4 класс. Чеченская литература. Тема: «Лаьмнашкахь» . Хь. Хасаев.

  • docx
  • 05.05.2020
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала Урок 6 .docx

Литературное чтение

Тема:    «Лаьмнашкахь»  . Хь. Хасаев.

1алашо: Хь. Хасаевн керла дийцар «Лаьмнашкахь» кхин д1а а                                   довзийтар; нийса а кхеташ а, шера а дийцаран тексташ еша 1амор, 1аламе безам кхоллар, ц1ечу книги т1ера вайн махкахь долу дийнаташ довзийтар.

Г1ирс: яздархочун сурт, дийнатийн суьрташ.

        Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Дийцаран «лаьмнашкахь»  1-ра дакъа  д1адешар.

2. 1алашо йовзийтар.

-Вай тахана д1адоьшур ду Хь. Саракаевс яздина «Лаьмнашкахь» ц1е йолу дийцаран 2-г1а дакъа.Вайна тахана девзар да вайн махкара  цхьацца тайпана экханаш, царех ц1ечу книги т1еранаш а девзар ду вайна.

3.Керла тема хьехар.

  1.Хьехархочо д1адоьшу дийцаран 2-ра дакъа.

  2.Дошам.

Х1има-меттиган ц1е.

Поп, наж-Диттийн тайпанаш.

Г1арол-цхьа х1ума ларъеш вверг.

   3.Чулацамах къамел дар.

-Мича кхечи Халиддий,Аьстамиррий? Цаьршиннан къамел стенах лаьцна дара?

-Стенна оьшу туьха?Х1ун доху цуьнах лаьцна Аьстамира?

-Муха хир ду элира халида де? Муьлхачу 1аламан билгалонашца хиира цунна иза?

-Муьлха дийнат гира цу шина?И х1ун деш дара?

-Дукха дисиний и дийнаташ вайн махкахь? Х1унда ду уьш к1еззиг?

-Мегар дуй уьш леца яйа? Х1унда?

-Мича меттехь бен ца йисина акха гезарий?

4.Сада1аран миноташ.

5.Бераша д1адоьшу дийцаран 2-г1а дакъа.

6.Къастош ешар.

-Туьханах болу пайда муьлхачу к1айдаргехь бу? Д1аеша.

-Де хазахир дуй муха хиира накъосташна?Д1аеша и к1айдарг.

-Х1ун гира шина накъостана туьха охьадуьллш?Д1аеша и меттиг.

-д1аеша божах льцна йолу к1айдарг.

-Церан дахарах льцна йолу меттиг д1аеша.

-Уьш муьлхачу меттехь ю нохчийчохь?

7.Жам1 дар.

-Х1ун керланиг хии шуна урокехь? Аш х1ун дийр дара дийнаташна г1о дан?

Ц1ахь: шера д1адеша   «Лаьмнашкахь» дийцаран 2-г1а дакъа,хазеллачу к1айдаргана сурт х1оттаде.