Литературное чтение
Тема: «Лаьмнашкахь» . Хь. Хасаев.
1алашо: Хь. Хасаевн керла дийцар «Лаьмнашкахь» довзийтар; нийса а кхеташ а, шера а дийцаран тексташ еша 1амор, 1аламе безам кхоллар.
Г1ирс: яздархочун сурт.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
Дийцар «Аьхка садо1уш» д1адешар.
2. 1алашо йовзийтар.
-Вай тахана д1адоьшур ду Хь. Саракаевс яздина «Лаьмнашкахь» ц1е йолу дийцар.Вайна тахана девзар да вайн махкара цхьацца тайпана экханаш.
3.Керла тема хьехар.
1.Хьехархочо д1адоьшу дийцаран 1-ра дакъа.
2.Дошам.
Луьйта- нуьйран ког чу тосуш долу дакъа.
Жималла деш- цуннуа г1иллакх лелош.
3.Чулацамах къамел дар.
-Хьанах лаьцна ду дийцар? Мила ву Халид?
-Цо муьлхачу экханашна толлура? Х1инца варий иза талла воьдуш?
-Х1ун яра цо хьуш ерг? Аь тидам биний экханаша туьха дууш?
-«Жималла лелош» бохучух муха кхета хьо?
4. Сада1аран миноташ.
5.Бераша д1айоьшу текст.
6.Ойлаяр.
-Халида вукху экханашна зуламенаш берзалой чаг1алкхаш йойу,Уьш жимъелча 1аламна пайде хир дуй?
1алам довзар т1ера.
Адамийн тидам хилла, акхарой (борз,ча) уьш ца йисинчохь пхьагалш , акха хьакхарчий .сайнаш, акха котамаш , цкъа хьалха ч1ог1а дебба, амма жима хан яьлча уьш а жимъелла.Х1унда?
(Гучудаьлла акхароша лоьцуш дерш дукхахдерш цомгаш долу дийнаташ ду,х1унда аьлча могаш а онда а долу экханаш т1аьхьакхиа а , лаца а хала ду. Акхарой х1аллак йинчохь цамгарш яьржина царех елла дукхах йолу дийнаташ. Цундела акхарой лору хьуьнан лоьраш.Цхьана бух1ано к1елхьардокку 1 тонн к1а)
7.Жам1 дар.
-Муьлха дийцар дийширв вай? Х1ун керланиг хиира шуна урокехь?
-Шуна х1ун аьлла хетта:берзалой, чаг1алкхаш оьшуш юй?
Ц1ахь.Шера д1адеша дийцар: «Лаьмнашкахь» аг1о 8-9,1-ра дакъа.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.