Конспект открытого урока по окружающему миру: «Что находится под ногами».
Оценка 4.9

Конспект открытого урока по окружающему миру: «Что находится под ногами».

Оценка 4.9
docx
07.05.2024
Конспект открытого урока по окружающему миру: «Что находится под ногами».
dokument_microsoft_76_muka__muka_office_word.docx

Дешаран урок

Урокан ц1е:Мукъа а, мукъаза а аьзнаш.

1алашонаш:

1.Мукъа а , мукъаза а аьхнех болу хаамаш шорбар, церан башхаллаш йовзийтар.

2.Хьехархочун хаттаршна дуьззина  жоьпаш дала 1амар, шеен накъосташка ладог1а, шена хетарг д1аала лаам кхиор.

3.Ненан мате безам кхиор.

Урок д1аяхьар.

1.Дешаре шовкъ кхоллар.

-Къамел деш х1ора дош олуш вай пайдаоьцу аьзнех, и дешнаш д1аяздеш вай пайдаоьцу элпех.

  Туьйра.

Генахь  ворх1 ломал деха ши гу бара. Цхьа гу даима  улло ваханчунна эшаре мукъаме аьнаш хезаш бара . к1орда ца дора цаьрга ладег1арх, хаза бара цигара мукъамаш. «А-аааа, и-иии». Цигахь дехаш  дерш дара мукъа аьзнаш.

 Шолггачу гут ера бахархой  къахьогуш, хаза бехаш бара ,амма церан самукъа дацара , уьш г1айг1оне  бара. Царна  ч1ог1 хазахетара мукъачу гу т1ера схьахеза эшарш, Уьш ч1ог1а г1ерта шайна и хаза эшарш 1амо .Амма царна и эшарш ца лакхало, церан дац деха аз, мукъам . «БББ,ППП.»

 Т1аккъа цара барт бина шина гунн бахархой цхьаьна а кхетта. Цара барт бина цхьана даха , цхьа доьзал сана. Т1аккха д1алакха йолийна хаза эшарш. «ЛА-ла-ла.ми-ми-ми». Мукъачарна хиъна шайн эшарш  мукъазчерах кхетта локхуш хьалхачерал хазахилар. Барт хила  церан кхин вовшех ца довлуш цхьана гу т1ехь 1ан.Цунах алфавит аьлла ц1е тиллина. Цу алфавитан 49 вахархо ву.

-_ Муьлха элпаш дара хьалхарчу гу т1ехь дехарш? Ц1ераш яхал церан?Х1унда олу царех мукъа элпаш?Уьш маца дара?

- Муьлха элпаш дара шолг1ачу гу т1ехь дерш?Ц1ераш яхал церан? Х1унда олу царех мукъаза? Уьш маца дара?

3.1алашо йовзийтар.

-д1аелла книга .Х1ун 1амор дув ай урокехь?

4.Керла тема хьехар.

А) «мукъа а, мукъаза аьзнаш»байт ешар.

-Муьлханаш ду мукъанаш?Схьадийца уьш.

-Х1унда олу царех мукъа элпаш?

-Муьлханаш ду доций шеконан мукъа аьзнаш?Даладе масалаш.

-Муьлха билгалонаш ю байт т1ехь мукъачеран ялийна?Мукъазачеран?

Б)Бакъо д1аешар.

-Маса ду мукъа элп?Д1адеша жоп.

-Муьлхачу элпаша до ши аз билгал?

-Маса ду шалха элп?

-Оьрсийн маттахь доцург муьлха элп ду?

-Муьлха элпаш ца яздо т1еэцначу дешнашкахь бен?

5.Сада1аран миноташ.

6.Керла тема кхин д1а а хьехар.

А) Х1ума довза луург

1. Ялта, кхийолу х1умаюьйш-лелош долу латта? (Кха)

2. К1иранан кхоалг1а де? (Кхаара)

3. Уьстаг1ан ц1ока? (Кхакха)

4. Юург кхечу кепара? (Кхача)

5. Кхо га долу шада? (Кхолго)

6. Шура, цуьнан сурсаташ чохь  лелон кхийрапхьег1а? (Кхаба)

7. Президент я депутат хоржуш

харжаман яьшки чу тосу кехат? (Кхаж)

8. Говран «месаш»? (Кхес)

Б)Тобанашкахь болх

 

Дашна юккъехь дош караде

Къинхьегам (къен, къам, къа, къахь, хье, га, гам, хьена).

Къонах (къа, ах, нах, ан, нох, ха, хан). Къехка (еха, ехк,

ка, ах, ахк).

 

Цхьана дашах - маситта

Къоршкъали (къам, орам, рама, ша, къонза, абат, лами, иту).

Къинхетам (къу, ирс, нус, хорбаз, етт, турмал, амал, моз).

8.Рефлекси.

-Х1ун керланиг хии шуна аьхнех?


 

Дешаран урок Урокан ц1е:Мукъа а, мукъаза а аьзнаш

Дешаран урок Урокан ц1е:Мукъа а, мукъаза а аьзнаш

Муьлха элпаш дара хьалхарчу гу т1ехь дехарш?

Муьлха элпаш дара хьалхарчу гу т1ехь дехарш?

Кхаж ) 8. Говран « месаш »? (

Кхаж ) 8. Говран « месаш »? (
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
07.05.2024