30.11.23 Нохчийн лит 9 класс
Тема: «Мало – хало». Айсханов Шамсуддин Катаевич.
1алашо:
Айсханов Шамсудден дахар а, кхолларалла а довзийтар. Дийцар «Мало-хало» довзийтар, йаздархочун дог-ойла гойтуш, дийцаран коьрта маь1на,хьекъал довза 1амор, коьртачу турпалхочун амал йовза и шен дешнашца йийца, цуьнан васт х1отто 1амор.
Билгалбаьхна кхиамаш:
Берашна шайн белхан план х1отто хуур ду; 1емар ду шайна хетарг ала; вовшех дагабовла; вочу х1уманах ларбала. Берашна хаьар ду малонах долу зен, йуьхь1аьржо ган.
Урокан тайпа: керла тема йовзийтар.
Урокан г1ирс: учебник, тесташ, суьрташ, ИКТ (презентаци)
Урок д1аяхьар.
1. Д1ах1оттаран минот. Маршалла хаттар.
- Де дика хуьлда шун бераш.
Тахана даьхкина,
Тхайна хуург эра ду оха
Доьху бехк ца билларна!
- Таханлера вайн урокан 1алашо йу: 1амийнарг карладаккхар, ц1ера болх хаттар, йаздархо Айсханов Шамсуддин вовзийтар, цуьнан дийцар «Мало-хало» довзийтар.
2.Ц1ера болх хаттар.
1 Фронтальни хаттар.
- Шуна ц1ахь йеша х1ун йеллера? Жа1у. (Нажаев Ахьмад)
Слайд 1 портрет Нажаева.
- Маца, мичахь вина Нажаев Ахьмад? (1985ш). Йоккхачу Атаг1ехь.
- Нажаев Ахьмадан дахарх, кхоллараллех х1ун эра дара аша?
2 Слайд 2. Тесташ
Нохчийн литературан бухбиллархойх цхьаъ ву:
а) М.Ахмадов, аь )А.Нажаев, б) 1.Шайхиев.
Литературехь муьлха жанр йу произведени «Жа1у»?
а) туьйра, аь) повесть, б) поэма.
Мила ву автор х1окху дешнийн: Къоьлла тоьлла,х1усам йоьхна.
Боккха бала сайн т1ет1аь1на,
Даа-мала доьзалшна эшна.
а) С.Бадуев, аь) 1.Мамакаев, б) А.Нажаев.
3 Поэмин боцца чулацам бийцийтар.
4 1 дакъа инсценировани йайтар.
Слайд 3 Кицанаш.
- Х1окху кицанех 1умин дог1ург, Муцин дог1ург муьлхарш ду?
Дагна там т1ех безнарг стогаллех воьхна.
Къеле ма хьежа, стеган стогалле хьажа.
Историх лаьцна алар – церан хийцамаш алар.
3 Керла тема йовзийтар.
- Вай х1инца шуьца кроссворд йузар йу.
1. КРОССВОРД йузар.
1.Стеган дика а,вон а хуьлу и (амал)
2.Адамаша вовшийн деш долу (сий)
3. Стеган хуьлу аьтту (ирс)
4. Вай дуьнен чохь йоккху (хан)
5. Хьуна диканехь – вонехь уллохь воллу (доттаг1)
6. Дуьнен чохь уггаре хазаниг,мерзаниг (нана)
7. С. Бадуевн дийцар (Олдум)
8. Стаго ша велчи шен т1аьхь де аьлла дитинарг (весет)
- Бераш, х1окху охьанехьа вайн кхин цхьа дош д1ах1оьтти, х1ун ду и?
- Кхузахь вайна Айсханов фамили д1ах1оьтти.
- Бераш аса хьалха ма алара вайна тахана Айсханов Шамсуддин Катаевич вевзар ву, цуьнан дийцар «Мало-хало» довзуьйтур ду.
Слайд 4 портрет Айсханов
- Аса шуга Айсхановн дахарах, кхоллараллех лаьцна , кечам бе аьллера. Хьан бина кечам?
2. Доклад йешийтар.
Айсханов Шамсуддин Катаевич.
(1909 – 1937)
3. Хьехархочо дийцаран чулацам бийцар.
4. Керла дешнаш довзийтар.
Слайд 5 Дошаман болх.
Зоьртал, буто стаг – плотный,широкоплечий человек.
Б1аьштиг – боковая выпуклость на лбу.
Верта – бурка.
Б1оржамаш – кавказские валенки.
Истанг – войлок, войлочный ковёр.
Бухка – ремень; подпруга, тесёмка для крепления клади на спину.
Слайд 6 суьрташ гайтар.
Верта, б1оржамаш, истанг, бухка, таьлсаш.
5. Хьехархочо цхьа кийсак йешар. Аг1о 39.
6.Чулацамах къамел дар.
- Хьанах лаьцна ду х1ара дийцар?
- Шабин сурт, кеп, бахамин хьал муха гойту йаздархочо.
7. Дешархошка кийсак йешийтар. Т1аьххьара абзац.
- Шабин 1ер –вахар, хьал – де ледара хиларан х1ун бахьана ду? Бийкатус дина къамело билгалдоккхий и бахьана?
- Бераш 21- г1а февраль массо дуьнен чохь даздеш ду «Йуккъараллин меттан де» аьлла.
Слайд 7
Международный день родного языка (International Mother Langquqe Day), провозглашенный Генеральной конференцией ЮНЕСКО 17 ноября 1999 года, отмечается каждый год 21 февраля с 2000 года с целью содействия языковому и культурному разнообразию и многоязычию.
- Вайн нохчийн меттан де 25-чу апрелехь даздо.
- Бераш мотт иза къоман са, адамаллин куьзга ду, адамийн дахаран хазна йу. Мотт Дала белла тамашийна г1ирс бу. Вайн маттаца доьзна ду халкъан дерриге дахар: гергарло, хазахетар, халахетар, сий, йаьхь, хьекъал,кхетам, г1иллакх, оьздангалла. «Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац» олуш кица ду вайн.
-Х1инца вайн нохчийн маттахь Шаид Рашидови «Даймахке безам» стихотворени т1ера кийсак йуьйцуьйтур йу.
Дешархочо стихотворени йоьшу.
Даймахке безам.
Ш. Рашидов
Дерриге седарчий схьадаларх сайна,
Дуьненан бахамаш кховдабарх схьа,
Хуьйцур бац сан Даймохк массарел тайна,
Ког биллал меттиг – ду и сан ц1а.
Аренаш, лаьмнаш вовшашца дог1у,
Сирла хиш, шовданаш мел чомехь ду,
Буьйсанна бутт стиглахь цхьа башха богу,
Гонаха хезаш берг ненан мотт бу…
«Нана» йиш локху дешархочо.
4. Рефлекси.
- Х1ун болх бан ницкъ кхечи шун?
- Халаниг х1ун дара, аттаниг х1ун дара?
5. Урокан жам1 дар.
- Вайна тахана х1ун керланиг девзи?
- Муьлха йаздархо, цуьнан дийцар девзи вайна?
- Хьнах лаьцна дара и дийцар?
- Х1ун 1амадо до вайна?
6. Ц1ахь бан болх балар.
Слайд 8 Аг1о 35 – 40 еша, чулацам бийца
Айсханов Шамсуддин Катаевич.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.