Литературное чтение.
Тема:.
1алашо: 1. Гайсултановн дахар, кхолларалла, цуьнан дийцар» Юург ца хилча» довзийтар, нохчийн халкъо хьегна баланаш, халонаш берашка д1акхачор,мискачу нехан хьал берашна довзийтар,Даймахках, шеен халкъах дозалла кхиор.
Г1ирс: яздархочун сурт.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
«Узарханан х1аллакьхилар» дийцаран 2- ра дакъа схьадийцар
2.1алашо йовзийтар.
-Вай тахана д1адоьшур ду 1.гайсултановс яздина «Юург ца хилча» ц1е йолу дийцаран 2 дакъа.вевзар ву яздархо 1. Гайсултанов.
3.Хьехархочун дош (юххедиллар).
4.Керла дийцар довзийтар.
1.Хьехархочо д1адоьшу дийцаран ши дакъа.
2.Дошам.
Товханна-пешанна хьалха,
Барзакх- т1хула юху бедар,
Урд- юьйш йолу меттиг,
3.Чулацамах кхетор.
-Муха д1адололо дийцар?Хьанах лаьцна ду иза?
-Х1унда вара Юсуп г1айг1ане?
-Стенан ойла ян волвелира Юсуп?Мила дагавеара цунна?
-Муха хилира Хьумидан ялта?Х1ун бахьна дара цуьнан ялта иштта хиларан?
-Муха вевзвш ву Хьумид юьртахь?
-Х1ун дан сацам бира Юсупа?Ахьмадан нанас муха т1еийцира и хаам?
-Ахьмад реза хуьлий цу балхана?
-Дас мича вуьгу иза?Муха ду цуьнан барзакх?
5.Сада1аран миноташ.
6.Т1еч1аг1дар.
1.Бераша д1адоьшу дийцар.
2.Ахьмадан васт х1оттор.
-Муха к1ант ву Ахьмад?Х1унда?(дика к1ант ву, иза кхеташ ву шеен ден кхин дан х1ума ца хиларх, реза ву шарахь болх бан шеен ваша меца ца вита)
7.Жам1 дар.
-Муьлха дийцар дийшира аш?Х1ун дара шуна новкъадеънарг?
-Шайн йиш хилча аш Х1ун г1о дийр дара Ахьмадана?
-Аша дийр дарий Ахьмада динарг?
Ц1ахь: шера д1адеша дийцаран ши дакъа,хазъеллачу кийсакна сурт дилла.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.