Тема: Яхь.
Оценка 4.6

Тема: Яхь.

Оценка 4.6
doc
15.05.2021
Тема: Яхь.
5-й урок Яхь..doc

                                                 Урок № 5                                                                                                                                        

                 Класс – 10

               Терахь ______

              Хьехархо:

 

Тема: Яхь.

1алашо:   берашца адамаллех, къинхетамах, комаьршаллех лаьцна

                  дийцинарг т1е  

а  ч1аг1деш, «яхь» - бохучу дешан кхетаман маь1на довзийтар; адамийн юкъаметтигашкахь бакъ яхь, харц яхь, хьаг1 къасто хаар ;

                къоман г1иллакхехь яхь йолуш т1аьхье кхиор.

Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»,

                                 «Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш»

                         «Халкъан кицанаш, аларш».

 

                                         Урокан некъ

 

 

I.                  Догдаийтаран мур

 

Дика доьшуш, я къахьоьгушхьанал,

Лелаелахь нийсархошца яхь.

Муххаъ тоьлла, тола г1ерташ цхьаннал,

Дагна улло маяийта хьаг1!

 

           II.  Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур

 

- Муха кхета шу адамалла, къинхетам, комаьршалла бохучу дешнийн маь1нех?

- Х1ун з1е ю царна юкъахь?

- Комаьршаллех лаьцна муьлха дийцарш, кицанаш девза шуна?

 

  III. Керла тема:  Яхь.

 

                            План:

1.     Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.

2.     «Яхь» - бохучу дашах юкъара кхетам.

3.     Оьзда яхь, харц яхь.

4.     Хьаг1.

5.     «Яхь» , хьаг1 – дуьхь – дуьхьалара маь1на долу кхетамаш.

6.     Дийцарш, аларш, кицанаш.

7.     Словарни болх.

 

                    Дешнаш т1ехь болх:

 

Яхь – иза гуттар а дикачу г1уллакхаш т1ехь, амалшкахь кхечул, шена гонахарчу нахал оьшуш ца хила г1ерташ, мелхо а царал тола г1ерташ хилар ду.

Оьзда яхь – иза дикачу г1уллакхашца кхечул тола г1ерташ а, и дархьама лелориг оьздангаллин хоршахь долуш, нагахь ша эшахь а, шел тоьллачун кхиамех воккхаве а, цунна мук1арло дан а, иза цуьнца декъалван а ницкъ кхочучу стеган яхь ю.

Харц яхь – иза стага, нахаца йохье а волий, цара олучу дашах кхера а лой, нийса доцург а, зулам а дар ду.

Хьаг1 – иза къовсавалар ду, ша къовсавеллачунна вуон болх хила ларца къовсавалар: иза шел тоьлча, и лан оьздангалла йоцуш, цунна тешнабехк бан а, харц ц1е кхолла а, х1уъу дан а кийга а волуш.

 

IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар

 

- Муха кхета шу «яхь» -  бохучу дешнийн маь1нех?

    - Дийца, муьлха ю оьзда яхь, харц яхь. Даладе масалш, дийцарш.

   - Стенах олу хьаг1?

   - Х1ун башхалла ю яхьна, хьаг1на юкъахь?

   - Хьенан дуьхьа хила еза яхь? (Делан).

 

           V. Урокан жам1 дар.

 

- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;

 

           VI. Рефлексин мур

 

-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?

 

          VII. Ц1ахь бан болх: яхь йолчу шайна бевзачу нахах лаьцна дийцарш.

 

 


Урок № 5

Урок № 5

Яхь – иза гуттар а дикачу г1уллакхаш т1ехь, амалшкахь кхечул, шена гонахарчу нахал оьшуш ца хила г1ерташ, мелхо а царал тола г1ерташ хилар ду

Яхь – иза гуттар а дикачу г1уллакхаш т1ехь, амалшкахь кхечул, шена гонахарчу нахал оьшуш ца хила г1ерташ, мелхо а царал тола г1ерташ хилар ду
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
15.05.2021