2 класс Чеченская литература Тема: «Нохчийн халкъан барта кхолларалла»

  • docx
  • 01.02.2020
Публикация в СМИ для учителей

Публикация в СМИ для учителей

Бесплатное участие. Свидетельство СМИ сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала Урок 76. нохчийн халкъан барта кхолларалла.docx

 

 

 

Чеченская литература

Тема: «Нохчийн халкъан барта кхолларалла»

1алашо: нохчийн халкъан барта кхолларалла йовзийтар; цуьнан тайпанаш довзийтар (кицанаш, х1етал-металш, туьйранаш); нохчийн литературе безам кхоллар.

 

Билгалбаьхана кхиамаш: берашна хуур ду  нохчийн халкъан барта кхоллараллин башхаллаш кхасто, цуьнана маь1на а девзар ду.Берийн лаам хир бу  ночийн барта кхолларалл йовза  и 1амо.

 

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Бераша  схьайуьйцу  Ж.Махмаевн «Машар» ц1е йолу стихотворени.

2.Дешаре шовкъ  кхоллар.

Ког, ког, куьйран ког,

Хоттала бахана бехбина ког,

Байт1е хьаькхна ц1анбина ког,

Xloa делла хьаьстина ког,

Даьтта делла хьанбина ког,

1ахаршна тебна ког,

Мехкаршнашершийна ког,

Ког, ког, куьйран ког.

-Д1аеша  байт цхьа хьалах а меллаша, т1аккха чехка .Да1ахь 1амае.

-Шуна хеззий  и байт?Маца олура иза?

-И байт  воккхачо бер хьостуш олуш хилла,беран ког хьа а лоций   ког а хьостуш олура иза  воккхачо.

 

3.1алашо йовзийтар.

-Муьлха дакъа долийна вай  кигин? Стенах  лаьцна  хир ду  иза?

-Вай тахана долийна «Нохчийн халкъан барта кхолларалла» ц1е йолу дакъа.Кху декъехь вайна  евзар ю  нохчийн халкъо  кхоьллина  произведенеш.Шуна хуур ду  уьш вайн  хене  муха кхаьчна.

 

4.Керла тема хьехар.

а) Хьехархочун дош.0нохчийн халкъо кхоьллина  произведенеш ю.

«Нохчийн халкъан барта кхолларалла» нохчийн халкъо кхоьллина  произведенеш ю.Халкъа барта кхоллараллина  юкъайогу  тайп-тайтана жанраш-кицанаш, туьйранаш, х1етал-металш, иллеш.Уьш вайн халкъо кхоьллина йоза  ца  хуучу  хенахь.Цундела  церан  автор вац.

-Уьш вайн замане муха кхаьчна?

-Дера кхаьчна  маттаца.Масала  бер д1адижош олу  илли, нанас шен йо1ана 1амийна, цо шен йо1ана, вукхо шен 1о1ана.Туьйранаш а  даьхкина  дас к1анте, канта шен к1анте, вукхо шен к1анте.

«Нохчийн халкъан барта кхолларалла» иза  вайн халкъан хазна  ю.Цо гойту вайн халкъан амал, хьекъал , зеделларг.

_Масала  лекхара  илли, беран  меже  хьостунш олуш хилла, турпаллин иллеш  турпала к1ентий хастош олуш хилла, зеделларг кицанаша гойту.

аь)Хьехархочо д1адоьшу  турпаллин иллеш.

«Ханпашина илли»

-Муьлха турпалхо ву  илли т1ехь валийнарг?

-Х1унда даьккхина  халкъо Ханпашина илли? (иза къонаха хилла, иза  виц ца  валийта даьккхина)

«Асланбекан  илли»

-Муьлха турпалхо ву  кху илли т1ехь хастийнарг? (Асланбек)

--Х1унда даьккхина  халкъо Асланбекана илли?

Аь) Хьехархочо  довзуьйту  берийн ловзар.

-Халкъан барта кхоллараллина  юкъадог1у  берий ловзарш.Царех  цхьаъ ду  «Цициггий  , дахкий»

-Шуна хаьий  цу  ловзарх ловза?

5.Сада1аран миноташ.

6.Керла тема кхин д1а а довзийтар.

а)Хьехархочо довзуьйту  кицанаш.

-Кицанаш  халкъа барта кхоллараллин цхьа тайпа ду.Кицанаша хаздо адамийн деш долу къамел.

-Муха  кхета шу «Ша вина мохк мазал мерза бу» бохучух»?

-Муха кхета шу «Вижна а 1уьллуш болх  ца  бо»?

-Муха кхета шу» «Доттаг1 верг ваьлла, сту .етт берг вайна» бохучух?

Муьлха кицанаш девза  шуна шайна?

 

аь)Хьехархочо довзуьйту х1етал-металш.

Бераша  шаьш  д1адоьшу  кицанаш.Массара  цхьана  лоху  жоьпаш.

 

б)Чехкааларш.

-Бераша  1амадо  чехеааларш.

7.Жам1 дар.

-Х1ун керланиг 1еми шуна?

-Х1ун ю халкъан барта кхолларалла? И Хьан кхоьллина?

-Халкъан барта кхоллараллин  муьлха жанраш евзи шуна?

8.Ц1ахь бан  болх балар.

1амае  2  х1етал –метал, 1 чехкаалар, 1 кица.