Дешаран урок (33)
Урокан ц1е: Аз а,элп а 1(1 )
1алашонаш:
1.Аз а, элп а 1 кхин д1а а довзийтар, мукъа хилар хаийтар, 1 элп юкъадог1у дешнаш деша 1амор, предложенеш еша 1амор.
2.Хьехархочун хаттаршна жоп далар к х иор.Къамела юкъара предложенеш йовза хаар. Ойлаяр , тидам бар кхиор.Дозуш долу къамел кхиор..Тобанашкахь болх бар кхиор. Ойлаяр , тидам бар кхиор.
3.1аламе безам кхолларЮ г1иллакх долуш , г1иллакхехь бистхила хууш дешархой кхиор.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
2. Дешаре шовкъ кхоллар
1онт1а
Алахь дас: «Т1еоза ков»,
-1онт1ас, водий, бохьу ков.
Бехча ч1ерий лоьцу м1ара,
Кховдайо цо п1елган м1ара.
Алахь: «К1ант, д1абаккха мотт»,
-Багахь лечкъабо шен мотт.
Эшча иту хьакха киса,
Кховдадо шен кучан киса.
Поппар бечохь эшча ча,
Хьуьнах хьоду яло ча.
Х1 ун г1алат ду, алал, бераш,
1онт1ас дийриг? - ойла елаш.
(Ш. Хаджимуратов)
-Хьан лур дара цу хаттарна жоп?
3.1алашо йовзийтар
Кроссвордаш
1. Гуьйренал т1аьхьа йог1ур
2. Пха кхуссу г1ирс.
3. Воккхачу стеган говр.
4. Буц, дитташ, хиш, вайна гонах дерг.
(Жоп: 1.1а. 2.1ад. 3. Iaca. 4.1алам.)
|
|
|
||
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
-Муьлхачу элпацо долало шуна карийна дешнаш?Х1ун 1амаор ду вай урокехь?
3.Керла тема хьехар.
1.Дешнаш дешар.
Не1 1аса 1аша
Йо1 1ийса 1усман
Ба1 1умар 1айнаъ
-Маса дешдекъах лаьтта хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш?Шолг1а?
-Муьлха дешнаш яздина даккхийчу элпашца?Х1унда?
3.Керла тема хьехар.
А).дешнаш дешар.
Йо1 Во1 Ба1 1ам |
1аса Ма1а 1аша 1ийса |
1ахар 1едал Ма1ар 1умар |
Б)Дийцар х1оттор.
-Х1ара х1ун ю?(Бай)
-Бай муха бу? (Баьццара)
-Бай т1ехь х1ун кхуьу?(Зезагаш)
-Зезагаш муха ду?(хаза)
-Х1у ю зезагашна т1ехула хьийзаш?(Полларчий)
-Муха ду полларчий?
-Х1ун ю бай т1ехь ежаш?(1ахар)
-муха бу 1ахар?(Хаза, эсала)
-Шу дуй ц1ахь кхобуш дийнаташ?
-Аш уьш муха леладо?
-Г1аж етта, т1улгаш кхийса мегар дуй 1ахарна?
4.Сада1аран миноташ.
Эх1, ма хаза бу-кха из а!
Муттанах и ма бу буьзна.
Куьг ахь кховдош лаккха,
1аж цу т1ера баккха.
Мохо генаш лестадо,
Соьга 1аж ца баккхало.
Кхоссалуш, куьг кховдор ду,
Сихха 1аж схьабоккхур бу!
Эх1 ма 1ажбу-кха из а!
Муттанах и ма бу буьзна.
(Бераша байташ т!ехь дуьйцург до.)
5.Керла тема кхин д1а а хьехар.
А)Дийцар дешар.
.Массара д1адешар.
.Ша-ша д1адещар.
-Маса 1ахар бу 1ийсан?(Караде жоп)
-Цо х1ун до 1ахарашна?
-Цо царна муха 1уналла ду?
-Цо царна х1ун ло?
-Цара буц муха юу?
-Цо царна х1ун малайо?
-1ахарий муха ловзу?
-1умарна х1ун дукхаеза?
-Иза мила хила дагахь ву?
-Шуна лаьий цхьанна 1у хила?
-Муха к1ант ву 1ийса?Хьайна хетарг книги т1ера масалаш далош бакъде.
Б)Г1иллакхе дешнаш.
-бераш г1иллакх бохучу дашах муха кхета шу?
-Муха хила везв г1иллах долу стаг?
-Г1иллакх стаг массарна дукхавеза шуна, г1иллакх долчу стагана хууш ду волшебни дешна.дагадаийта шайна.Уьш цо ша меттар хьатаг1оттуш дуьйна олу.
-Хьалаг1еттича х1ун олу?(1уьйре дика хуьлда)
-Х1ума юуш?(г1оза юург хуьлда)
-Новкъахь шайн лулахо дуьхьалкхетча х1ун олу?
-Д1адеша книги т1ера предложенеш.Уьш дуй волшебни дешнаш.Уьш масса олу вай?
В)Тобанашкахь болх.
Дешнаш кхолла
Х1окху дешдакъошца дешнашкхолла:
1. 1а(1адат, 1алам, 1азап, 1ажаркх, 1амал);
2. 1аь (Таь1а, 1аьвла, 1аьмнаш, 1аьрчаш); 1е
(1едал, Iexa, 1ена, Ieca); 1и (1итта,
3. 1илма, 1индаг1,1ийша, 1ийжа).
7.Рефлекси.
-Х1ун керланиг 1еми шуна?
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.