96-г1а урок
Урокан ц1е: «Вайн яздархой.1умар Гайсултанов, цуьнан байт: «Дешарца цхьана 1емар вай».
1алашо: берашна нохчийн яздархо 1умар Гайсултанов вовзийтар. Цуьнан байт : «Дешарца цхьана 1емар вай» йовзийтар. Нийса а , шера а еша 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни:берашна вевзар бу нохчийн г1араваьлла яздархо 1. Гайсултанов, евзар ю цуьнан байт: «Дешарца цхьана 1емар вай». 1емар ду шера а, кхеташ а байташ еша.
2. Метапредметни:
· Регулятивни: берашна 1емар душ ай кийча план а йолуш , дешаран кхиамаш баха кийча хилар.1емар ду интернет чохь, яучабникаш т1ехь , баккхийчаьрга хеттарца оьшу г1ирс гулбан , цунах пайдаэца. Берашна хуур ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.
· Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду вовшашца къамеле бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду шайна хеттарг д1аала, шайн накъоста дуьйцучунга ладог1а, кхета.
· Познавательни: берашна вевзар ву яздархо. Хуур ду яздархо мила ву.Хуур ду ешначу юкъара коьрта долу х1ума довза и схьаэца.Берашна хуур ду ешарца яздархочун дог-ойла билгалъяккха.
3. Личностни:Берийн дозалла кхоллалур ду шайн къомах, яздархойх. Берашна луур ду Даймахка дуьхьа, къома дуьхьа кхиамаш баха.Берашна 1емар ду шайн амалехь диканиг кхио.
Урок д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар
-Де дика хуьлда шун, бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
· Ц1енааларш.
Ма - ма - ма - дуьхьал йола Ама.
My - му - му – ков д1аделла, бог1у му - у.
Ми - ми - ми - схьало соьга нами.
Мо - мо - мо - сох катуьйхи цхьаммо.
-Д1адеша ц1енааларш. Хьанна алалур дара уьш нийса ? (Бераша олу).
3. 1алашо йовзийтар.
-Бераш, аша хьан кхочушбина аса ц1ахь бела болх? Дийца, х1ун кхиамаш баха дагахь душ у тахана.
Суна вевзар ву яздархо…
Суна евзар ю цуьнан байт…
Суна 1емар ду…
-Бераш , вайна тахана вевзар ву нохчийн сийлахь яздархо Саь1ид бадуев. Вай йоьшур ю цо берашна лерина язйина байт : «Вайн беш».
4. 1умар Гайсултановхн дахар кхолларалла довзийтар.
· Абатан 130-г1а аг1он т1ера д1а боьшу яздархочух лаьцна мог1анаш.
-Бераш, дабеша 130-г1а аг1он т1ера 1умар Гайсултановх лаьцна мог1анаш.
-Хьенан яздархо ву 1умар Гайсултанов? (1умар Гайсултанов ву берийн яздархо).
-Цо берашна лерина х1ун язйина? (Цо берашна лерина язйина дуккха а книгаш: «Сема лергаш», «Кавказан лаьмнашкахь», «Къийсаман новкъахь»).
· 1умар Гайсултановн: «Дахарца цхьана 1емар вай» ц1е йолу байт д1айоьшу хьехархочо.
-Х1ун дан 1ема боху яздархочо дешарца цхьана? (Дешарца цхьана 1ема болх бан).
-Х1ун боху вайга Даймахко? («Деша,деша ,дешалаш»-боху вайга Даймахко).
-Х1ун боху вайга дайша? («Кхинхьегам хила беза»).
5. Сада1аран миноташ.
Саца, машен!
Х1окху ловзаро ритм ларъян 1амадо бераш.
Массара а цхьаьний:
Саца, машен, саца, машен,
Саца, машен, саца!
Саца,машен, саца, машен,
Саца, машен, саца!
Х1ораммо а ритмехь, цхьанаэшшарехь кераюккъе байн буй бетта, багахь и байташ а йоьшуш. Юха массара а шайн-шайн дагахь йоыпу уьш. Оьшшучу хенахь, массара а цхьаьний «Саца»ала деза.
6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
· Бераша д1айоьшу 1. Гайсултановн : «Дешарца цхьана 1емар вай» ц1е йолу байт.
Массара цхьана дешдакъошца д1аеша байт.
Дешнашца д1аеша байт.
Меллаша д1аеша байт.
· Кхоллараллин болх.
-Бераш, х1ун ю Даймохк? (Даймохк –хьо вина , кхиъна мохк бу).
-Муьлханиг бу вайн Даймохк? (Нохчийчоь).
-Шайна вайн Даймохк ма- гарра суьрта т1ехь гайта. Суьрташ дахка Даймахках лаьцна.
(Бераша дохку суьрташ).
6. Жам1 дар.
-Муьлха яздархо вевзира шуна?
-Муьлха байт йийшира аша?
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
Бераш, ц1ахь билгалбаккха шаьш кхана бен болу болх.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.