Урок № 14
Класс – 8
Терахь ______
Хьехархо:
Тема: Боьршачу стеган духарш.
1алашо: хьалха заманахь нохчаша кечбеш хилла кхачанах лаьцна
довзуьйтуш, дезчу дийнан кхачанех а, х1ора дийнан кхачанех а
лаьцна дийцаре динарг т1еч1аг1дар; нохчийн къоман духарех
лаьцна дийцинарг т1еч1аг1дар;
боьршачу стеган духар муха хила деза довзийтар;
нохчийн къоме болу безам т1еч1аг1бар; цуьнан оьзда
г1иллакхаш диц а ца
деш, къоман г1иллакхехь къона т1аьхье кхиор.
Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»
«Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш».
Урокан некъ
I. Догдаийтаран мур
Цу к1айчу г1овталца, 1аьржачу вертанца,
Чо чехка чола куй баьштаг т1е ва тоьттуш,
Пхьоьхана вахар тов Жоьрабабин ва Гани.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур.
- Х1ун дуьйцур дара аш нохчийн къоман духарех лаьцна?
- Боьршачу стеган духар муха хилла хьалха заманахь?
- Зудчо коьртара дехарш деш йовлакх д1адаккхарх лаьцна х1ун эр дара аш?
- Муха хила еза стеган шен дег1аца, духарца йолу юкъаметтигаш.
III . Керла тема: Боьршачу стеган духарш.
Т1еюьйхина вета туьдарг долу коч а, шуьра ког болу хеча а лелош хилла боьршачу наха. Кучан ветанаш дерриш а д1атосуш хилла, лаг къовлуш, цу т1е духуш бустамаш болу чоа а хилла. Шийлачу хенахь т1екхуллуш башлакх а, верта а хилла, иштта кхакханан кетар а. Когахь не1ар-мачаш, маьхьсеш, пезагаш (т1аьхьуо – царна т1ехула юху калош), эткаш, к1архаш лелош хилла.
Боьршачу нехан духаран коьрта билгало: иза дег1ана кхоччучу барамехь, хьулам беш, парг1ат а, хене а (арахь шийла, я йовха хиларе) хьаьжжина а, къорза я т1ех къегина йоцуш а хилар.
Духарехь ша тайпа маь1на лелош хилла доьхкано а. Пхийтта шо кхаьчча, йоьхкуш хилла юкъ. Иза стаг бераллера валаран, цунна т1е баккхийчеран дукъ дожаран, вуонна а, диканна а д1ах1отта кийча хиларан билгало ю. Стаг къанвелча, юкъ д1айостуш хилла: кхид1а т1амна, я девнна стаг вац ша бохург ду иза. Боьршачу стеган духарна т1ебохуьйту тидам кхин боккха а ца хилла, уггаре а ч1ог1а оьшу лехамаш кхочуш бичхьана: духар дег1ана парг1ат, бехкечу меттигийн кхоччуш хьулам беш, барч къевлина хилар.
Дешнаш т1ехь болх:
Ветанаш – нуьйданаш (пуговицы)
Чоа –
Пезагаш, маьхьсеш – боьршачу наха кога юху мачаш.
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар
- Муха духар лелош хилла хьалха заманахь боьршачу наха?
- Муьлхарг ю боьршачу стеган духаран коьрта билгало?
- Боьршачу наха доьхка дехкаран маь1на хьан дуьйцур дара аш?
- Муьлхарш хилла боьршачу нехан духарехь уггаре ч1ог1а оьшу лехамаш?
-Маца йоьхкуш, маца д1айостуш хилла боьршачу стага юкъ?
V. Урокан жам1 дар.
- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;
VI. Рефлексин мур
-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?
VII. Ц1ахь бан болх: язйинарг 1амо, дийцарш, аларш.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.