4 класс. Чеченская литература. Хь. Хасаевс язйина «Шийла 1уьйре»

  • docx
  • 05.05.2020
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала Урок 11.docx

20.09.19г.

Литературное чтение

Тема:   

1алашо: Хь. Хасаевс язйина «Шийла 1уьйре» ц1е йолу дийцар довзийтар; нийса а кхеташ а, шера а дийцаран тексташ еша 1амор, 1аламе безам кхоллар,гуьйренан тидамаш бовза 1амор.

Г1ирс: яздархочун сурт.

        Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

М. Мамакаевн стихотворении «Гуьйре» схьайийцар.

2. 1алашо йовзийтар.

-Вай тахана д1айоьшур ю  Х. Хасаевс яздина «шийла 1уьйре» ц1е йолу  дийцар.

3.Керла тема хьехар.

  1.Хьехархочо д1адоьшу дийцар «Шийла 1уьйре»

   2.Чулацамах лаьцна къамел дар.

-Муха хуьлу шийлачу 1уьйранна олхазарийн дахар?

-Х1ун бахьана ду  Органна т1ехула долчу серашна т1е олхазарий гулдаларан?Д1аеша и меттиг.

-Муха дара и дерриге олхазарш?Уьш дусаделла хилар стенан билгало яра?

-Х1ун г1уллакхаш хир ду аьлла хетта шуна олхазарийн? Адамийн таро юй царна г1о дан ? ахь х1ун г1о дийр дара олхазаршна? Цара х1ун юу ?

4.Сада1аран миноташ.

5.Т1еч1аг1дар.

Бераша д1адоьшу дийцар.

6.Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира вай?

-Х1ун керланиг хиира шуна 1аламах лаьцна?

Ц1ахь: Гуьйренан билгалонаш д1аязъе тетрада т1е, тидамаш а, шера д1адеша дийцар «шийла 1уьйре», аг1о 17-18.