4 класс. Чеченская литература. Тема: «Гуьйре юлу зама» . 1. Мамакаев

  • docx
  • 05.05.2020
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала Урок 9.docx

Литературное чтение

Тема:    «Гуьйре юлу зама»  .  1. Мамакаев

1алашо: 1.Мамакаевн дахар, кхолларалла, цуьнан керла дийцар «Гуьйре йулу зама »  довзийтар; нийса а кхеташ а, шера а дийцаран тексташ еша 1амор, 1аламе безам кхоллар,цуьнан тидам бар, иза 1алашдан лаар кхиор.

Г1ирс: яздархочун сурт.

        Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Стихотворени «Ч1ег1ардиг» схьайийцар.

2. 1алашо йовзийтар.

-Вай тахана дуьйцур ду нохчийн  г1араваьллачу яздархочух 1. Мамакаевх лаьцна. Д1адоьшур ду цуьнан гуьйре йулу зама ц1е йолу дийцар.

 1.Хьехархочун дош(юххедиллар) 

2.Дошам.

Акхтарг – диттийн цхьа тайпа.

Аьрха-Чехка, дера.

3.Чулацамах лаьцна къамел дар.

-Шеран муьлха зама ю дийцар т1ехь юьйцуш ерг? И муьлхачу дешнаша гойту?

-Цул т1аьхьа х1ун хийцамаш хила тарло?

-Акхтаргийн г1ах лаьцна х1ун боху автора? Д1аеша и меттиг.

-Муха хуьлу гурахь Орга? Соьлжа? Марта?

4. Сада1аран миноташ.

5.Бераша д1адоьшу дийцар.

6.Къастош ешар.

-Буьйсанах лаьцна йолу к1айдарг д1аеша.

-Муха хьоькху мох? Д1аеша и к1айдарг.Стенах тер аду мохан уг1ар?

-буьйса серлаяларх лаьцна йолу к1айдарг д1аеша.

7.дагахь ешар.

8.Жам1 дар.

-Х1ун керланиг хии хьуна гуьйренан 1аламах лаьцна?

Ц1ахь : шера д1адеша дийцар «Гуьйре йулу зама».