? (Берийн жоьпаш).
-Д1адеша кхоалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду 1ЕДАЛ дешан? (Шиъ ду)
-Муьлханиг ду хьалхара? (1Е)
-Шолг1аниг? (ДАЛ)
(Иштта толлу важа дешнаш)
· Учебникан 75-г1ачу аг1он т1ера д1адоьшу дешнаш.
-Х1ун кхиамаш бехи вай?
· Суна 1еми дешнаш деша.
7. Дийцар х1оттор.
-Шеран муьлха зама ю т1ееанарг? (Т1едеана 1а).
-Х1ун ю арахь ? (Арахь ло диллина).
-Х1ун хилла хина? (Хина ша бина)
-Бераша х1ун до ? (Бераша конькеш , салазаш хоьхку).
-Лайх х1ун йо бераша? (Бераша йо Лайн-бабанаш).
-Муха хуьлу 1ай? (Хаза хуьлу).
-Х1ун кхиамаш бехи вай?
· Суна 1еми дийцар х1отто.
8. Сада1аран миноташ.
9. Дийцар дешар.
-Д1аеша хьалхара предложени.Х1ун ийцира дас Аптина? (Дас Аптина тетрадь а , альбом а ийцира).
-Д1аеша шолг1а предложени. Х1ун дира Аптис? (Аптис хаза сурт диллира)
-Д1аеша кхоалг1а предложени. Х1ун еара вашас? (Вашас суна хаза конькеш еара)
-Д1аеша йоьалг1а предложени . Х1ун боху цу т1ехь? (Ас конькеш хихкира).
-Д1аеша пхоьалг1а предложени . Стенга вахара ваша? (Сан ваша больнице вахара).
-Д1аеша йолхалг1а предложени . Мила ву 1умаран да? (1умаран да токарь ву)
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Тхуна 1еми предложенеш еша.
· Кхоллараллин болх
-Элп Ь яздей , цунна суьрташ дахка.
· Ловзар : «Пису , дахка».
-Вайга тахана а хьошалг1а деана вайн ши доттаг1 –Писуй , дахкий. Цара вайна деана керла т1едиллар. Суьрташ бухахь шиъ схема ю предложенин. Цу шимма еанчу еък1овшца вай дешнаш вовшах таса деза . Дешнех предложенеш х1итто еза. Д1адуьйлало вай доккхачу элпаца яздинчу дешдекъана т1ера. Муьлханиг ду и? (ИС)
-Кхин муьлханиг х1уттур дара цунна т1е? (ЛА-МА)
-Хьанна карор дара шолг1а дош? (САЛАЗ).
-Кхоалг1а? (Хохку)
-Х1ун ю аша х1оттийнарг? (Предложени).
-Маса дош ду цу предложенехь? Муьлхачу схемица йог1у иза).
(Иштта карайо важа предложени)
· Дийцар дешар . Цунна ц1е тиллар.
(Берашна т1е дуьллу и декхар)
10. Жам1 дар.
-Муьлха элп девзи шуна? (элп Ь)
-Х1ун г1уллакх леладо Ь элпо? (Цо шена хьалхара мукъаза аз к1аддо)
11. Р1ефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.