Нохчийн литература
Тема: «Эвлахь» Р. Ахматова. (Аг1о 27-28)
1алашо: Р. Ахматовн дахар , кхолларалла, стихотворени « Эвлахь» йовзийтар». Нийса а , шера а, кхеташ а стихотворни тексташ еша 1амор. Даймахке безам кхоллар.Къамел , хьекъал , ойлаяр кхиор.
Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду кхеташ , яздархочун дог-ойла а гойтуш стихотворени еша ; берашна хуур ду текстера цхьацца аларш талла ; берашна хуур ду стихотворни текстера цхьацца дешнийн маь1нех кхета , уьш лела меттиг йовза.
Урок д1аяхьар.
1. Ц1ера болх таллар.
Бераша д1адоьшу М. Пришвина яздина «Сан Даймохк» ц1е йолу дийцар.
2.1алашо йовзийтар , белхан план х1оттор.
-Д1аелла учебникан 27- г1а аг1о. Муьлха произведени ю вайна 1амо билгалъяьккхина? (« Эвлахь»)
-Мила ву цуьнан автор? ( Р. Ахматова)
-Х1ун болх бийр бу вай и стихотворени дика 1амийта? Х1отта е план.
-Вайна тахана девзар ду нохчийн г1араяьллачу яздархочун Р. Ахматован дахар кхолларалла, цуьнан керла стихотворени « Эвлахь». Шуна 1емар ду нийса а , кхеташ а стихотворни тексташ еша, цу юкъара цхьацца долу аларш , дешнийн меттига талла.
3. Керла тема хьехар.
а) Яздархочух дош.
аь) Хьехархочо кхетош д1айоьшу Р. Ахматован «Эвлахь» стихотворени.
4.Сада1аран миноташ.
Х1уттут
4. Керла тема кхин х1а а хьехар.
а) бераша цхьанаэшарехь меллаша д1айоьшу стихотворени .
аь)Бераша цхьанаэшарехь ч1ог1а д1айоьшу стихотворени.
б) Бераша кхетош д1айоьшу стихотворени.
в) Чулацамах къамел дар.
-Стенна тера д1аболало Даймохк? (1аламна , доьзална, урамна,школана, юьртана т1ера д1аболало)
-Мила ву стихотворенин турпалхо? (Р. Ахматова)
-Стенгахула д1айоьду иза? (Йинчу юьртан уроамехула)
-Муха ю цуьнан дог- ойла? (Йоккхаеш ю)
-Муха хиира хьуна? Д1абеша и мог1анаш.
-Х1ун ду цунна хезаш ? Аганан илли)
-Х1ун дагалецамаш ду цуьнанкоьрте хьийзаш? (Шен бералла , аганан йиш , йоккха стаг , цуьнан денана хила мега иза)
-Кхи стенна т1ехь б1аьрг сеци цуьнан ? (поп бу эвла йистехь)
-Х1ун боху цо поппх лаьцна ? (сан доттаг1)
-Кхечу меттехь ала мегар дарий ПОП сан доттаг1? (Дац)
-Х1унда ? (Маь1на нийса хир дац)
-Мила дага тосу цунна т1еххьара? (Шен да)
-Х1ун боху цо цунах лаьцна? (Со йинчу дийнахь дас доьг1на акхтарг мархашка кхаьчна)
-Х1ун боху цо шен эвлах лаьцна? (Сан эвла ч1ог1а кхиъна , хазъелла боху)
-Стенца гайтина поэтессас шен даймахке болу безам? (Шен юьртаца , дитташца , аганан йишца , юьртаца..)
-Х1ун эр дара аша вайн юьртах лаьцна ? Эр ва Урамаш ? (Хаза ду уромаш)
-Уггара хьалха стенах б1аьрг кхета вайн юьртахь? (маьшдиг)
-Юха ? (Аренаш зезагаша хазйина)
-Стенна т1ера д1аболало шуна гергахь Даймохк? (Берийн жоьпаш)
5. Суьтраш дахкар
-Х1инца аша дахка деза суьрташ «Даймохк» темина.
6. Рефлекси.
-Хун керланиг 1еми шуна?
7.Урокан жам1 дар.
-Муьлха произведени йийшира вай?
-Мила ву цуьнан автор?
-Муха ю и произведени?
8. Ц1ахь бан болх балар.
Стихотворени «Эвлахь» Р. Ахматовн дагахь 1амо цхьа кийсак.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.