Урок № 1
Класс – 7
Терахь ______
Тема: Адаман дахаран мах.
1алашо: берашна нохчийн г1иллакх-оьздангалла урокан 1алашо
йовзийтар; адаман дахаран мах хадорах лаьцна дийцар а;
оьздангаллин гурахь стаг латтор довзийтар а;
къоман г1иллакхехь къона т1ехье кхиор а.
Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»,
«Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш»,
«Исбаьхьа шовда»
Урокан некъ
I Догдаийтаран мур
Лаахь шайна адам довза,
Цуьнан г1иллакхашка хьовса.
Мах хадабай хетарехь,
Галл ма довла дахарехь
I I Нохчийн г1иллакх-оьздангалла хьехаран уроках лаьцна кхетам балар.
- Этика урокашкахь айса шарахь хьоьхур дерг берашна доцца довзуьйту. Бовзуьйту урокана оьшу г1ирс.
II I Керла тема: Адаман дахаран мах.
- Адаман дахаран мах 1аламат беза хилла нохчашна юкъахь. Нагахь ца хууш цхьаьннан карах стаг велча, и стаг витийта, и волчаьрга дехар дан масийтта юьртара нах вовшахкхеташ хилла. Коьртара куйнаш а дохий, гора а х1уьттий, дехарш деш хилла цара, и стаг витахьара, бохуш. Ткъа шена т1ехь ч1ир йолу стаг, марчо юккъе а хьарчавой, барми т1е а вуьллий, валош хилла цига. «Х1ара стаг шегара даьллачунна дохковаьлла, кхид1а дуьненан марзонаш йоцуш, велча санна ву, са чохь велахь а, цундела парг1атваккха х1ара», - бохург ду иза. Нагахь и стаг вуьтуш хилча, ч1ирхоша цаьргара мах эца тарлуш хилла – 63 я 70 етт, я оцу даьхнин хьесапехь ахча, деши.
Стеган дахаран мах оццул беза хилар бусалба динца нийса дог1уш ду. Къуръан чохь аьлла ду: цхьа маьрша стаг вийначунна, дуьненчохь мел долу адам дийча санна, къа ду, аьлла.
Г1иллакхашка хьаьжжина, стеган мах хадорехь къиза а, дуьххьалд1а а хилла вайнах. И деш, цара тидаме оьцуш ца хилла цуьнан хьалхалера дика г1уллакхаш, цуьнан ц1е, говзалла а. И дерриге а дайдеш, дагош хилла цхьана осалчу х1умано.
Г1иллакхашка хьаьжжина, стеган мах хадорехь къиза а, дуьххьалд1а а хилла вайнах. И деш, цара тидаме оьцуш ца хилла цуьнан хьалхалера дика г1уллакхаш, цуьнан ц1е, говзалла а. И дерриге а дайдеш, дагош хилла цхьана осалчу х1умано.
Дешнаш т1ехь болх:
Т1ехь ч1ир йолу стаг – цхьа адам дийна стаг;
Къа (къинош) – Дала ца магийнарг дар.
I V 1амийнарг т1еч1аг1дар
- Муха хадош хилла адаман дахаран мах нохчашна юкъахь?
- Муха дехаре боьлхуш хилла нах, нагахь ца хууш цхьаьннан карах стаг велча?
- Т1евуьту стаг барми т1ехь вигаран маь1на хьан дийр дара аш?
- Моццул беза лерина стеган дахаран мах?
- Муха аьлла цунах лаьцна Къуръан чохь?
- Г1иллакхашка хаьжжина, стеган мах хадор муха хилла нохчашлахь?
V Урокан жам1 дар.
- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;
VI Рефлексин мур
-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?
VII Ц1ахь бан болх: язйинарг 1амо
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.