Литературное чтение
Тема: классал арахьара ешар : «
1алашо: ловзаран кепехь 1амийнарг карладаккхар; Даймехкан 1аламан суьрташ довзар таллар, нохчийн литературе безам кхоллар, цуьнан хазалла ган 1амор.
Г1ирс: яздархойн суьрташ, бераша дехкина суьрташ, диттийн суьрташ, олхазарийн , акхаройн суьрташ.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
«Гуьйре» стихотворении схьайийцар.
2.1алашо йовзийтар.
-Чакхдели книжкин цхьа дакъа, Цу декъа т1ехь вайна ч1ог1а дукха далийна дара Даймехкан 1аламан суьрташ.Вайн тахана ша- тайпана урок ю. Тахана вай ловзарца талла а толлуш карладоккхур ду шуна 1еминарг.
-Шу доькъур ду кхаа тобане. Шайн тобанашна шаьш харжа ц1е.
3.Муьлхачу стихотворенин яйна кийсак?
Де додий, дин хохкий доьду
Дахаран кхоьлинчу некъаца,
Буьйсанан хан-зама йоьду
Ах йича сов йолчу набарца.( Ш. Окуев. Гуьйре)
1уьйранна г1еттинарг
Шен кетир лоьхуш ву.
Хийисте х1оьттинарг
Корталех хьерчаш ю.(Гуьйре. Хь.Хасаев)
Шийла ю мел йогу 1уьйре.
Беркате шуьйра т1ам хецна,
Меллаша т1ег1ерта гуьйре.
Хьаннаш ю дашо бос эцна.(Ч1ег1ардиг. З.Сулейманова)
Стиглан къекъар
Эххар тийча,
Дог1а сихло
Латта лийчо.(Аьхкенан сурт.З Сулейманова)
Беттаса кхетачу
Буьйсанна берашлахь
Туьйранаш дуьйцу ас
Кет1арчу т1улга т1ехь(1. Мамакаев. Дагалецамаш).
4. Тидамаш бовзар.
Олхазарш 1уьйранна буьрка санна дусаделла хилча …(де шийла хуьлу)
1уьйренци дохк хилча….(де декхна хуьлу)
5.Муьлхачу дийцаран яйна кийсак?
Юсупна дукхаезара Александр Дюман «Кхо мушкетер» ц1е йолу книга, амма цо иза х1умма а хала а ца хеташ д1укховдийра Наурузана.(Аьхка садо1уш. Хь саракаев)
Делахь,Халид, мА дика ду-кх ахь и туьха дохьуш. Кху шарахь ламанца дежийла дика а хилла,хьуьнхахь стоьмаш, дечигаш, х1уш дукха а хилла , ч1ог1а а оьшура туьха.(Лаьмнашкахь. Хь.Хасаев)
Олхазарш д1атарделла довлушшехь, орцал т1ехьара, маьлхан цхьа дакъа гучуделира. Моссо а олхазар малхехь а дирзина 1ара.(Шийла 1уьйре.Хь.Хасаев)
7.Сада1аран миноташ.
8.Д1аеша суьттанна йог1у к1айдарг.
(Бераша шаьш дехкинчу суьрташна йог1у к1айдарг лаха а лохий д1айоьшу)
9.Суна хаьа пхиъ х1ума.
1)Пхиъ яздархо.
2.Пхиъ дитт.
3.Пхиъ дийнат.
10. Исс хаттар.
-Муьлха яздархо ца 1амийна вай кху декъехь?(З. Сулейманова, Ш. Окуев,Ж. Махмаев.)
-Муьлханиг ду л у?(сурт).
-Муьлханиг ду ч1егардиг?
--Муьлха яздархо ца 1амийна вай кху декъехь?(Хь. Саракаев,1.Мамакаев, М. Айдамирова)
-Муьлханиг ю акха газа?(сурт)
-Муьлханиг ю алкханч?
-Муьлха яздархо ца 1амийна вай кху декъехь?(Д.Кагерманов, М. Мамакаев, Ш Окуев)
-Муьлханиг бу поп?(сурт)
Халид «Лаьмнашкахь» дийцарехь иза мила ву : хьуьнхо я таллархо?
10.Жам1 дар.
Тобанийн кхиамаш багарбар, тоьлларш кхайкхабар, совг1аташ далар,
Ц1ахь: «Гуьйре» ц1е йолу жима дийцар х1оттаде.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.