Урок № 12
Класс – 6
Терахь ______
Хьехархо:
Тема: Хьун а, хьуьнан дахар а.
1алашо: берашна г1урбанан денойх лаьцна белла юкъара кхетам
карлабаккхар; г1урба деран дозаллех лаьцна дийцинарг
т1еч1аг1дар; хьун а, хьуьнан дахар довзийтар; муха лерам
хилла вайн дайн хьаннашца дийцаре дар;
1аламе безам т1еч1аг1бар; нохчийн къоман г1иллакхаш,
оьздангаллин барамаш бовзийтар; ийман, ислам долуш къоман
г1иллакхехь къона т1аьхье кхиор.
Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»
«Халкъан тидамаш, кицанаш»
«Газетан вырезкаш».
Урокан некъ
I. Догдаийтаран мур
Хьо адам ду, ахь цундела
Лардан деза 1алам хаза!
Дита хьоза стиглахь лела,
Сема лу а - дажа басахь.
Шовданаш, хиш-Делан ни1мат
Ларам барца 1алашделахь.
Дечгах деш ахь коррий, не11ий,
Ца оьшург ма хадаелахь.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур
- «Г1урбанан денош» - бохучу дешнийн маь1нех муха кхета шу?
- Маца дойу г1урбанаш?
- Г1урбанна урс хьакхаран дозаллех х1ун эр дара аш?
- Г1урбанах саг1ийна х1ума яларан мел моццул буьйцу?
- Г1урбанан беттан итталг1а де х1ун де ду?
III. Керла тема: Хьун а, хьуьнан дахар а.
- Кхоамза хьун х1аллакъяр магош ца хилла вайн дайша. Хьуьнха воьдучу стага шен диг т1е бехчалг хьарчайой, къайладоккхуш хилла, иза дитташна ца гайта. Ша дечиг охьатоха д1аволавалале, «Бисмилла» а доккхий, «Везан Дела, къилахь ма ларалахь», - олуш хилла стага. Къаьсттина магош ца хилла т1е стом латийна дитташ хедо: 1ожан, кхоран, стен, хьайбин… 1аламат ч1ог1а лерам хилла стовца. Цуьнан ши буьртиг кийрахь а болуш кхелхича, стаг декъал хир ву, бах. Дечгех лерам болуш элхьаьмц, сур, хьаьмц, хьоьрмат – кхидолу стом лато дитташ а хилла.
Стом ца ло цхьадолу дитташ хилла нохчаша лоруш: наж, турс…
Кицанаш, аларш:
- Хьуьне хьаьжжина хуьлу акхарой а.
- Хьун йогу – массарна а го.
- Хьуьнхахь а, бодашкахь а къайле ма йийца.
Дешнаш т1ехь болх:
Наж, турс, элхьаьмц, сур – диттийн ц1ераш;
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар
- Х1унда къайладоккхуш хилла хьуьнха воьдучу стага диг?
- Муха охьатухуш хилла стага дитт?
- Муьлхачу дитташца лелош хилла ч1ог1а лерамаш?
- Дийца, х1инца муха лерам бо вайнаха хьуьнан.
V. Урокан жам1 дар.
- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;
VI. Рефлексин мур
-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?
VII. Ц1ахь бан болх: кицанаш, аларш, хьадисаш.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.