Нохчийн мотт 6 а кл. - 24.12.24 шо
Урокан ц1е: Эцаран терахьдешнаш.
Урокан тайпа: хаарш кхачаме далоран
Урокан 1алашо: 1) кхеторан: дешархошна терахьдашах дерг кхид1а довзийтар, тайпанашка хьаьжжина легаран кепаш йовзуьйтуш, дожаршца хийца ца луш долу дакъа билгалдар.
2)кхиоран: дешархошна хаа деза, терахьдош стенах олу, иза коьрта къамелан дакъа дуй, эцаран терахьдешнийн маь1на, муьлхачу хаттаршна жоп ло, кхолладаларан суффиксашца нийса ц1е йаккха , ала.
3)кхетош – кхиоран: нохчийн матте, къинхьегаме болу безам к1аргбар.
Кхочушдан лерина жам1аш: дешархошна 1емар ду терахьдешнаш къасто, дожаршца хийца, йевзар йу терахьдешан легадаларан кепаш, хуур ду цхьалхе, чолхе, х1оттаман терахьдешнийн легадаларх, уьш муха хийцало.
Коьрта дешнаш, кхетамаш: къамелан дакъа, терахьдош, масаллин, рог1аллин, декъаран, гулдаран, билгалза-масаллин, эцаран, ,легар, дожар, кеп, лааме, лаамаза.
Урокан г1ирс: у, мел, план, книга, тетр., ИКТ – г1ирс, дошам, Сам.грам.
Урок д1айахьар
1.Урокана
кечамбар. Ойла т1ейерзор
«Къонах декхарийлахь ву шен ненан мотт хаа.» Кадыров
А.-Хь. Стенах лаьцна
дуьйцур ду вай? Маттах. И мотт безаш, кхиош хилар вайн декхар ду.
2.Ц1ахь бина болх таллар – Дешархойн хаарийн актуализаци - Муха кхета шу къамелан дакъа бохучух? Муьлха къамелан дакъош девзина вайна? Маса ду къамелан дакъа? Коьрта? Г1уллакхан? Терахьдош стенах олу? Муьлха тайпанаш девза вайна терахьдешан? Къастор ду вай- Д1айазйе х1окху уьна т1ера предложенеш:
Ворх1азза йуста, цкъа хадайе. Шозза аьлларг хьерахь а хезна. Кхузза кхоъ исс ду.
Къастаде терахьдешнаш. Муьлха терахьдешнаш ду уьш? Билгалйаха суффиксаш.
Муьлхачу хаттаршна жоп ло предложенешкарчу терахьдешнаша? Масаллин терахьдешнашна муьлха суффикс т1екхетарца кхолладелла уьш? Ворх1азза -азза, шозза - -зза. кхузза - -зза,
Тахана стенах лаьцна дуьйцур ду? Эцаран терахьдешнех.
Легаде - цхьаъ, диъ б1е кхоъ -
3. Урокан тема йовзийтар - 1) хьехархочун дош - терахьдашах лаьцна дийцар - книгин лорах болх бо - бакъонаш йешарца, масалш далош
-Терахьдешнаш буха сиз а хьокхуш схьакъастадо - Пхоьазза, иссазза, шолг1а, ткъе барх1, зама, книга, йалхитта, б1озза, вуьрх1итталг1а, шишша, кхуз- кхузткъа, гуьйре, б1е йалх, серло, шийт- шийтта, б1е шовзткъе ворх1азза, ши эзар барх1, пхийтта, малх, барх1 б1е кхоъ, дейтталг1а, йал- йалх.- Муьлханаш ду вайна ца девзаш? Хьан эр дара уьш муьлханаш ду?
2) хьехархочо оьрсийн маттахь олу, дешархоша йозанца йаздо - 15 раз, 1000, 118, 3, 1 ( цкъа)
3) хьехархочуьнца цхьаьна болх д1ахьо дешархоша - Бакъо 20 , масалш довзуьйту
Уьна т1ехь терахьдешнаш тайпанашка доькъуш, барта царах дуьйцу
4) дешархошца цхьаьна кхочушдо 101 – ра шардар
Сада1аран миноташ
5)Кхоллараллин болх -
Тобанашца болх бо дешархоша - Ш. 99
Диъ, йалх, вуьрх1итта, шовзткъе пхиъ, ши б1е кхоъ, шийтта
Исс, дейтта, ткъе йалх, б1е ворх1, цхьа б1е берх1итта, ворх1
4. Урокан жам1 дар - -Стенах олу терахьдош? Муха хуьлу уьш? Х1оттамца къастадой вай терахьдешнаш? Муьлхачу къамелан декъаца уьйр хуьлу? Муьлхачух олу эцаран терахьдешнаш? Классаца цхьаьна болх Масала: 2x5= шиъ пхоьазза схьаэцча итт хуьлу.
3 x 2 = 2 x 2 = 10 x 5 =
4 x 5 = 2 x 4 = 9 x 7 =
5. Ц1ахь бан болх : Ш. 100 , карл. бакъонаш, Б.т. т1едиллар 43
6. Рефлекси йар: Сайн хаарш шорди ... Суна керланиг 1еми Аса кхин а къахьоьгур ду сайн хаарш т1едузуш ...
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.