Конспект урока по чеченскому языку.

  • docx
  • 06.04.2024
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала 11. Акхарой. Дош. Дешдакъа..docx

11-г1а урок

Урокн  ц1е: «Акхарой. Дош . Дешдакъа»

1алашо: берашна  тайп-тайпана акхарой йовзийтар . Цара бохьучу пайданах хаамаш балар. Берийн дешнех , дедакъойх болу хаамаш  шорбар.

 

Кхочушдан лерина жам1аш

1.Предметни: брашна евзар ю тайп-тайпана  акхарой .Берашна  1емар ду  акхарой вовшех къасто , уьш йовза. Бераша  шорбийр бу дешнех ,дешдакъойх болу хаамаш, 1емар ду дешдакъош схемица билгалдаха.

2.Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна 1емар ду  шайн белхан  план х1отто, учебника  аг1он т1ехь шаьш  хьалха-таьхьа 1амор долчунан  план х1отто.  Цу планан  рог1алла ларъеш  учебникаца  болх бан. Берашна хуур ду шайн кхиамийн мах  хадо, кхачамбацарш  довза  царех ларбала.

·        Познавательни: берашна  хуур ду акхарой стенгахь еха, х1ун пайда бохьу , уьш муха 1алашъян деза. Берашна 1емар ду  дешнийн схеманашца болх а беш , цу схемехь дешдакъош билгалдаха. Берийн алсам дер ду тидаме хилар.

·        Коммуникативни: берашна  1емар ду  хьехархочуьнга ладог1а , цуьнан  хаттаршна  жоьпаш дала. Берашна  1емар ду  вовшашка  хаттарш дала  , царна  жоьпаш дала. Берашна хуур ду шаьш бинчу белхан мах хадо.Берашна 1емар ду  тобанашкахь болх бан , шайн накъосташна г1о дан. Билгалбохур бу  кхачамбацарш, кхиамаш а.

 

3.Личностни:  берийн лаам кхоллалур бу  акхарой 1алашъян , церан доладан. 1аламе  безам кхоллалур бу берийн .

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

-Де  дика хуьлда шун бераш!

-Диканца дукха ехийла!

2.Дешаре шовкъ  кхоллар.

·        Ловзар «Х1ун ю совнаха?»

(Хьехархочо уьн т1е  д1аухку  суьрташ: ча, борз,  страус, пхьагал, тарсал, лом, цхьогал)

-Хьовсал кху суьрташка .Х1ун ю кхарна  юкъахь совнаха? (Страус)

-Х1унда ю страус    совнаха? (Берийн жоьпаш)

-Страус   совнаха ю  , х1унда  аьлча  важа  йисинчу х1уманех акхарой олу , ткъа  ткъа страус  олхазар ду. Алал массара   акхарой.

-Стенах лаьцна дуьйцур ду   вай тахана  урокехь? ( Вай дуьйцур ду акхаройх  лаьцна)

3. 1алашо йовзийтар.

-Д1аелла  учебникан  16-г1а  . Х1ун ю цу т1ехь гуш ерг? Х1ун 1амор ду   вай   хьалхара?

-Х1орш х1ун ю? (Акхарой)

-Х1ун 1емар ду    вайна  хьалхара?

·        Суна 1емар ду  акхаройн ц1ераш  яха.

-Х1ун дийр ду   вай схеманашна?

·        Суна 1емар ду дешнийн схеманашца болх бар.

-Х1ара х1ун ю? (Сурт ду)

-Х1ун дийр ду вай  суртана?

·           Суна 1емар ду  суьртах  лаьцна дийцар х1отто.

-Вайна  тахана 1емар ду акхарой довза, хуур ду цара х1ун пайда бо, уьш мичахь еха. Вайна  1емар ду  дешнийн схеманашца белхаш бан, суьртах лаьцна дийцар х1отто.

4.Акхарой   йовзийтар.

-Х1ун  1амор ду вай   хьалхара?

-Акхаройн  ц1ераш яха.

·        Суьрташца  болх бар.

-Х1ара х1ун ю? (Ча   ю )

-Х1ара х1ун ю? ( Борз ю)

-Х1ара х1ун ю? (Пхьагал  ю)

-Х1ара х1ун ю?( Лом  ду)

-Х1ара х1ун ю? (Цхьогал ду)

-Х1ара х1ун ю? (Тарсал ю)

-Царех массарех х1ун олу? (Царех массарех  акхарой  олу)

-Кхин муьлха акхарой  евза  шуна? (Берийн  жоьпаш)

-Акхарай  стенгахь еха? (Хьуьнхахь)

-Шуна х1ун  аьлла хетта:  уьш оьший вайна? (Берийн жоьпаш)

-Моссо акхаро  оьшуш ю , цара  боккха  пайда бохьу

-Х1ун 1еми шуна?

·        Суна 1еми акхаройн ц1ераш яха.

-Кхин  д1а х1ун 1амор ду  в ай?  (Схеманашца болх бан)

·        Схеманашца болх бар.

-ЧА дешан  масса дешдакъа ду? (ЧАААА- цхьа дакъа ду)

-Хьан  юьллур яра  ЧА  дешан схема?

-Хьовсал цо иза нийса  йиллиний, книги  т1ехь муха ю иза? (Бераша  тидам бой жоп ло)

-Кхин муьлха дешнаш  ду  оцу схемина дог1уш? (Борз , лом ду)

-Маса  дешдакъа ду  ПХЬАГАЛ  дешан? (ПХЬААА-ГАААЛ- шиъ дешдакъа ду)

-Хьовсал цо иза нийса  йиллиний, книги  т1ехь муха ю иза? (Бераша  тидам бой жоп ло)

-Кхин муьлха дешнаш  ду  оцу схемина дог1уш? (Цхьогал, тарсал ду)

-Х1ун 1еми шуна?

·        Суна 1еми  схеманаца болх  бан.

5. Сада1аран миноташ.

Дог1а

Мохо мархаш  лоьхку, лоьхку,

Мархаш  йоьлху, йоьлху.

Т1адамаш лаьтта 1ена, 1ена, -

Мала хи, к1а, мала.

К1ено охьатаь1ий:

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, ца соцуш,

Дог1у   дог1у, дог1у.

(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара  мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа, куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керан юкъ хьалаерзайо, т1аккха охьаерзайо)

6. Дозуш долу къамел кхиор.

-Х1ун дийр ду  вай  х1инца?

-Суьртах лаьцна  дийцар х1оттор  ду.

·        Суьртах  лаьцна  дийцар х1оттор.

-Х1ун ю суьрта т1ехь гуш ерг? (Суьрта т1ехь гуш  ду лаьмнаш)

-Х1ун ю  лаьмнашкара  охьадог1уш? ( Охьадог1уш шовда ду)

-Х1орш  х1ун ю? (Берийн жоьпаш)

-Х1орш нохчийн шира  б1аьвнаш ю.

-Шу  хиллий лаьмнашкахь? Муха дара  цигара х1аваъ?

-Муьлха  акхарой гина хьуна?

-Мегар дуй акхарой  шена  хазъелла  аьлла  , ц1а яло? (Берийн жоьпаш)

-Акхарой  схьалеца , ц1а  яло мегар дац. Х1унда  аьлча  уьш ю адамаш сана  шайн доьзал болуш, доьзалах д1ахадар  чевне хуьлу  царна.

·        Ловзар : « Ц1ера дийнат  я акхаро»

-Бераш  аса  тайп –тайпана  х1уманийн  ц1ераш йохар ю ,  шу  д1адийша   аса ц1ера  дийнат аьлча, хьалаг1овтта  акхаро  аьлча.

         Лом, етт, ж1аьла, борз , цхьогал , пхьагал, ча, говр, тарсал , цициг, эса.

6. Жам1 дар.

-Муьлха  акхарой евзира шуна?

-Стенгахь еха  акхарой?

-Шуна гиний цхьа а  акхаро?

7.Рефлекси.

-Дагаяйита вайн  план.

-Х1ун дан ницкъ кхечи хораннан?

Суна евзи…

Суна 1еми…

Суна хии..