Литературное чтение.
Тема:
1алашо: нохчийн д1адахначунна т1ера цхьацца г1уллакхаш довзийтар; турпалхой бовзийтар, церан хьуьнарш берашка д1акхачор; авторан дог- ойла нийса д1а а гойтуш дийцаран текст еша 1амор.Даймахках дозалла дар 1амор.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
«Таймин Биболатан илли» д1адешар.
2.1алашо йовзийтар.
-Вайна тахана а евзар ю кхин цхьаъ а турпалхочун ц1е, шуна гурд у цуьнан хьуьнарш, ца кхизачу эллина дуьхьал латтийна къийсам.
3.Керла тема хьехар.
1. Хьехархочо д1адоьшу «Эла Мусостий, Адин Сурхой» ц1е йолу дийцар.
2. Дошам.
Эла-миска нах бацош волу , хьал долу стаг.
Ясакх- ялтица, ахчанца, я доханца йоккхуш хилла йолу ясакх.
Тхьамданаш-баккхий нах.
Кхеташо- дагабовлар
3. Чулацамах къамел дар.
-Мила ву Адин Сурхо?
-Мила ву эла Мусост?
-Х1унда бегна юьртара нах г1айг1ане?Цара х1ун дехар до эла Мусостега?
-Муха жп ло эла Мусостас царна? Д1аеша и меттиг.
-Муха стаг ву эла Мусост?
-Стенна кхеташо йира тхьамданша?Мила дагавеара царна?
-Хьаьнга воьху цара Адин Сурхо?
-Муха жоп ло Сурхон нанас? Д1аеша и меттиг.
-Муха зуда хетта шуна Сурхон нана?Х1унда?
-Муха къамел дира нанас Сурхога?Д1аеша и меттиг.
-Муха къамел до Сурхос дуьххьар?(дехарца, лерамца)
- Муха жоп ло Мусоста?(ца лоьруш, ша вешаш, сийсаз ванн г1ерташ)
-Шуна х1ун аьлла хетта , х1унда до Мусоста г1иллакхе доцу къамел?(1ехавелла шен бахамах)
4. Сада1аран миноташ.
5.Т1еч1аг1дар.
1.Бераша д1адоьшу дийцар.
2.Турпалхочун васт х1оттор.
-Муха к1ант ву Адин Сурхо? ( Майра , оьзда,г1иллакхе)
-Стенах хиира и хьуна?( тхьамданашна угар хьалха иза дагавеара г1о эшча,цо ша къамел долош элега а г1иллакхе а лераме а вистхилира иза, цо майрра д1акхайкхира эла)
3.Эла Мусостан васт.
-Муха стаг ву эла Мусост?(къиза, г1иллакхдоцуш, адамаш ца лоруш)
-Стенах хиира шуна иза?(баккхийчу нахе вистхилар ирча дара, т1ечихар, Сурхога г1иллакхдоцуш къамел долийра)
4.Жам1 дар.
-Муьлха дийцар дийшира аша?
-Муьлха турпалхо вевзира шуна?
Ц1ахь: д1адеша дийцар «Эла Мусостий, Адин Сурхой» ц1е йолу дийцар., аг1о 23- 27.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.