Конспект урока: туьйра «Зуй, пхьагаллий»
Оценка 4.6

Конспект урока: туьйра «Зуй, пхьагаллий»

Оценка 4.6
docx
19.07.2024
Конспект урока: туьйра «Зуй, пхьагаллий»
Тема.docx

Тема: туьйра «Зуй, пхьагаллий»

1алашотуьйра «Зуй, пхьагаллий»довзийтар, яздархочун дог-ойла а гойтуш; берашна туьйрана коьрта маь1на, хьекъал довза 1амор, коьртачу турпалхочун амал йовза и шен дешнашца йийца цуьнан васт х1отто 1амор.

Билгалбаьхна кхиамаш:бераша шайн белхан план х1отто хаьар ду; берашна 1емар ду шайна хетарг ала, вовшех дагабовла; берашна хаьар ду кхеташ ч1ога , хезаш еша,; вочу х1уманех ларбала , диканиг дан 1емар ду берашна.Берашна хаьар ду кураллех долу зен , юьхь1аьржо ган.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар

Бераша д1адоьшу ши дийцар «Борзик»

 

2.Дешаре шовкъ кхоллар.

Кица «Ницкъал хьекъал тоьлла»

-Муха кхета шу цу кицанах?

-Муьлхачу меттехьйолу ишттаниг?

Хьекъал «Далла гуттар ца езнарг куралла ю»

 

3.1алашо йовзийтар

-Муьлха туьйра ду вайна тахана 1амо билгалдина?

-Х1ун дийр ду вай тахана урокехь?

Суна девзар ду

Суна 1емар ду…

Суна карор ду хаттаршна ..

Суна 1емар ду схьадийца…

--Бераш, вайна тахана девзар ду керла туьра «Зуй, пхьагаллий».Вайна 1емар ду туьйра кхеташ , нийса дийцар деша.Вайна 1емар ду лахарчу хаттаршна жоьпаш дала, дийцар схьадийца.

 

4.Керла тема хьехар.

а)Хьехархочо д1адоьшу «Зуй, пхьагаллий» ц1е йолу дийцар.

аь) Чулацамах лаьцна къамел дар.

 

Х1ун аьлла хьовзина пхьагало зу?

-Мегар дуй куралла ян?

-Х1ун жоп делира зуно пхьагална?

-Х1ун х1илла дира зуно пхьагална? Муха хета шуна зу хьекъална? (Пхьагалал хьекъалдолуш ю зу)

-Пхьагал муха ю»? ( кура)

-Х1унда тоьлла зу?

-Х1унда эшна зу?

 

5.Сада1аран миноташ.

Са а даь1на, арадевлла,

Ян дохкушду тхо зарядка.

Сиххашуд1ах1иттий довла,

Цхьана меттехьюхадовда.

Куьйгаш д1асадахийта,

Цецдевлла шаьш моттийта.

Юха хьалха охьатаГа, (3-4-зза)

Охьата1а, хьалата1а. (3-4-зза)

Хьаж т1е куьгшайн х1оттаде,

Когашд1асахилабе,

Аьтту arlop доьрзуш, (3^-зза)

Аьрру arlop доьрзуш, (3-4-зза)

Гонах до л чу н тидамбе.

Динарг х1инца тоийта,

Дог1машмалдеш, д1ах1итта.

Мох чуоза, арахеца, (3-4-зза)

 

6) Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша д1адоьшу туьйра

аь)Схьадийца кечам бар.

-Д1аеша хьалхара абзац? ц1е тилла цунна. (Куралла яр)

-Д1аеша шолг1а абзац? Ц1етилла цунна? (Зуьнан хьекъал)

-Д1аеша кхоалг1 абзац? ц1е тилла цунна. (Зудчунца бина барт )

-Д1аеша йоьалг1а абзац? Ц1етилла цунна?(пхьгалан , зуьнан ядар)

-Д1аеша пхоьалг1а абзац? Ц1етилла цунна?(пхьагалан юхь1аьржа х1оттар)

 

Б) Бераша цхьацца абзац схьайуьйцу.

 

7.Рефлекси.

-Х1ун болх бан ницкъ кхечу шун?

Суна д евзи керла ….

Суна 1еми иза д еша…

Суна хии сайн дешнашца жоп…

Суна хии туьйра схьадийца …

 

8.Жам1 дар.

-Муьлха туьйра вай? Стенах лаьцна ду иза?Хаза да рий туьйра ?Х1ун дара гуттар хазделларг?Х1ун хьоьху вайна цо?

 

9.Ц1ахь бан бол балар.

Бераша туьйра схьадийца кечамбо


 

Тема: туьйра «Зуй, пхьагаллий» 1алашо : туьйра «Зуй, пхьагаллий» довзийтар, яздархочун дог-ойла а гойтуш; берашна туьйрана коьрта маь1на, хьекъал довза 1амор, коьртачу турпалхочун амал йовза…

Тема: туьйра «Зуй, пхьагаллий» 1алашо : туьйра «Зуй, пхьагаллий» довзийтар, яздархочун дог-ойла а гойтуш; берашна туьйрана коьрта маь1на, хьекъал довза 1амор, коьртачу турпалхочун амал йовза…

Х1унда эшна зу? 5.Сада1аран миноташ

Х1унда эшна зу? 5.Сада1аран миноташ

Жам1 дар. -Муьлха туьйра вай?

Жам1 дар. -Муьлха туьйра вай?
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
19.07.2024