Тема: Адамалла. Къинхетам. Комаьршалла.
Оценка 4.6

Тема: Адамалла. Къинхетам. Комаьршалла.

Оценка 4.6
doc
15.05.2021
Тема: Адамалла.  Къинхетам. Комаьршалла.
4-й урок Адамалла. Къинхетам. Комаьршалла..doc

                                                          Урок № 4                                                                                                                                        

                 Класс – 10

               Терахь ______

              Хьехархо:

 

Тема: Адамалла.  Къинхетам. Комаьршалла.

         1алашо:   берашца стеган сий, нийсонах лаьцна дийцинарг т1еч1аг1дар; 

                           адамаллех, къинхетамах, комаьршаллех болу юкъара кхетам

                           бовзуьйтуш, тахна вайна юкъахь лела кицанаш, дийцарш царах

                          лаьцна

                          долу довзийтар: къоман г1иллакхехь къона т1аьхье кхиор а.

         Урокан г1ирс: «Халкъан кицанаш, аларш, тидамаш»

                 «Исбаьхьа шовда», газетан вырезкаш

                 «Халкъан кицанаш, аларш»

 

Урокан некъ

 

I.                  Догдаийтаран мур

 

Адамехь товш бу къинхетам,

Адамехьтовш ю камаьршо.

Уьш эрна дешнаш махета,

Хьажа уьш дуьненчохь даржо.

 

        II.  Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур

 

- Муха кхета шу «стеган сий» - бохучу дешнийн маь1нех?

- Стенах олу нийсо?                                                                                                                    

- Мичахь хила еза иза?

- Х1ора вай яздинчу кицанан маь1на хьан дийр дара аш?

- Дийца, стеган сий, нийсонах лаьцна х1ун дийцарш девза шуна?

- «Исбаьхьа шовди» т1ера дийцарш хьан дуьйцур дара аш?.

 

III.   Керла тема:  Адамалла.  Къинхетам. Комаьршалла. (38-39)

 

                            План:

1.     Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.

2.     Адамалла.

3.     Оьздангаллехь йоккха меттиг д1алоцург – къинхетам.

4.     Комаьршалла.

5.     Халкъан кицанаш, аларш, хьадисаш:

- Комаьрша лулахо уггар хьалха кхочур ву. Иза схьакхеттачу малхал а тоьлу.

- Комаьршачун кисанахь гуттар а ахча хир ду.

- Комаьршачунна майралла эшац.

- Комаьрша хиларал а тоьлу, къинхетаме дог хилар.

- Комаьршалло стаг шен х1усаме верзаво.

- Комаьршаллина бекхам хуьлу.

- Комаьршачу куьйгаша дуккха а оьцур ду, аьлла.

- Комаьршалла, г1иллакх – ши доттаг1а.

                       хьадисаш:

- Къийамат дийнахь уггар йоккхачу къизаллехь верг, ша дуьненахь волуш нахана т1ехь къизалла лелийнарг хир ву. (13)

- Шен деца, ненаца къинхетаме волчу стагана Хьаьжц1а ваханчунна йоллу ял ю.  (90)

- Жоьжахата боьлхучу нахана юккъехь бен а  ма вац цхьа а къинхетам боцу стаг (къинхетам боцу стаг жоьжахата г1ур ву, бохург ду иза)  (100)

- Ялсамане г1ур ду 4 х1ума: эхь хеташ хилла йолу юьхь, бакълуьйш хилла болу мотт, саг1а далалуш, комаьрша хилла долу куьг, къинхетаме хилла долу дог.  (111)

 

                                             Дешнаш т1ехь болх:

 

Къинхетам, комаьршалла, адамалла.

 

 IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар

 

- Муха кхета шу адамалла, комаьршалла, къинхетам – бохучу дешнийн маь1нех?

- Х1ун з1е ю царна юкъахь?

- Комаьршаллех лаьцна муьлха кицанаш, дийцарш девза шуна?

 

           V. Урокан жам1 дар.

 

- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;

 

           VI. Рефлексин мур

 

-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?

 

          VII. Ц1ахь бан болх: 1амийнарг схьайийца, кицанаш дагадаийта.


Урок № 4

Урок № 4

Комаьрша хиларал а тоьлу, къинхетаме дог хилар

Комаьрша хиларал а тоьлу, къинхетаме дог хилар
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
15.05.2021