журнал

  • Презентации учебные
  • docx
  • 26.03.2018
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Хьоме махкахой! Даггара декъалдан лаьа вай массо Нохчийн меттан денца! Буьйцу мотт хаза болчу халкъан дахар а хуьлу ирсе. Мотт – иза къоман юхь ю, цуьнан сибаташ а, куьцаш а хаздеш, даздеш болу г1ирс бу. Муьлхха а къам схьалаьцча, цуьнан иэс юьйцу матто, оцу къоман адамийн дуьненга болу тешам а, х1оттам а гойту. Т1екхуьу чкъор а кхиадо сийлаллица, бартаца, машаре. Баккхийчеран а дегнаш хьосту мерза олучу дашо, и цхьаъ бен дацахь. К1езиг х1ума дац и мотт хьахош «ненан мотт» алар. Цуьнца ю ненан йовхо, марзо, к1едачу куьйгийн эшар, комаьршачу деган аз, сирлачу б1аьргийн нур. Иштта, дайшкара доьзалшка а боьрзуш, беха и сийлахь мотт!
Иконка файла материала 11111 .docx
т1ехь Дешархой лехамашкахь Нохчийн дуьххьарлерачу абатан кхолламах лаьцна газетан аг1онаш дийцинаца   валлал   дукха   яздина.   Иза   араяьллачу   шарахь   дуьйна т1епаза   яйна   лоруш   хилла.   П.Услара   цунна   бехке   И.Бартолемей лоруш   хилла.   Цунах   шен   дегабаам   хиларан   хьокъехь   масийттазза яздина   цо   шен   кехаташ   т1ехь.   Кавказера   масех   къоман   меттанаш толлуш   П.К.Услара   баьхначу   кхиамех   хьоьгуш   хилла   волчу И.Бартолемейс   и   абат   х1аллакйина   хила   тарло   бохуш,   йозан тоьшаллаш дитина М.Завадскийс а, кхечара а. Делахь а, П.К.Услара чу   шарахь   А.Шифнерна   яхьийтина   масех   экземпляр   к1елхьара яьллийла хууш дара 1илманчашна. Услара шен цхьана кехат т1ехь иштта   хаамбо     цу   хьокъехь:   "Шифнера   Европерчу   г1арабевллачу филологашна д1асаяхьийтина нохчийн абат", ­аьлла. Б1е шо сов заманахь А.Шифнера шен цхьана монографи   т1ехь   и   букварь   хьахийна   хилар   бен   кхин   цунах   хууш   х1ума   дацара.   П.К.Услар кхелхинчул т1аьхьа цуьнан кхоллараллин т1аьхье зорбане йоккхуш къахьегна волчу М.Завадскийс шен заманахь лехна хилла и букварь. "Мел дукха лехарх тхуна ца карийна и букварь, ур­аталла, императорски публични библиотекехь а", ­ бохуш, яздо цо П.К.Усларан "Нохчийн мотт" (1888­г1а шо) ц1е йолчу монографина хьалха ша яздинчу дешхьалхе т1ехь. 1863­ 1Иштта, массара а нохчийн дуьххьарлерачу абатан доьдайна аьлла, дог диллина даьллачу заманахь, 1977­чу шарахь гуьржийн 1илманчашка  Австрера И.Хубшмидера хаам кхочу Грац г1аларчу университетан библиотекехь Гуго Шухардтан шен долахь хиллачу архиван каталогана юкъадахазчу куьйгайозанашна юкъахь шена Досов Къедас х1оттийна нохчийн   абат   карийна   аьлла.   Дукха   хан   ялале   И.Хубшмида   оцу   абатан   ксерокопи   Тбилиси схьайоуьйту.     Гуьржийн 1илманчаша, 1862­чу шарахь Тифлисехь араяьлла нохчийн дуьххьарлера абат иза юйла хиъча, Дег1астара нохчийн мотт а, нохчийн культура а евзаш волчу 1илманче А.Г. Магомедовга дешхьалхе а язъяйтина, шарахь цкъа арадолучу "Иберийско­кавказский языкознанин ежегодник" ц1е йолчу журналан аг1онаш т1ехь юьззина зорба тоьхна оцу абатана.    И мехала болх арабаьлла 1979­чу шеран ноябрь баттахь.    Хууш ма­хиллара, П.К Услар нохчийн мотт талла волавелла 1862­г1а шо долалуш.  Нохчийн маттах долу х1ума хатта оцу шеран март баттахь ша волчу Тифлисе цо д1акхайкхина милицин прапорщике Досов Къедига а, молле Хасанов Йохамбига а. (Къеда Дишни­Веданара хилла, Йохамбин тахана а, нахана юйла а хууш, йоккха Т1аьхье ю Г1ойт1ахь ехаш). Кестта цара шайн болх д1ахьо Соьлжа­Г1алин г1опахь. Алфавит х1оттийна яьлча, июнь баттахь П.К.Услара схьайоьллу к1еззиг ханна лерина йолу ишкол. 6­7 баттахь бен ца лаьттинехь а, цара хьехна волчу 25 мута1еламашна нохчийн маттахь деша а, яздан а 1емина. 1862­чу шеран 31­чу августехь   ша   Ф.Радецкийга   дахьийтинчу   кехата   т1ехь   П.К.Услара   яздина,   шега   к1еззиг   ханна Грозная­г1опахь   нохчийн   берашна   юкъахь   йоза­мотт   даржо   ишкол   схьаелла   магош   барта   хаам кхаьчна Терски областан хьаькмера. "Ишкол 7 баттахь   а ца лаьттина, делахь а, суна хетарехь,­ яздина Услара,­ нохчийн берийн йозано тоьшалла до цара баккхий кхиамаш баьхна хиларан. Йоза даржор кхиамца д1адоьдуш ду. Ткъа нохчий букварна зорба тоьхна даьлча, и г1уллакх кхин а жигара дер ду...". "Суна ца моьттачу аг1ор инзаре баккхий кхиамаш баьхна нохчийн йозано", ­бохуш, хаам бина цо оццу хенахь шен доттаг1чуьнга А.П.Бержега.    2Досов Къедас шен абатана "Нахчуiн жуж ду nара" аьлла ц1е тиллина, ша дишни тайпанах схьаваьлла хиларан хьокъехь хаам бина цо абатан хьалхарчу аг1он т1ехь. Досовн абат 33 аг1онах лаьтташ ю П.К.Услара, ша оьзда адам хиларна шен букваран автор шена нохчийн маттах хаамаш бина волу Досов Къеда язвина бохуш, дуьйцуш ду и букварь 1979­чу шарахь гучуяьлчхьана дуьйна. Амма, тхуна хетарехь, и абат х1оттош дукхах болу болх Къедас бина, х1унда аьлча, цу т1ехь зорбатоьхна йолу иллюстративни материал­хьехамаш хуьйла уьш,   кицанаш я туьйранаш хуьйла­халкъалахь х1инца а барта дуьйцуш долу къамел ду. Къаьсттина тидаме эца мегар йолуш ю Къедина терахьаш хьехаран методика: "6­шозза кхоъ, 80­барх1узза итт, иштта кхин д1а а". Фольклористашна цхьа б1е ах б1е шо зама хьалха д1аязйина барта хазна карор ю букварь т1ехь.      Шеко йоццуш, Нохчийн дуьххьарлера абат вайн къоман уггаре мехалчу памятникех цхьаъ лара йог1у.                                                                                                                                   ДЖАМБЕКОВ ША1РАНИ 3НОХЧИЙН КЪОМАН ИСТОРИ     Дукха дуьйцу вайн къоман исторех лаьцна. Истори ца 1амийнарг, иза цхьамма юьйцуш хезнарг а хуьлу   истори   юьйцуш.  Ша   дика   т1аьхьа   ца   кхиахь   а,   къам,   къоман   хилларг,   д1адахнарг   хьехош самукъадолуш.     Цхьа а шеко йоцуш, массо а къам Дала кхоьллина ду. Царах х1ораннан шен­шен истори а хуьлу. Амма   и   истори   йинарш,   къоман   д1а   ца   долуьйтуш хилларг латтийнарш,   иза   кху   дийне кхачийнарш, цхьаьннан а шеко йоцуш, массо хенахьа х1ора заманан тешаме г1аролаш   хилла   лаьттина   болу турпалхой бу. И Д1аьнди юьртахь. Турпалхой   массо   хенахь   а   х1ора заманан   тешаме   г1аролаш   хилла лаьттина   болу   турпалхой   бу.   И турпалхой   массо   заманан   шен­шен хилла а бу. Массо заманахь а хилла нохчийн   къонахий.   Цу   къонахаша, шайн   г1иллакхашца,   доьнналлица дерриге дуьненна а довзуьйтуш  вайн нохчийн   къам   кху   дийне   а   кхачийна.   Ишттачу   къонахех   цхьаъ   вара   вайн   хилла   волу   президент Кадыров Ахьмад­Хьаьжа а. (Дала гечдойла цунна). 4Ткъа   историн   геннарчу   аг1онашка   б1аьрг   тоьхча,   б1аьрадуьхьал   х1уьтту,   дукха   генара хилладерг.   Масала,   тахана   а   хазанаша   шайн   ву   бохуш   вуьйцуш   ву   Бей­Барс.(1аьрбийн   махкара схьадеъначу "1узамауль­Ислам", бохучу жайни т1ехь вуьйцу вайн къомах волу и Бей­Барс).     "Исламан Сийлахь бераш" аьлла ц1е яьккхинчу жайни т1ехь Хулафауль Рашидинаш­Асхьабашна, иштта кхин болчу бусулбачу динна пайде хиллачу нахана юккъехь цхьа мангалан кхес доккхуш санна, шех лаьцна дийца хьуьнарш дуьтуш хилла волу нохчо ву иза. Хиджри терахьца герггарчу хьесапехь 625­640 шерашкахь дуьненчу ваьлла Бей­Барс (1221­1223). Иза йийсаре во монголаша, Джамбей­ Субедей полководцаша. 1алауддин Салихь Нажмуддин Аюб олучу паччахьо Дамаск г1алахь оьцу иза, шен 15 шо хан йолуш. Сема хьекъал, т1ахъаьлла, каде, майра хиларца къаьсташ вара к1ант. Цу жайно дийцарехь цуьнан ткъаоьсна шо долуш, уллера г1арол а вой, Малик­Салахьа маьрша воккху иза, цуьнан   хаза   г1иллакхаш   тан   а   товвий.   Цул   т1аьхьа   Мисрехь   (Египетан)   массо   а   долуш   долчу эскаршна т1ехь куьйгалла дан а х1оттаво.    "Къах1ир", олий, ц1е туьллу цунна, ницкъ берг, онданиг боху маь1на ду цу дешан.   Т1аьхьо, и ша парг1атваьккхина волу Малик д1аваьлча Египетера д1авоьду Бей­Барс. Амма гена валале, татараш т1елата бог1уш бу, аьлла шена хезча, ша йийсаре вар а, махках ваьккхина, лай вина вохкар а,­ и дерриге а 1аьткъина, волу Бей­Барс царах лата буха соцу. Шен и сацам хиллачул т1аьхьа, шега нийсонца цигахь т1ом байтар доьху Бей­Барса инарле Къут1уз 1абдаллах1­Сейфуддине. Юха цу инарлас, шен эскаршна хьалха х1оттаво нохчо. Цул т1аьхьа "1айнну­Жамут" олучу меттехь кхаа дийнахь   т1ом   бо   цара.   И   т1ом   кхеран   толамца   боьрзу.   Цул   т1аьхьа   йоьхна   йолу   халифат юхаметтах1отто   лууш,   Шемахь   (Сирехь)   крестоносцаша   т1ом   бо   цара.   Дуьхьала   бевлларш дукхахберш х1аллакьхуьлу, БЕЙ­БАРСАНА т1ебоьрзу. Юха 675­чу шарахь доккхачу эскарна хьалха 5а   волуш,   Византиян   латтанаш   схьадаха воьду   иза.   Татарийн   а,   Руман   а пачхьалкхаш   вовшах   а   кхетта   дуьхьала т1ом бан сацам хуьлу.     И   дерриге   а   хьуьнарш   ду   "БИ ШИШШАН"   аьлла,   билгалдоккхуш   , нохчо   вара   иза,   боху   вай   лакхахь дийцинчу жайно.      ­Цигахь цу к1ентан шен ц1ийца долу г1иллакхаш   тешаме   хилар,   т1еман накъосташца   оьзда   хилар,   къинхетаме хилар   "Исламан   сийлахь   бераш"   аьлла долчу   жайни   т1ехь.   Оццул   дукха   долчу бусалбачу   къаьмнашна   юккъехь   церан цхьана   тайпанал   бен   доцчу   нохчийн къоман к1ант хилла иза, хиларан тоьшалла       Иштта,   т1аьхь­т1аьхьа   гучудуьйлуш,   билгалдуьйлуш   ду   д1аяханчу   хенан   бакъдерш,   къоман г1иллакхийн,   доьналлийн   амалийн   тоьшаллаш.   Цара   вай   декхар   до   тахана   иштта   г1иллакхашца, дикачу некъашца массо хенахь а билгала хила. Лаьтта т1ехь диканиг бен дуьсуш ца хилча муххале а. до цу жайно. 6М. А. Мамакаев                  Тхешан да дагаваг1ац суна, нана кхелхина хан билгалъян а хаац, х1унда аьлча, сан даго и кхалхар цкъа а т1е ца эцна дела.    Делахь а, дог 1ийжош, г1енах санна, х1инца а сан ойланца лиэла:1аьржачу вертан к1ел, тхов санна айбинчу барамахь сан нана а эцна, г1ийла узам а беш, тезетан тоба тхан эвлах ялар а, воьлхуш со тхешан учахь, матар а боьлла лаьттачу, шийлачу б1ог1амах хьаьрччинчохь висар а...    Цул т1аьхьа дукха хан ялале со тхан девашас ша волчу д1авигира.      Тхан деваша Салман, ас­м Ваша олура цунах, бераш а доцуш, шен къуоначу нускалца Мазлак­ г1алина гена йоцчу к1отарахь 1аш вара; цигахь цаьрца 1аш тхан дейиша Бано а яра, цунах ас Деца олура.    Салман ша, чардакх санна лекха, куц долуш, империалистически хьалхарчу т1амехь и къаьсттана ка йолуш майр хиларна йохинчу юьхь т1ехь, лерга юххера ч1енига к1ел кхочуш, цу т1амехь хиллачу чевнийн к1орга мо бара. Вашас дийцарехь, валарний, висарний юккъехь чо биллал меттиг йоцуш 1иллинера иза кхузза.     ­Цкъа, вайчара байинчарна юккъехь а витина, мостаг1чун санитарни отрядо д1авехьира со,­ олий дуьйцура цо. ­И хилира 1915­чу шарахь Перемышль­г1али юххехь; юкъа­кара даханчохь ч1ог1а чов хилла со воьжначохь а вуьсуш вайн эскар духаделира. Дийна ву­вац хьажа, мостаг1чун салтичо суна ч1енига к1ел мийра тоьхча, халла б1аьргаш схьабиллира ас.    ­Оьрси вуй хьо?­ хаьттира соьга австрин салтичо.    ­Вац,­ элира ас.    ­Г1алг1азкхи?    ­Нохчо.   ­А­а!   Нохчо,   нохчо,­   бохуш,   цецбевлла,   вовшашца   цхьа   г1урт   а   бетташ,   барми   т1е   а   виллина, д1авехьира со мостаг1чун салташа. 7Йийсарехь дахар т1ех ирча дара. Лазартнехь сан хьалдолчу немцочун кертара вацийра   со.   Сайн   аьтто   ма вахара со, юха а чов   чевнаш   ма   йирззинехь   вигина,   цхьана кхопхьаж   д1абоккхуьйтуш,   ялхо   вина белли цигара вада а ведда, вуха а т1ам т1е хилира, амма кхин церан кара­м ца вахара. ­Ц1а­м   хьаха   веара   хьан   Ваша,   мустйина котам санна, беркъа а ваьлла, кочахь цхьана тишчу чоьин каччий, оццул эрча воккхуш юьхь   т1е   х1оттийна   и   мой   бен   кхин   деа х1ума   доцуш,­   олий,   цхьана   челакхчу х1уманах санна, майрачух б1аьрг а тухий, даша юккъе эккхара Кулсам. ­Г1овг1а   ма   е,   хьуна   мичара   хаьа   арахь наха х1ун леладо?­ олий, т1ечевхара Ваша шен зудчунна. ­Махках а ца лун болу дин ца балийра ас, цуьнан меха х1ара шед а цигара ца еара ас?­ цу хеттаршца хьала а эккхий, лун ма1аш т1ехь, герзашна юккъехь баьрччехь кхозучуьра схьа а оьций,к1айчу, пийлан даь1ахкан, дешица кхелина мукъ болу и нисъелла шед гойтура цо тхуна. ­Кху йозане хьовсал, йозане! Ладог1ал: "Арахь­динна, ц1ахь­зудчунна!"­ олий, юх­юха а доьшура цо цу шедан кхожа т1ера и диъ дош.    Кулсам, сихха шен майра волчухьа б1аьрг а кхуссий, арайолура. Т1аккха Бано йистхуьлура:    ­Цу т1е яздинарг х1унду­м дера ца хаьара тхуна, изза бен дацахь башха хьекъал долуш х1ума а дац хьуна иза­м. Деллахьа цу йозанца хьайна йиталахь и!­ олий, аз айдой йистхуьлура Бано шен жимачу вешига.    Т1аккха, кхин цкъа а сутар хьажа а хьожий, тохарлеррачу д1ауллура Вашас шен хьоме шед. 8Ширчу юьртахь      Ваша, къаьсттана со дукхавезаш, дика вара соьца. Амма, дайн т1аьхьенца, церан г1иллакхашца, терго еш, со каде, т1ахъаьлла 1амо г1ерташ ч1ог1а къахьоьгура цо. и      ­Ма хаавелахь и цу говра, мегар дац хьуна,­ бохуш, Децас г1агг1инехь, мохь хьоькхушшехь, сан ворх1 шо кхаьчхьана дуьйна со т1е а хаавой, и шен уггаре а челакх дин д1ахоьцура цо. Масала, ас, кхера   а   велла,   говран   кхес   лаьцча:   ­Д1ахеца,   к1илло,   и   кхес,   нийса   1е!­   олий,   мохь   а   тухий, т1ечевхара суна Ваша.     Вашина луург да г1ерташ, кхес д1а а хоьций, хийла говрара 1ункар чувужура со. Т1аккха, водий т1евог1ий, со хьала а айавой: "Схьахьажал соьга, лазийний хьо?­ олий, хаттар а дой, со вистхилла валале,­ схьавоьл кхин цкъа а, кхера ма кхера, т1аккха охьавужур вац хьо",­ олий, вуха а говра хаавора цо со.    Иштта сох бере ван г1ерташ, со а, говр а хьийзош, х1ор денна бохург санна, къахьоьгура Вашас.    Тхан лулар 1умхас цхьана дийнахь шега:    ­Салман, и к1ат лазавайта г1ерта хьо, витахь иза а, и говр а,­ аьлча.    ­Иштта ма ала, ва 1умха,­ элира Вашас.­ "Серах ца бина х1оз, хьокханах балур бац", олу вайн дайн кица хезний хьуна? Бакъду хьуна иза, 1умха. И санна берахь ца кхиинчухдезар кхуьур дац хьуна. 9­Иза а бакъ ма ду, Салман,­ олий, 1умха цуьнгахьа а волий, со вицвора цу шимма.    Экскурсехь Цхьана дийнахь арабаьккхина, оцу ша т1ам т1ера балийнчу, оха "Бораниг" ц1е  тиллинчу, шен дикачу динна нуьйр а тиллина, дацдинчу луьйтанийн локхарш чу когаш а нисбеш, говра хаийра со Вашас. Т1аккха цо и шен кхелина маь1а кхаж болу шед, цу кхожа т1ерачу бахтарх пхьарс чекх а боккхуш, сан буйна йоьллира.    Леррина хьожуш, говра т1ехь со д1анисина ша ваьлча:       ­Х1инца ладог1ал  соьга,­  элира Вашас.  ­Ваша Азамат волчу Бена­Юьрта г1ур ву хьо х1инца. Дагадог1ий хьуна ас хьуо цаьрга вигина?    ­Дог1у.    ­Хьай борз я1...    ­Уьйт1ахь цхьа доккха комарийн дитт а долуш дуй церан ц1енош?    ­Ду те. И дагадог1у хьуна?    ­Дог1у. Со цу т1ера, комарш юуш воллуш охьа муха вуьйжира?    ­Хьай борз я1. Иза а ца дицделла. Вуьззина къуонах ву­кх хьо,­ аьлла, пхьарс а лаьцна, говра т1ехь вегийра Вашас со. ­Ас даийтина алий х1ара кехат цуьнга д1а а лой, ц1а вола.    Доьазза т1е­к1ел а йиллина цхьа кехатан цуьрг йоьллира цо сан к1айчу кучан хьалхарчу кисана.    ­Вахалур вуй хьо?    ­Вахалур ву. 10­Стенга хьежадо ахь и   бер?   Хьерваьлла стаг   ву­кха   хьо,­ аьлла,   ши   куьг   а ластийна,   дов   деш чуьра араелира Бано.   ­Вахалур   вац хьуна   и,   эвлах валале   цу   эмалке охьа   а   тохийтина   и бер лазадайта воллу хьо. ­Д1аяла,   г1овг1а   ма е,   бано,   зударийн г1уллакх   дац   оха   Тхо­м лелочуьнца. къуонахий   дай, тхаьш   х1ун   лиэладо а   хууш,­   элира цуьнга Вашас, виэлакъежжинчохь соьгахьа а воьрзуш.    ­Деца, вахалур ву хьуна со,­ аьлла, хьаставелира со Банона, цуьнга ла а доьг1на, Вашас суо говрара охьавоссорна кхеравелла. Нагахь охьавоьссича а Вашас хьийзор вара, къуонах вац, Бена­Юьрта ваха а ца ваьхьира хьо, бохуш.    ­Ладог1ал, хезий хьуна? Тхо­м къуонахий дай.    Воккхавеш, верриге а велавелла, соьга схьа а хьаьжна, хаьттира цо:    ­Бакълуьй со, Музак?    ­Бакълуьй, Ваша,­ элира ас.    Диллинчу ке т1е а ерзийна, сан говран урх д1ахийцира Вашас. Со генна ваьлча:    ­Варе, шед ч1ог1а ларъелахь!­ аьлла, т1аьхьа мохь туьйхира соьга цо.               Суо   эвлах   араваьлча,  к1еззиг   шед  а   айеш,  говран   урх  малйира   ас.   Суна   к1елхьара   говр, мацъеллачу барзо даь1ахк санна гаьллаш а 1аьвшина, шена цхьаммо чов йича санна д1аиккхира. Со, т1улг хилла нуьйра т1е а вижина, д1атийра. Дехха садиттира астсан Бораниг ша кхетамчу а еъна, соцур ю моьттуш, амма и т1етт1а сихлуш, мохо айбина лаьхьа санна, сихъелла йоьдура. Сайн ницкъ маббу ас урх юхаозарх и к1еззиг а лахъян ницкъ ца кхечира сан. Т1аккха сайн ма­хуьллу цхьа урх а озийна, халла новкъара а яьккхина хьаьжк1аш юккъе ялийра ас Бораниг. Кхузахь а, тохара санна, сиха йоьдура сан говр. Тх­тх, тх­тх, тх­тх,­ бохуш, цу къоначу хьаьжк1ийн лоьдгаш цоьстуш, говро когашца ден тата бен схьахезаш х1умма а дацара. Т1аккха, сайн урхах катоьхна, ма­хуьллу озийна къух­колл йолчу шу юххе ялийра ас говр.    Воккхачу стеган дийцар 11Кхин г1ора доцуш к1елвисна суо собарх ваьлча,   меллаша   айлуш,   сайн   когаш луьйтанийн бахтарш чуьра схьа а бохуш, нуьйра   т1ехь   горгвелира   со.   Т1аккха хахкаелла   йоьдучу   говра   т1ера, кхоссавелла   цу   к1едачу   баца   т1ехула, буьрка санна, д1авахара со    Еа х1ара ю аьлла, суна хаалуш лазийна х1ума йоцуш со хьалаг1аьттича, цхьа итт г1улч   бен   суна   гена   йоцуш,   цхьана х1уманна ша бехкала яхча санна корта охьа   а   бахийтина   лаьттара   Бораниг. Леррина   соьга   схьахьоьжучу   цуьнан 1аьржа   баккхийчу   б1аьргаша   х1инца: "Хьашт доцуш едира со, кхин йодур яц, схьавола   суна   т1ехаа",­   бохуш   санна хетара.       Бораниг   бехке   йолуш   кху   арахь   со валаза   х1инцца   ваьллехь   а,   х1окху сохьта кхин а ч1ог1а дукхаезаелира суна сайн говр. Х1инца соьга хаьттича массо а вочунна бехке ерг Вашас соьга елла шед яра.     Меллаша   Борачунна   т1е   а вортанах   а вахана,   цуьнан бер санна   Тохара   шен и тоьхна,   нанна   Бораниг. хьаьрчина, хьаставелира   со   цунна. санна,   меттах   ца   йолуш, йовха   ворта   сох   схьа   а лаьттара арахь   суо   висинчу гергара   х1умма   а    Говран гоьла т1е кхес   а   лаьцна,   вортан ваьлла,   тохара   санна Ас дирста схьалаьцча, меллаша корта хьала а Бена­Юьртахьа   д1айолаелира   Бораниг. цо мел боккху ког а шен хьоме бер 1алашдеш нанас санна, боккхура.      Кхин новкъахь цхьа а бохам ца хуьлуш Бена­Юьрта а веана, Вашас сайга делла кехат цуьнан доттаг1чуьнга Азамате д1аделира ас.      ­Х1ай, дукхаваха хьо, мел нисвелла бере а ву,­ аьлла, цхьа т1ам лаьцна со говра т1ера охьа а ваьккхина, шен хаза, куц долуш йолчу х1усам­нене ша д1алуш,­ вузавелахь х1ара,­ элира Азамата.        Вуханехь новкъа со Азаматца цхьаьний велира. Цуьнан и лекхачу дег1ахь куц долу, хьарг1а санна 1аьржа дин, г1ург1езах ворта а саттийна, даиманна а разбуьйлуш, некъ ца тоьуш, ловзуш бог1ура. Цо шен ц1арца меттахбоккхий сан Бораниг а, ворта саттайой, ша лаьттачохь бергаш а тухий д1а­схьа Оццул   йоккхачу   эрна сан   х1инца   дуьненахь   цул дацара. когаш   а   г1ертош,   цуьнан т1ехула текхна нуьйра т1е а нислуш,   говра   хиира   со. айбина,   новкъа   а   яьлла Х1инца лерина 12разхьаьвзара. Азамата и шен челакх дин ас урамехь ловзош йолчу сайн чкъургал атта лиэлабора; шена ма­лиъинехь урхаш а тухий, тайниг санна, "г1арч1" олий, к1егар хаабора цо и. Т1аккха соьгахьа а воьрзий:    ­ Бере, муха ду хьан г1уллакх, ларавой хьо динца?­ олий, хаттар дора.                                            ­Лараво. ­Хьай борз я1. Урхаш а ца хьееш ша парг1ат йита ахь, цхьанхьа а г1ура яц хьуна и; хаьа хьуна цунна хьо жима вуйла,­ олий говрахь 1аш дирста муха лиэло еза, 1амадора суна Азамата.    Тхойшиъ к1отархойн бошмашка кхочуш, ц1еххьана яьхкинчу мархаша чубуза бирзина малх къайла баьккхира. Раьг1наш а, хи тоьхча санна, макх а елла д1ах1иттира. Делахь а хала дара х1аваэхь хиллачу хийцамаша х1ун дахьар ду ала...      Г1ехь чан йожош дог1а а тоьхна, езза айаелла, некъ хадош, таьллаш т1ехула а евлла, мархаш а д1аяхара. Стиглахь а, лаьттахь а тохара санна тийна, йовха д1ах1оьттира. Х1инцца тхойшинна т1ехьа йисинчу хьеран г1овг1а а хезаш яцара, соьга Азамата ден къамел а, говраша мерех етта шакарш а х1инца,   аз   х1аваэх   чекх   ца   долуш   санна,   инзаре   тийна   к1еда   хезара.   Раьг1наш   а   парг1атъевлла йийшича санна хаза 1охкура.                                                               Ц1а кхаьчча тхойшинна дуьхьал Ваша уьйт1а велира. Меллаша со говра т1ера охьа а ваьккхина, ас бинчу некъан хьокъехь хеттарш дан волавелира и соьга. Ас къамел ч1ог1а дог ца дог1уш дора; сайга цо шед хьахаярна кхоьруш. Суна хьалхара дукха хьолахь жоп луш верг Азамат вара; ас мел ца динарг а дина бохуш, шен ма хуьллу со хеставеш.     Мухха делахь а, я сан охьадаханчу б1аьргех шекваьлла, я ас дечу къамелах тешам байна, охьа а лахвелла леррина соьга хьаьжира Ваша.    ­Сан бере, хьан шед мичхьа ю?­ топ яьлча санна, со 1ада а веш, хаттар дира Вашас.    Со вист ца хилира.    ­Шед цо тхоьгахь йитина,­ элира Азамата, воьхна со к1елхьарваккха ойла хилла. 13