Ловзар – цхьаьнакхетар
«Ловзуш, 1ема»
5 – чу классашна лерина
Альбекова А.В.- нохчийн меттан,
литературин хьехархо
МБОУ «СОШ № 2 с. Правобережное»
Грозненского района ЧР
Шен ненан мотт ца хууш верг нана йоцу буобер ду.
(кица )
1алашо : дешархой меттан к1оргене кхачош , дешнийн маь1на дастарца кхета аьтто беш , халкъан хьекъалца а , меттан 1илманчийн къинхьегамца Даймахке а , ненан матте а безам к1аргбар , дозуш долу къамел кхиош тидаме хила 1амор
Хьехархочун дош:
Тахана урок шатайпана йу,
Ткъа шуна иза марзделларг ду.
Коьртаца ойла йан йеза,
Чолхе хаттарш хаза деза,
Царна жоп дала деза,
Дуьйцург дагахь латто деза
Ловзарехь хиънарг дицдан ца деза!
Тахана, вайн цхьаьнакхетар д1ахьур ду ненан меттан пачхьалкхехь.
Къамелехь, йозанехь кхин долу къамелан дакъойл дукха хуьлу ц1ердош. Дош, дешнийн цхьаьнакхетарш, предложенеш х1итта ца ло уьш йукъахь доцуш.
Х1уманаш ас билгалйо ,
Мила? Х1ун йу? Хаттарш ло.
Ойлайай хьо дийций вала,
Муьлха дакъа ду со ала? (Ц1ердош )
Тахана вай цхьаьнакхетар лерина ду вайн матте болу безам ч1аг1барна, вайна цахуург хаа, хуург карладаккха, т1едуза. Х1ара урок- ловзар вай бертахь хаза д1ахьур йу.
«Муьлххачу къоман коьрта билгало а, къам шен амалх, г1иллакхех, эхь-бехках, 1адатех ца долуьйту мокхазан ч1аг1о йу мотт. Цунах херделла адам, къоман сийлаллех хер ца луш ца дуьсу. Ткъа мотт бицбинчо шен кхерч, ша схьаваьлла бух, дайн мохк бицбо. Цунна шен селханлера де а, кханенга боьду некъ а ца хаьа. Вешан дай санна нохчий хилла диса дезаш ду вай. Дас халонаш лан, осалниг йемалдан, г1ийлачун г1о лаца кечван веза шен во1. Иштта, вайн нанойн масалш т1ехь кхио беза мехкарий. Ненан ховхачу маттаца и дан таро а йу…»
Вай таханлера цхьаьнакхетар д1адолор ду вайн ловзар – къовсадаларца. И долош д1айоьшу х1ора тобанан декъашхочо байт
Альтемиров 1аьрби
Вайн болх д1аболабале вайн декъашхоша шайна йукъара хоржу суртдиллархой, вай болх бешшехь цара «Даймехкан 1алам» сурт х1оттадо , тергамхошна талла болх д1алур бу Х1инца вай ладуг1ур ду шуьга. Х1ора командин декъашхочо байт йоьшур йу. Вайн тергамхоша царна балл йилларца къастор ву тоьлларг. ( 10 б.)
Дешархой шина тобане боькъу:
( Тхин т1адамаш, Маьлхан з1аьнарш - ши тоба) - шайн ц1е оьрсийн матте йоккху - дословный перевод ( 10 б.)
Капельки росы - Лучи солнца
-Вайн хаарш толлу вай-
1) Х1ора нийса дош 1 балл, ц1ераш нохчийн, оьрсийн шина маттехь хила йеза.
Хьанна хаьа ц1ерш, д1айазйе кехата т1е
-Шеран заманаш
-Беттанийн ц1ераш - ц1ерш, д1айазйе кехата т1е
1а, б1аьсте,аьхке,гуьйре
Кхолламан, чиллин, бекарг, оханан,х1утосург, асаран, мангалан, хьаьттан, товбецан, эсаран, лахьанан,г1уран.
2) Дукхаллин терахье даха х1ара ц1ердешнаш: Хи, г1а, де,дитт,йо1,зезаг, книга, суьйре, къолам, хьун.
3)Оьрсийн матте даха х1ара дешнаш: урам, эзар, мотт, ,говр, г1араг1ули, кхор, шаптал, хорсам, эса, лом.
4)Легаде дожаршца: къолам, журнал
Сада1аран миноташ - самукъане миноташ д1ахьо – забрийн кочаршца
5)Кху лахарчу ц1ердешнийн грамматически классаш билгалйаха: Стаг, ваша, йиша, нана, не1,говр, кор, куьг, бахам, лам, сту, пен, толам, эмкал.
6) Нохчийн маттахь къамелан дакъа:
6 ду; 4 ду; 10 ду.
7)Х1ара предложенеш нохчийн маттахь д1айазйе : ( 2 б.)
Стояли ясные дни и птицы готовились к отлету.
С утра был туман, но к вечеру погода разгулялась.
8)Предложенин синтаксически къастам бе: ( 2 б.)
Кхушара къаьсттина хьийкъинера муьргаш.
9) Кицанаш вовшахтаса:
- Бу, мерза, мазал, мохк, вина.
- Ц1а, ц1ен, шен, ц1а.
- Вахна, воккхачо, цадинарг, аьлларг, бердах.
- Доттаг1, ч1аг1о, бакъйолу, тешаме.
Мах хадоран критереш:
- Кицанаш нийса вовшахтесна– 3 балл;
- Кицанаш вовшахтосуш цхьа г1алат далийтина – 2 балл;
- Кицанаш вовшахтосуш ши г1алат далийтина – 1 балл;
- Кицанаш вовшахтосуш шиннал сов г1алат далийтина – 0 балл.
Шайна гуш долчу дешнех предложенеш х1иттайе ( 2 балл)
10)Шина б1ог1амалге декъа дешнаш: Ур., та., ба., бо.., мил., кеха., аба., сур.,ама., ма.,ди., му.., кла.., та., ди.. ( 1 б.)
Шала мукъаза элп дерш:
Шала мукъаза доцурш:
11)Дешархоша кицанаш дешарца довзуьйту, маь1на досту. ( 2 балл)
- Тоьпо йина чов лоьро йерзайо, матто йина чов йерзалац.
- Ненан сий динарг махко а лерина.
Вай хьовсур ду дешархоша дехкинчу суьрташка, тергамхоша жам1 деш болх д1ахьур бу ( 5 балл)
Хьехархочо байт йоьшуш дерзадо ловзар
Нохчийн мотт и – халкъан
Синхазнийн хьоста –
Къийсамехь ларбина
Массо а ханна.
Раг1 х1инца хьоьгахь йу,
Д1аэций , хьаста,
Ден весет кхочушде,
Къонахчо санна.
Ларбе мотт, хазбе и,
Ца йеш мало.
Т1аккха, хьайн весет деш,
К1анте д1ало.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.