4 класс. Чеченская литература. М.Мамакаевс яздина «Узарханан х1аллакьхилар»

  • docx
  • 05.05.2020
Публикация в СМИ для учителей

Публикация в СМИ для учителей

Бесплатное участие. Свидетельство СМИ сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала Урок 18.docx

Литературное чтение.

Тема:

1алашо: М. Мамакаевн « Узарханан х1аллакьхилар» 1е йолчу дийцаран шолг1а дакъа д1адешар;    нохчийн д1адахначунна т1ера цхьацца г1уллакхаш довзийтар; турпалхой бовзийтар, церан хьуьнарш берашка д1акхачор; авторан дог- ойла нийса д1а  а гойтуш дийцаран текст еша 1амор.Даймахках дозалла дар 1амор.

  Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

  «Узарханан х1аллакьхилар»   дийцаран 1- ра дакъа схьадийцар

2.1алашо йовзийтар.

-Вай тахана д1адоьшур ду М.Мамакаевс яздина «Узарханан х1аллакьхилар» ц1е йолу дийцаран 2- г1а дакъа.

3.Керла тема хьехар.

   1.Хьехархочо д1адоьшу» Узарханан х1аллакьхилар» ц1е йолчу дийцаран шолг1а дакъа.

   2.Чулацамах кхетор.

-Х1н дина Узархас нах бист ца хилча?муха къамел дина цо м1айстахошка?

-Муха яра нехан дог ойла?Автора стенца юсту церан дог- ойла?(х1оранна чохь цхьацца веллача санна бара м1айстахой)

-Х1ун дара элан даг чохь нах д1абоьлхуш?

-Муха д1абаьхьира эло шен болх?

-Таьххьара а нехан собар кхачийнарг х1ун дара? Мила велира нахана хьалха?(стенца юсту автора халкъан оьхазло?(Ломац даьлла дарц санна ю боху)

-Цара х1ун дира шайн элана?

-Дуьххьара иза эла хила г1оьртича х1унда ца йира наха цунна дуьхьало?

-Кицанаш:

Дукхадезаро долчух ваьккхина. Сихалла СА даьккхина собаро лам баьккхина.

-Муьлха кица дог1у дийцарна? Х1унда?

3. Сада1аран миноташ.

4.Бераша д1адоьшу дийцар.

5.Схьадийца кечам бар.

6.Жам1 дар.

-Х1ун хьоьу кху дийцаро шуна?Х1ун коьрта маь1на ду цуьнан?

Ц1ахь : схадийца кечам бе  «Узарханан х1аллакьхилар»   дийцаран 2- г1а дакъа .Сурт дилла хьайна хазъеллачу кийсакна.