Нохчийн меттан лерина кхоллараллин болх «Хьоьца ю ерриге марзо…»
Оценка 4.6

Нохчийн меттан лерина кхоллараллин болх «Хьоьца ю ерриге марзо…»

Оценка 4.6
docx
21.01.2020
Нохчийн меттан лерина кхоллараллин болх  «Хьоьца ю ерриге марзо…»
Сочинени Хьоьца ю ерриге марзо чеч. яз..docx

НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКАН

ДЕШАРАН А, 1ИЛМАНАН МИНИСТЕРСТВО

СОЬЛЖАН К1ОШТАН ДЕШАРАН ОТДЕЛ

Ассиновски №2 йолу школа.

 

 

 

 

 

Нохчийн меттан лерина кхоллараллин болх

 

«Хьоьца ю ерриге марзо…»

 

 

 

https://antoeng.files.wordpress.com/2014/01/gambar-mewarnai-anak-indonesia-21.jpg

 

 

 

 

 

 

Ассиновски №2 йолчу ишколан

                                                                            11а классан дешархо

Муташева Иман

 

 

 

 

Приложение

Сведения об учителе.

 

  1. Гансуева Малика Рамазановна
  2. Стаж работы: 41 год
  3. Образование: среднее специальное
  4. Учитель 1 категории
  5. Награды: Звание -Почетный работник в сфере общего образования РФ

Грамоты Главы Чеченской Республики Р.А. Кадырова

Грамоты Минобразования Чеченской Республики

Грамоты Сунженского Районного Отдела образования

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

«Хьоьца ю ерриге марзо...»

Сан деган кхайкхам,

Ахь сунна ницкъ лолахь,

Хьайна мА беззара

Дешнашца и бийца.

Нанас хьосту бер санна,

И хесто лаьа суна,

Цуьнца болу сайн безам,

Д1ахазийта лаьа суна.

 

Нохчийн мотт, ненан мотт, нанас аганан илли аьлла мотт. Х1ун ду оцу дешнел деза, мехала?  Аганан  иллица, ненан маттаца дозаделла ду  нохчийн г1иллакх-оьздангалла. Аганахь д1аболало ненан матте,т1аьхьо шен къоме, Даймахке болу безам.

 

          Ненан мотт – хьо доккха  маь1на,

       Ненан мотт – хьо деган куьзга.

       Ненан мотт – хьо  деган лазам,

       Ненан мотт – хьо къоман дозал

 

       Ненан  эсалчу аганан иллин  дешнашца, хеза берана дуьненчохь шена дуьххьара 1емина болу шен ненан мотт, шега ша хьоьстуш нанас буьйцу  аьхна  мотт а.

 Нохчийн  мотт, тахана, хьан де билгалдоккхуш, со ца йоллу хьан дикаллаш  йийца, хьо  юкъара  дІаболуш  бу, хьо  ларбан  беза  бохуш, орцанаш  даха.

Нохчийн  мотт, со хьуна тешам бала, хьан дог хьаста, хьо  цкъа а дуьненчуьра  дІабербоций хаийта   йоллу...

   Валарчу  вирзина  Іожаллин  метта  вижинчо  шена гонах гулбеллачаьрга   тІаьххьара   дош а, шена  бисина  дагахь  балламаш а, дега  йовхонаш а хьоьца  ялхор ю. Цуьнан  тІаьххьара   весет а хьоьца хир  ду. АллахІан  нийса дин, Элчанан (Делера салам-маршалла  хуьлда  цунна) хьадисаш а дуьйцуш, ийманан  некъ  халкъана  хьехна болу вайн  сийлахь  эвлаяаш мел буьйцу, халоно хьовзийнчо цаьрга  орцане мел кхойкху, хьо бекар бу.

Ден-ненан  хьехамаш  лоруш  доьзал мел бу, ден-ненан дог доьзална  сагатдеш, детталуш мел ду, нанас  шен  комаьршачу  шуьне  доьзал мел гулбо,  нохчийн  хІусаме  шен  беркатца  хьаша мел вуссу, и везаш  тІеоьцуш  хІусамдай мел бу, хьо  бехар   бу.

Шайн  доьзал  ийманехь нисбар доьхучу нанойн шабаршца дечу доІанашца хьан марзо  хир ю.

Бераш  набарна  дийшош  назманаш  хьан  мукъамца эр ду. Къонахийн  амалш, гІиллакхаш, доьналла  хьоьца   довзуьйтур   ду. ХІара  дуьне  доххалц   лаьттар  долчу   тезеташкахь халахетархьан  гІоьнца доькъур ду, кадам беш  далхориг  хьан аз хир  ду, собарца кадам схьаоьцучо буьйцург  хьо   хир   бу. Нохчийн мотт, хьан эзарнаш шерашкахь гулдина  хьекъал  хьан   кицанашкахь, аларшкахь, хийла   хьан доза ца хиларх  цец  буьйлуш,  дахаран  дохала  хийламмо  зуьйр   ду.

Хенан  йохалла  тийсало  гергарлонаш  хьан  беркатца   чІагІлур   ду. Декъалдар, могаш-паргІат  хаттар, дедика- Іодика яр хьан  Іаьнарца хир   ду. Дуьххьара безаман цІаро вагийнарг хьан гІоьнца вийр ву Іаламах  дага. Шен даго хаьржинчуьнга  къайленаш  хьоьца   юьйцур ю.

ДоттагІаллин  уьйраш а хьоьца  яхчалур ю. Лийринарг  ца  нисделла, тешна  бехк  дуьхьал  баьллачо  хьан  озаца  бохур  ду  байттамал а. Хазалла  йовзар, сийсазаллех къахкар  хьоьца  хир ду. Эхь-бехк, лерам, оьздангалла  хьан  цІарца   хир ю. Къоьжачу къаналле кхаьчнарг  дахаран  чот  ян воьлча, цо  шен  къамел  хьоьца узур ду. Генна  дІаяханчу   бераллин  аганан  иллица  хьан  чам  хир  бу. Нохчочун  кийрахь  дог мел  деттало,  цуьнан пхенашкахь  цІий мел кхехка, хьан  меттиг  баьрчехь  хир  бу. Хьо  даим  бехар  бу, хьо  даим бекар бу, сан нохчийн  мотт!

Ас  х1ун ала хьох, ас х1ун  ала хьоь,  Нохчийн  мотт!

Масла1ате   къамел   дай вайшимма? Масла1ате къамел… Хийла  сайн цатам   со  сайца  литта   х1оьттича,   ахь  соьга  деш  ма  хиллара, масла1ате къамел… Са хаьдда  юьйжи кхаьлла хетта чохь, ахь говзачу лоьро  санна  дарба  деш, со г1аттор  а к1еззиг ма ца хилла. Ненан къинхетам санна  аьхна  ма  хила хьо  сунна  даим а, ден дозалла санна синъайаме а… Хьан  куьг а лаьцна ма йоьссина со аганара, хьан озаца ма девзина сунна дуьне а. Ма дукха хиллакх хьох  дага  йийлар, ма дукха  хиллакх хьох цец  йийлар а!

      Ахь бен кхин  цхьамма а лур  боцу тешам а, ахь бен кхин  цхьамма а хьоьхур  доцу  гечдар а хьоьгара ма 1емина…Дин а, 1адат а, г1иллакх а хьоьгахула  девзина. Эхь-бехк  боху  дош а, хьоьгахь  зеделла… Вай  кхоьллинчу Даллий, суний бен хаза йиш  йоцуш, айса  сайца  деш долу къамел а хьан  озаца дина. Хьан аз ду  сайн  бехкана  къера хила со 1амийнарг, оьг1азло яшийнарг, б1аьрхиш дакъийнарг… цу б1аьрхиш   юккъехула  со елийнарг а… Хьан  озаца дара кхетамо  схьалоцуш  дуьххьара Делан ц1е йоккхуш хазар. 

    Т1аккха кинишкашца  гергарло  таса  делча  ма дукха доттаг1ий гулбира  ахь! Даиманна а дагахь  латта  бисина  уьш, церан  масалш, хьекъале   къамелаш… Уьш  бара халкъан  иллийн, дийцарийн, туьйранийн, исбаьххьаллин  киншкийн  турпалхой. Т1аккха жима  дахар  довза  доьлча  даста  долийра  кицанийн, забарийн маь1наш…Цул т1аьхьа байташца  гергарло… Масане  хези и сих кхеташ, ц1ий  кхехкош, ойланевохуш,  юха б1аьрхи  доккхуш, дог мокхазал а ч1аг1ден  дешнаш…Уьш хьан дешнаш  ма дара, нохчийн  мотт…Хьан  дешнаш, хьан  хат1, хьан  са… Цундела, нохчийн  мотт, хьо  соьгара  хастамаш  оьшуш  ма  ца  хетта  суна-м, мелхо а, со ю-кх хьоьгара г1о оьшуш, хьох  тийсалуш,   хьох  хадахь г1орасиз юьсур йолуш… Ахь  хьоьстуш  схьа  ялош  ма ю со… Ахь  адам  хила 1амош ма ю… Адамашца   таръяла, цаьрца  яза 1амош сунна  ахь  хьоьхурш  Кунта-Хьаьжин  хьехамаера  дешнаш  ма  ду: «Оьг1азечунна т1ехь толам  баккха  дикаллица а, безамца а. Б1аьрмецигчунна (писволчунна) т1ехь толам баккха  комаьршаллица. Ямартчунна т1ехь толам баккха ц1енчу даггара   хиларца. Тешаме   воцчунна т1ехь толам  баккха тешамца. Къинхетаме, тийна  таь1на, кхечуьнан  дуьхьа вала а кийча хила…». Мамакаев Мохьмада шен даге дечу къамелан дешнаш:  «…Ойлано  хьо г1елдеш ма ирча  хета, дог. Вайн  гонна и  гича  осала  хета, дог. Шен   г1айг1а   ша  1овшар  стогалла  хета, дог. Къур  дашца   къежвалар  дозалла  хета, дог…». Вайн  халкъан  еррига амал  схьа  гайта  ницкъ  ма  кхаьчна  оцу  дешнашца… Нохчийн   мотт, дукха  дукх  хьан  беркатах  дийца, хьан  сийлаллех   кхайкхон… Хьох  дан  дозалла  доцуш а ма  яц со, б1аьрг хиларна   кхоьру-кх… хьо дош  ца  хетачийн  хьаг1  яхарна а кхоьру!   Хьан  лазамашца   гуш,  хьан чевнаш  ца  лозуш а ма  яц со… Уьш  хьуна  яз   ца ян  ца юьйцу-кх… хьан даь1наш ца к1аргдан… дарбанна  хьоьга хьан дикаллех а дуьйцуш… Хьоца  безаш, ца  хууш  волчух  йоккхаеш а ма яц со, ас царна не1алташ ца   бахарх…Хьо  церан не1алтах ларбан, хьан  сийлахьчу  амална и не1алт марздаларна   кхоьруш, хьо  цунах  ларбан г1ерта - кх… Цундела  хьуна масла1ат лоьху - кх, цкъа  мацах, дукха я к1еззиг шераш  хьалха, сан некъаш  кегалуш, «хиллачийн, хин  долчийн  дозанехь  цхьаъ цхьалха  йисича» сан ненан  озаца  ахь  суна дина масла1ат санна.  Дага  дог1ий хьуна х1етахь ахь   аьлларг? Уггар  хьалха  хьайна  хьуо мила ю хаа, ткъа кхинд1а дерриг а чот  яц…

 И  дукх сан хьоьга ала а! Ткъа  хьуна  пебетташ  волчо бийриг шена эшам бу … Нохчийн  мотт! Декъала  ву – кх  хьоьца  уьйр  теснарг! Декъала  вукх   ахь  уьйр лаьцнарг…

Нохчийн меттан лерина кхоллараллин болх «Хьоьца ю ерриге марзо…»

Нохчийн меттан лерина кхоллараллин болх  «Хьоьца ю ерриге марзо…»

Нохчийн меттан лерина кхоллараллин болх «Хьоьца ю ерриге марзо…»

Нохчийн меттан лерина кхоллараллин болх  «Хьоьца ю ерриге марзо…»

Нохчийн меттан лерина кхоллараллин болх «Хьоьца ю ерриге марзо…»

Нохчийн меттан лерина кхоллараллин болх  «Хьоьца ю ерриге марзо…»

Нохчийн меттан лерина кхоллараллин болх «Хьоьца ю ерриге марзо…»

Нохчийн меттан лерина кхоллараллин болх  «Хьоьца ю ерриге марзо…»

Нохчийн меттан лерина кхоллараллин болх «Хьоьца ю ерриге марзо…»

Нохчийн меттан лерина кхоллараллин болх  «Хьоьца ю ерриге марзо…»

Нохчийн меттан лерина кхоллараллин болх «Хьоьца ю ерриге марзо…»

Нохчийн меттан лерина кхоллараллин болх  «Хьоьца ю ерриге марзо…»
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
21.01.2020