Тема: Яхь а, хьаг1 а.
Оценка 4.7

Тема: Яхь а, хьаг1 а.

Оценка 4.7
doc
02.05.2021
Тема: Яхь а, хьаг1 а.
26-й урок Яхь а, хьаг1 а..doc

                                                                  Урок № 9                                                                                                                                      

               

                 Класс – 7

               Терахь ______

              Хьехархо:

 

         Тема: Яхь а, хьаг1 а.

 

         1алашо: «Яхь» - бохучу кхетаман маь1нехь лаьцна дийцинарг т1е а

                            ч1аг1деш;   «Яхь», «Хьаг1» - бохучу дешнийн юкъара кхетам

                            балар; яхьна, хьаг1на

                           юкъара башхаллаш йовзийтар; яхь, доьналла долуш къоман  

                            г1иллакхехь  къона т1аьхье кхиор.

 

Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»,

                                  «Г1иллакхийн хазна  -  ирсан некъаш»

 

Урокан некъ

 

I.Догдаийтаран мур

 

Дика доьшуш, я къахьоьгушхьанал,

Лелаелахь нийсархошца яхь.

Муххаъ тоьлла, тола г1ерташ цхьаннал,

Дагна улло маяийта хьаг1!

 

                    II.  Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур

 

-«Яхь» бохучу кхетаман маь1на де.

- Стенах олу яхь?

- Йохье валарца х1ун халонаш ловш хилла стага?

- Мила хила тарло стага яхь лелош верг?

- Стенах олу оьзда яхь?

 

               III.  Керла тема. Яхь а, хьаг1 а.

 

                            План:

1.     Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.

2.     «Яхь» - бохучу дашах юкъара кхетам.

3.     Оьзда яхь, харц яхь.

4.     Хьаг1.

5.     «Яхь» , хьаг1 – дуьхь – дуьхьалара маь1на долу кхетамаш.

6.     Дийцарш, аларш, кицанаш.

7.     Словарни болх.

 

                    Дешнаш т1ехь болх:

 

            Оьзда яхь – иза дикачу г1уллакхашца кхечул тола г1ертахь а, и лархьама лелариг  оьздангаллин хоршахь долуш, нагахь ша эшахь а, шел тоьллачун  кхиамехь воккхавен а, цунна  мук1арло дан а, иза цуьнца декъалван а ницкъ кхочучу стеган яхь ю.

           Харц яхь – иза стага, нахаца йохье а валий,цара олучу дашах кхера а лой, нийса доцург а, зулам а дар ду.

          «Яхь», «Хьаг1» боху кхетамаш дуьхь – дуьхьалара маь1на долуш белахь а, мелла а вовшашца з1е йолуш а бу. Цу шинна а бухахь – къовсадалар ду. Цундела стаг гуттар а сема хила веза шен яхь хьог1е ца йоврзуьйтуш, шен лаамера шайт1анан лааме ца волуш (ткъа хьаг1 шайт1анан лаам бу. Яхь Дала де боху дика г1уллакхаш Делан дуьхьа дарехь хила еза, оцу маь1нехь вайна юкъахь лела а еза.

 

               IV.  1амийнарг т1еч1аг1дар.

 

         - Муха хуьлу оьзда яхь? Даладе масалш.

         - Стенах олу харц яхь?

         - Цунах лаьцна х1ун дуьйцур дара ахь?

         - Стенах олу хьаг1?

         - Х1ун башхалла ю яхьна, хьаг1на юкъахь ерг? Даладе масалш.

         - Кицанаш, аларш, дийцарш муьлхарш хаьа яхьах, хьаг1ах лаьцна?

 

                V.  Урокан жам1 дар.

 

- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;

 

                VI.  Рефлексин мур

 

-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?

 

                VII. Ц1ахь бан болх: язйинарг 1амо, кицанаш, дийцарш, аларш

 

 


Урок № 9

Урок № 9

Дешнаш т1ехь болх:

Дешнаш т1ехь болх:
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
02.05.2021