Конспект. Ж. Махмаев "Мангалкомарш"
Оценка 4.6

Конспект. Ж. Махмаев "Мангалкомарш"

Оценка 4.6
docx
05.02.2024
Конспект. Ж. Махмаев "Мангалкомарш"
Урок 7.Мангалкомарш .Ж. Махмаев.docx

Нохчийн литература

Тема : «Мангалкомарш» Ж.Махмаев.

1алашо : Ж. Махмаевн дахар , кхолларалла , стихотворении « Мангалкомарш» йовзийтар. Нийса а, кхеташ а  стихотворни тексташ еша 1омор. Ойлаяр , тидамбар кхиор. 1аламе безам кхоллар.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду  яздархочун дог-ойла а гойтуш стихотвориниш еша ; дерашна 1емар ду  стихотворни текстан башхаллаш йовза. Берашна хуур ду  стихотворении юкъара  аларш  тала,  царех нийса кхета а.Берашна  хуур ду  рифмаш т1ехь талам бан.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх  таллар.

Бераша д1адоьшу З.Муталибовс яздина « Оха болх а бо , деша а доьшу» ц1е йолу дийцар

2.Мотт  шарбар.

-Д1аеша цхьана  эшарехь дешдакъошца.

-Д1аеша  меллаша.

-Д1аеша  ч1ог1а.

-Маца  йуьйцу  иштта боайт?  (Лечкъаргех ловзуш)

3. 1алашо йовзийтар.

-Д1аелла  учебникан  13-г1а  аг1о.

-Муьлха  произведени  евзар ю вайна тахана ? (Мангалкомарш)

-Мила  ву  цуьнан  автор? ( Ж.Махмаев)

-Х1ун болх  д1ахьур бу вай  и произведении 1амош.Хьан х1оттор ю  план?

Суна  евзар ю…

Суна вевзар ву…

Суна  1емар ду…

Суна  хуур ду…

-Вайна тахана  девзар ду  Ж.Махмаевн  дахар , кхолларалла, керла стихотворении « Мангалкомарш». Вайна 1емар ду нийса , кхеташ  стихотворни тексташ еша.

4.Керла тема  хьехар.

а) Яздархочух дош. (Юххедиллар)

аь) Хьехархочо д1айоьшу  Ж.Махмаевн  «Мангалкомарш» ц1е йолу  стихотворении.

Б) Чулацамах лаьцна къамел дар.

-Стенах лаьцна ю стихотворении? (Мангалкомаех)

-Маца хуьлу  мангалкомарш ? (Август баттахь)

-Кхин муьлха  стом биъча  ц1ийло батт?  (Элхьаьмчаш)

-Аьхка  муьлха  стоьмаш хуьлу ? Муьлханаш бу  шу долчохь?

-Хьан йиъна аша  мангалкомарш?

-Мангалкомарех х1ун йо?

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема кхин  д1а а хьехар.

а) Бераша д1айоьшу  Ж. Махмаевни  «Мангалкомарш»  стихотворении.

аь) Стихотворенин х1оттам таллар.

-Д1аеша  стихотворении

-Муьлха   дешнаш ду  аларехь цхьатера ? (Мангалкомарш , доьлу . Уьш, хууш)

-Царех х1ун олу ? (Рифмаш)

-Д1адеша шолг1а дакъа. Муьлха рифмаш ю цу декъехь? (Беснех а , ц1ехьа)

б) Ловзар.

 

6. Рефлекси.

-Х1ун керланиг 1емира шуна ?

Суна  евзи…

Суна  1еми…

Суна хии…

7.Жам1 дар.

-Муьлха стихотворени  евзира вайна ?

-Мила ву  цуьнан  автор?

-Муха  хийтира шуна  стихотворени?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Ж.Махмаевн «Мангалкомарш»  ц1е йолу  стихотворени  дагахь  1амо.


 

Нохчийн литература Тема : «Мангалкомарш»

Нохчийн литература Тема : «Мангалкомарш»

Х1ун болх д1ахьур бу вай и произведении 1амош

Х1ун болх д1ахьур бу вай и произведении 1амош

Муьлха дешнаш ду аларехь цхьатера ? (Мангалкомарш , доьлу

Муьлха дешнаш ду аларехь цхьатера ? (Мангалкомарш , доьлу
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
05.02.2024