Урок № 14
Класс – 9
Терахь ______
Хьехархо:
Тема: Герзаш даран говзалла.
1алашо: дечигпхьола, дешипхьола, детипхьола дарехь нохчийн къоман
ламастех лаьцна дийцинарг т1еч1аг1дар; герзаш даран
говзаллех лаьцна юкъара кхетам балар; Даймахкана бохам
т1ебеача, цунна г1о дан а, и ларбан а
кийча йолуш къона т1аьхье къоман г1иллакхехь кхиор.
Урокан г1ирс: «Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш»
«Нохчийн фольклор», газетан вырезкаш.
Урокан некъ.
I.Догдаийтаран мур
Иман долчохь барт хир бу,
Ткъа барт болчохь ирс а ду.
Хьайн сакхташ д1адахалахь,
Къахьегарца хьанала.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур
- Дечигпхьола дарехь долу ламасташ хьанна девза?
- Дети, деши пхьола дарехь долчу ламастех лаьцна хьан дуьйцур дара
аш?
- Муха хилла хьалха заманахь дечигпхьола, детипхьола, дешипхьола дар?
- Муха ду и тахана?
- Х1ун башхалла ю царна юкъахь?
III. Керла тема: Герзаш даран говзалла.
План:
1. Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.
2. Герзаш даран говзаллех юкъара кхетам.
3. Муха хилла герзаш дар хьалха заманахь?
4. Герзаш даран говзалла тахана.
5. Хьалхалера а, х1инцалера а говзаллина юкъара башхаллаш.
6. Дийцарш
7. Кицанаш, тидамаш, аларш.
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
- Герзаш даран говзаллех лаьцна х1ун дуьцур дара аш?
- Муха хилла герзаш дар хьалха заманахь?
- Муха лакхаяьлла герзаш даран говзалла тахана?
- Стенна оьшу герзаш?
- Х1ун олу вай герзаш карахь долчу нахах?
- Муха лелон мегар дац герзаш?
V. Урокан жам1 дар.
- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;
VI. Рефлексин мур
-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?
VII. Ц1ахь бан болх: 1амийнарг схьадийца; дийцарш, кицанаш,
аларш.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.