Тема: Стеган сий. Нийсо.
Оценка 5

Тема: Стеган сий. Нийсо.

Оценка 5
doc
15.05.2021
Тема: Стеган сий. Нийсо.
35-й урок стеган сий. нийсо..doc

                                                                       Урок № 3                                                                                                                                         

                 Класс – 10

               Терахь ______

              Хьехархо:

Тема: Стеган сий. Нийсо.

1алашо: берашна «стеган сий, нийсо, адамалла» - бохучу дешнийн

                маь1на  довзийтар; адаман сий деш, нийсонца, адамаллица,

                къинхетамца,  комаьршаллица къона т1аьхье кхетош – кхиор;

                даима а г1иллакхах,  оьздангаллех ца боха 1амор а.

Урокан г1ирс: «Халкъан кицанаш, аларш, тидамаш»

     «Исбаьхьа шовда».

 

Урокан некъ

 

Урокан некъ.

I.                  Догдаийтаран мур

 

Нах  хилийта бертахь

Лело еза нийсо.

Махкахь хир ду беркат,

Дацахь девнаш, къийсам.

 

           II.  Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур

 

- Муха хадабо халкъалахь стеган мах?

- Нахалахь д1айоьду дика ц1е муха кхоллалуш хилла?

- Цхьана стеган дахаре, г1иллакхе хьаьжжина, дерриге къомана ц1е тиллар нийса дуй?

- Муьлха оьздангаллех лаьцна кицанаш девза шуна?

 

 III. Керла тема: Стеган сий. Нийсо.

 

                            Дешнаш т1ехь болх:

 

         Сий – иза стагана деза хетта, дохо, я кхечуьнга дохадайта йиш йоцу, цо ша шен лаамехь т1елаьцна оьздангаллин декхарш а, уьш хаддаза кхочушдеш 1а1ийна дикчу г1уллакхийн мохь а, гонахарчу наха церан мах хадош шен д1аяхна дика ц1е а, и бахьанехь нахана юккъехь корта айбина д1алела юьхьк1айн хилар а ду.

 

Хьалкъан кицанаш, аларш:

 

- Сий дайина вехачул, сийлахь валар тоьлу..

- Сий ахчанал а деза ду.

- Стеган адамалла, дикалла цуьнан г1иллакхо йовзуьйту.

- Сий дойучул – корта байар тоьлу.

- Сий дезахь – къинхьегам беза.

- Сийлалло хьекъал ло, иэхьдацаро – долуш дерг а д1адоккху.

-Нийса долчунна 1овдалниг бен оьг1аз ца воьду.

- Ненан сий динарг -  Дала а, махко а лерина.

 

IV .1амийнарг т1еч1аг1дар

- Муха кхета шу «стеган сий» - бохучу дешнийн маь1нех?

- Стенах олу нийсо?                                                                                                                     

- Мичахь хила еза иза?

- Х1ора вай яздинчу кицанан маь1на хьан дийр дара аш?

- Дийца, стеган сий, нийсонах лаьцна х1ун дийцарш девза шуна?

- «Исбаьхьа шовди» т1ера дийцарш дешар.

 

 

           V. Урокан жам1 дар.

 

- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;

 

           VI. Рефлексин мур

 

-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?

 

          VII. Ц1ахь бан болх: 1амийнарг схьайийца, кицанаш дагадаийта.


Урок № 3

Урок № 3

Сий дойучул – корта байар тоьлу

Сий дойучул – корта байар тоьлу
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
15.05.2021