Тема: Хьун а, хьуьнан дахар а.
Оценка 4.7

Тема: Хьун а, хьуьнан дахар а.

Оценка 4.7
doc
02.05.2021
Тема:  Хьун а, хьуьнан дахар а.
12-й урок Хьун а, хьуьнан дахар а..doc

                                                               Урок №  12                                                                                                                                     

                 Класс – 6

               Терахь ______

              Хьехархо:

 

         Тема:  Хьун а, хьуьнан дахар а.

1алашо:   берашна г1урбанан   денойх лаьцна белла  юкъара кхетам

                  карлабаккхар;  г1урба деран дозаллех лаьцна дийцинарг

                  т1еч1аг1дар; хьун а, хьуьнан  дахар довзийтар; муха лерам

                  хилла вайн дайн хьаннашца дийцаре дар; 

                 1аламе безам т1еч1аг1бар; нохчийн  къоман г1иллакхаш,

                 оьздангаллин  барамаш бовзийтар; ийман, ислам  долуш къоман

                 г1иллакхехь къона   т1аьхье кхиор.

Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»

                          «Халкъан тидамаш, кицанаш»

                          «Газетан вырезкаш».

 

Урокан некъ

 

      I.  Догдаийтаран мур

 

Хьо адам ду, ахь цундела

Лардан деза 1алам хаза!

Дита хьоза стиглахь лела,

Сема лу а - дажа басахь.

 

     Шовданаш, хиш-Делан ни1мат

     Ларам барца 1алашделахь.

     Дечгах деш ахь коррий, не11ий,

     Ца оьшург ма хадаелахь.

 

               II.  Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур

 

- «Г1урбанан денош» - бохучу дешнийн маь1нех муха кхета шу?

- Маца дойу г1урбанаш?

- Г1урбанна урс хьакхаран дозаллех х1ун эр дара аш?

- Г1урбанах саг1ийна х1ума яларан мел моццул буьйцу?

- Г1урбанан беттан итталг1а де х1ун де ду?

 

III. Керла тема:    Хьун а, хьуьнан дахар а.

 

     - Кхоамза хьун х1аллакъяр магош ца хилла вайн дайша. Хьуьнха воьдучу стага шен диг т1е бехчалг хьарчайой, къайладоккхуш хилла, иза дитташна ца гайта. Ша дечиг охьатоха д1аволавалале, «Бисмилла» а доккхий, «Везан Дела, къилахь ма ларалахь», - олуш хилла стага. Къаьсттина магош ца хилла т1е стом латийна дитташ хедо: 1ожан, кхоран, стен, хьайбин… 1аламат ч1ог1а лерам хилла стовца. Цуьнан ши буьртиг кийрахь а болуш кхелхича, стаг декъал хир ву, бах. Дечгех лерам болуш элхьаьмц, сур, хьаьмц, хьоьрмат – кхидолу стом лато дитташ а хилла.

         Стом ца ло цхьадолу дитташ хилла нохчаша лоруш: наж, турс…

                                      Кицанаш, аларш:

- Хьуьне хьаьжжина хуьлу акхарой а.

- Хьун йогу – массарна а го.

- Хьуьнхахь а, бодашкахь а къайле ма йийца.

 

                             Дешнаш т1ехь болх:

 

Наж, турс, элхьаьмц, сур  – диттийн ц1ераш;

 

IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар

- Х1унда къайладоккхуш хилла хьуьнха воьдучу стага диг?

- Муха охьатухуш хилла стага дитт?

- Муьлхачу дитташца лелош хилла ч1ог1а лерамаш?

- Дийца, х1инца муха лерам бо вайнаха хьуьнан.

 

                     V.  Урокан жам1 дар.

 

- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;

 

                   VI.  Рефлексин мур

 

-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?

 

                   VII.  Ц1ахь бан болх: кицанаш, аларш,  хьадисаш.

 

 

 


Урок № 12

Урок № 12

Цуьнан ши буьртиг кийрахь а болуш кхелхича, стаг декъал хир ву, бах

Цуьнан ши буьртиг кийрахь а болуш кхелхича, стаг декъал хир ву, бах
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
02.05.2021