Литературное чтение.
Тема:
1алашо: нохчийн д1адахначунна т1ера цхьацца г1уллакхаш довзийтар; турпалхой бовзийтар, церан хьуьнарш берашка д1акхачор; авторан дог- ойла нийса д1а а гойтуш дийцаран текст еша 1амор.Даймахках дозалла дар 1амор.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
«Адин сурхой, эла Мусостий» дийцаран 1- ра дакъа д1адешар.
2.1алашо йовзийтар.
-Вайна тахана ад1адоьшур ду «Эла Мусост Адин Сурхо» ц1е йолчу дийцаран 2- г1а дакъа, шуна гур ду цуьнан хьуьнарш, ца кхизачу элина дуьхьал латтийна къийсам.
3.Керла тема хьехар.
1. Хьехархочо д1адоьшу «Эла Мусостий, Адин Сурхой» ц1е йолу дийцаран 2-г1а дакъа.
2. Дошам.
Мажар- топ,
Яйдакхчу-т1ехь нуьйр йоцчу
Раьг1наш-латта, мохк.
4.Чулацамах къамел дар.
-Х1ун дира Сурхос Мусостан раьг1нашна? Муха г1ан гира Адин Сурхонна?
-Муха дуьхьалъеара Адин сурхон нана?цо х1ун элира шен к1анте?
-Муха вахарв Адин Сурхо, эла Мусостан керта?
--Х1ун дехар дира цуьнга къеначу элас?д1аеша и меттиг.
-Муха жоп делира Адин Сурхос? Д1аеша и меттиг.
-Муха вистхуьлу Мусостан ваша? Адин Сурхос цунна х1ун до?
-Муха жоп ло йо1а Адин Сурдонна?
-Муха т1аьхьакхочу эла Мусост Адин Сурхонна?
-Муха къамел хуьлу цу шиннан?Д1аеша и меттиг.
-Муха вийра Адин Сурхос эла Мусост?
5. Сада1аран миноташ.
6.Чулацам таллар.
-Хьан яздина х1ара дийцар? Мила ву цуьнан автор?(халкъ ду, иза цхана стага ца язйина, халкъо коьллина дийцар ду)
-Муьлха зама ю цу т1ехь юьйцург?(шира,адамаш дацош хилла зама ю)
-Муха бу турпалхойн мотт?( шира дешнаш ду, «мажар»,
«сту», къамел ду ша тайпана)
-д1аеша шира къамел долу кийак.
-муха йоккхуш хилла ширачу заманчохь турпалхочун ц1е?(Адин Сурхо)
8.Жам1 дар.
-Х1унда эшна эла Мусост?(къиза, нах ца безаш хиларна,нахана иза ца везарна)
-Х1унда тоьлла Адин Сурхо?(Майра,нах дукхабезаш, нахана везвш хиларна)
-Сурхо эша йиш ярий?Х1унда?(цунна наха г1о дийр дара)
Ц1ахь: дийцар «Эла Мусост , Адин Сурхо» схьадийца кечам бар.Хазъеллачу к1айдаргана сурт дилла.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.