"Ненан мотт" Ш.Арсанукаев
Оценка 4.7

"Ненан мотт" Ш.Арсанукаев

Оценка 4.7
docx
05.02.2024
"Ненан мотт"  Ш.Арсанукаев
Урок 2 Ненан мотт Ш.Арсанукаев .docx

Нохчийн литература

Тема: «Ненан мотт» Ш.Арсанукаев.

1алашо: Ш.Арсанукаевн дахар, кхолларалла йовзийтар,Ш. Арсанукаевн «Ненан мотт»  ц1е йолу стихотворении йовзийтар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашан 1емар ду нийса а, кхеташ а , шера а стихотворни тексташ еша. Берашна  хуур ду ненан метан дозалла  кхио а шайн амалехь.Берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто , цу планан г1оьнца дешаран  корматалла караерзо. БЕРАШАН  1ЕМАР ДУ  ХЬЕХАРХОЧУН ХАТТАРШНА ЖОЬПАШ ДАЛАРЦА КЪАМЕЛЕ БОВЛА, ХАТТАРШНА  ЖОЬПАШ  ТЕКСТЕХЬКАРО, ШАЙНА ХЕТАРГ  ШАЙН ДЕШНАШЦА  Т1ЕТОХА. берашна  1емар ду ненан матах дозалла дан.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх  таллар..

а) Бераша схьйуьйцу А.Сулеймановс язйина «Даймехкан косташ» ц1е йолу стихотворении.

2.Керла темин 1алашо билгалъяккхар, белхан план х1оттор.

-Д1аеша вайна тахана 1амо билгалъяьккхинчу  произведенин ц1е.(Ненан мотт)

-Мила ву цуьнан автор? (Ш.Арсанукаев)

-Белхан план х1оттае.Х1ун  дийр ду аша  и произведении гуттара а шайна дика  1амийта.

-Суна  евзар ю Ш.Арсанукаевн «Нохчийн мотт» ц1е йолу стихотворении

-Суна 1емар ду  нийса а , кхеташ а шера а стихотворении тексташ еша.

2.Керла тема хьехар.

а)  Ш.Арсанукаевх лаьцна дош .(Юххедиллар)

б) Ш.Арсанукаевс язйина « Ненан мотт» ц1е йолу стихотворении йовзийтар.

Хьехархочо д1айоьшу стихотворении.

б) Чулацамах къамел дар.

-Стенах лаьцна бу хьалхара  биъ мог1а? ( Дайн г1иллакхех)

-Муха кхаьчна боху автора таханенга и  г1иллакхаш? (Са сана лар а деш  кхаьчна боху)

-Муха лелийна боху  вай доттаг1ий? (Доттаг1ий вежарех тарбеш хилла)

-Д1адеша шолг1а дакъа.Стенах лаьцна ду иза? (Лерамах лаьцна)

-Хьаьнга леерам бу цу декъа т1ехь балийнариг? ( Нене леерам, воккхачунга леерам)

-Муха до ненан сий? (Нанас аьлларг дан деза, цунна вас ян ца еза)

-Воккхачун сий дарах лаьцна х1ун хаьа хьуна? (  Воккхачун  некъ хадо мегар дац, воккхачун карахь еза х1ума гахь , схьа а эцна г1о дан деза.Воккханиг цхьаъ дуьйцуш велахь юкъа ца лелха)

-Х1УН Т1ЕДУЬЛЛУ АВТОРВ ВАЙНА ЦУ ХЬОКЪЕХЬ? (Раг1 вайгахь ю боху цо, мало ца еш д1аэца дайн г1иллакх боху)

-Шун ницкъ кхочур буй  и т1едиллар д1адахьа? (Берийн жоьпаш)

-Д1адеша кхоалг1а дакъа.Стенах лаьцна ду иза? ( Ненан метах лаьцна ду)

-«Хазна ю» бохучух  муха кхета шу? (Беза бу ненан мотт бохург ду)

-Мел деха боху къам? (Ненан мотт  мел беха деха къам)

-Мотт лахь х1ун хуьлу къомана? (Къам ле боху)

-Ненан мотт бицбиначунна х1ун та1зар хуьлу боху? (Нахана дош ца хетта, леерам ца хуьлу, сийсаза во)

-Д1аеша чаккхе.Х1ун кхайкхам бо автора вайна? ( Нохчийн мотт  1алашбан  раг1 вайгахь ю боху, ларбе и , хазбе и к1анте д1ало боху)

-Муьлханиг бу вайн мотт ? (Нохчийн мотт)

-Вай муьлш ду? (Нохчий ду)

-Вай нохчийн  къам даимна хилийта  х1ун кхиамаш хила беза вайн?

-Къастаде жоп: г1иллакхаш лардан деза, г1иллакхаш лардан ца деза; ненан  мотт ларбан беза, сий дан деза, сий дан ца деза.

-Нене леерам  хила беза, воккханиг лара веза.

-Х1инца  х1ораммо жоп ло : х1ун оьшу стагана  сий долуш хила?

Сада1аран миноташ.

Дехкий девдда даьхкира

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

Маса сахьт даьлла хьаьвсира

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

Пису дог1у довдалаш

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

Сихха гена довлалаш

Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.

 

в) Берашка шайга д1айоьшуьйту  Ш Арсанукаевс язйина  стихотворении.

г) Къастош ешар.

-Д1аеша г1иллакхех лаьцна долу дакъа.

-Д1адеша ненан, воккхачун сийдарах лаьцна долу дакъа.

-Д1адеша  ненан метан дозаллех лаьцна долу дешнаш.

-Д1адеша вайна т1едиллина кхайкхамах лаьцна долу дешнаш.

6.Рефлекси.

-Муьлха стихотворении  йийшира аша тахана?

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун хаьа шуна Ш .Арсанукаевх лаьцна?

--1ун 1еми шуна тахана урокехь?

Суна евзи Ш.Арсанукаевс язйина…..

Суна  1емира нийса а , кхеташ а ,..

Суна  хии ненан мотт  иза  халкъан хазна хилар, иза ларбан , сий дан дезаш хилар.

7.Ц1ахь бан болх балар.

Ш.Арсанукаевн « Ненан мотт» ц1е йолу  стихотворении шера еша. Аг1о 5-6.


 

Нохчийн литература Тема: «Ненан мотт»

Нохчийн литература Тема: «Ненан мотт»

Муха кхаьчна боху автора таханенга и г1иллакхаш? (Са сана лар а деш кхаьчна боху) -Муха лелийна боху вай доттаг1ий? (Доттаг1ий вежарех тарбеш хилла) -Д1адеша шолг1а…

Муха кхаьчна боху автора таханенга и г1иллакхаш? (Са сана лар а деш кхаьчна боху) -Муха лелийна боху вай доттаг1ий? (Доттаг1ий вежарех тарбеш хилла) -Д1адеша шолг1а…

Х1инца х1ораммо жоп ло : х1ун оьшу стагана сий долуш хила?

Х1инца х1ораммо жоп ло : х1ун оьшу стагана сий долуш хила?

Суна хии ненан мотт иза халкъан хазна хилар, иза ларбан , сий дан дезаш хилар

Суна хии ненан мотт иза халкъан хазна хилар, иза ларбан , сий дан дезаш хилар
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
05.02.2024