Литературное чтение
Тема: «Ч1ег1ардиг» . З.Сулейманова.
1алашо: З. Сулейманован «Ч1ег1ардиг» ц1е йолу стихотворении йовзийтар; нийса а кхеташ а, шера а стихотворни тексташ еша 1амор, 1аламе безам кхоллар,
Г1ирс: яздархочун сурт.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
Дийцаран «лаьмнашкахь» 3-ра дакъа д1адешар.
(Бераша дехкинчу суьрташна к1айдаргаш ешийтар)
2. 1алашо йовзийтар.
-Вай тахана д1айоьшур ду З. Сулеймановас язйина «Ч1ег1ардиг» ц1е йолу стихотворени.
3.Керла тема хьехар.
1.Хьехархочо д1айоьшу стихотворении.
2.Дошам.
Товха- пеш,
Жатташ- г1арг1улийн тобанийн мог1а кхо СА болуш.
Къоьжа- сира т1е ло диллина.
3.Чулацамах лаьцна къамел дар.
-шеран муьлха зама ю стихотворении т1ехь ялийнарг? Иза стенах хиира хьуна? Д1абеша и мог1анаш.
-Гуьйренан муьлха билгалонаш гойту автора? Д1абеша и мог1анаш.
-«Хьаннаш б дашо бос эцна» бохучух муха кхета хьо? Муьлханиг бу гуьйренан бос?
4.Сада1аран миноташ.
5.Т1еч1аг1дар.
1. Бераша д1айоьшу стихотворени.
-Муьлха эпитеташ ю стихотворении юкъахь?
6.Жам1 дар.
-муьлха стихотворении йийшира вай ? Стенах лаьцна яра иза?
-Х1ун керланиг хиира хьунв гуьйренах лаьцна?
Ц1ахь: Дагахь 1амо стихотворении «Ч1ег1ардиг» дагахь 1амо, аг1о 14-15.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.