Урок № 12
Класс – 11
Терахь ______
Хьехархо
Тема: Хелхаран оьздангалла.
1алашо: оьздангаллехь заманца хийцалучух а, хийцадала йиш йоцучух а
лаьцна хьалха урокехь дийцинарг т1еч1аг1дар; хелхаран
оьздангаллех болу кхетам берашна балар; вайнехан
г1иллакхаш, оьздангаллин барамаш дешархошна бовзийтар;
къоман г1иллакхехь къона т1аьхье кхиор.
Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»
«Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш»
Урокан некъ.
I. Догдаийтаран мур
Даима тидаме хила хьо новкъахь,
Мох хьоькхуш, шок етташ, ма елахь г1овг1а
Воккханиг лара ахь, некъ бита цунна,
Г1о делахь, сих ца луш, и оьшучунна.
Г1иллакхе дешнаш ду хьан атта толам.
Дош-иза дарба ду, ахь аьллехь мерза.
Некъ ц1анбе, шовданна де ахь дола,-
Хьайгара диканиг дита кху лаьттахь.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур
- Оьздангаллехь заманца хийцалург х1ун ю?
- Заманца оьздангаллехь хийцаяла йиш йоцург х1ун ю?
- Муха кхоллалуш ю стеган оьздангалла?
- Муха хадабо стеган мах халкъо?
III . Керла тема: Хелхаран оьздангалла.
План:
1. Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.
2. Хелхаран ламасташ селхана.
3. Хелхаран ламасташ тахана.
4. Халкъан кицанаш, дийцарш, аларш.
5. Дуьнент1ехь г1араваьлла нохчо-хелхарча.
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
- Мича меттигашкахь волуш хуьлу хелха?
- Нохчийн хелхаран оьздангаллех х1ун эр дара аш?
- Х1ун башхалла ю вайнехан хелхарна, кхечу къаьмнийн хелхаршна
юкъахь?
- «Хелхарийн оьздангалла» - бохучу дешнийн маь1нех муха кхета шу?
- Дуьнент1ехь а г1араваьлла нохчо-хелхарча мила ву?
- Х1ун хаьа шуна цунах лаьцна?
- Хелхарх лаьцна дийцарш, кицанаш хьан дуьйцур дара аш?
V. Урокан жам1 дар.
- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;
VI. Рефлексин мур
-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?
VII. Ц1ахь бан болх: кицанаш, дийцарш, аларш
Проверил: зам. дир. по УВР: _________/Р.И.Баматгериев/
Директор школы: ________/А.Р.Хусиев/
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.