Литературное чтение
Тема: «Лаьмнашкахь» . Хь. Хасаев.
1алашо: Хь. Хасаевн керла дийцар «Лаьмнашкахь» кхин д1а а довзийтар; нийса а кхеташ а, шера а дийцаран тексташ еша 1амор, 1аламе безам кхоллар, ц1ечу книги т1ера вайн махкахь долу дийнаташ довзийтар.
Г1ирс: яздархочун сурт, дийнатийн суьрташ.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
Дийцаран «лаьмнашкахь» 2-ра дакъа д1адешар.
(Бераша дехкинчу суьрташна к1айдаргаш ешийтар)
2. 1алашо йовзийтар.
-Вай тахана д1адоьшур ду Хь. Саракаевс яздина «Лаьмнашкахь» ц1е йолу дийцаран 3-г1а дакъа.Вайна тахана девзар да вайн махкара цхьацца тайпана экханаш, царех ц1ечу книги т1еранаш а девзар ду вайна.
3.Керла тема хьехар.
1.Хьехархочо д1адоьшу дийцаран 3-ра дакъа.
2.Дошам.
Дакх- диттан цхьа тайпа.
Лу-акха дийнат
Чож-
3.Хьехархочо д1адоьшу дийцаран 3-г1а дакъа.
4.Чулацамах лаьцна къамел дар.
-Мичахь вара Халиддий, Аьстамиррий? Цаьршиннан стенах б1аьрг кхийтира?
-Х1ун ю лу?Мичахь хуьлу иза.
-Луне хьаьжча стенан тидам хилира Халидан?Х1ун дагатесира Халидана? Цо х1ун дира?
-Х1ун элира Аьстамира? Шу реза дуй цо аьллачунна?
5.Сада1аран миноташ.
6.Бераша д1адоьшу дийцар.
7.Къастош ешар.
-Х1ун гира шина накъостана? Д1аеша лунах лаьцна йолу к1айдарг.
-Халидана муха хиира борз луна тебний? Д1аеша и меттиг.
-Д1аеша лунан дахарах лаьцна йолу к1айдарг.
-Аьстамира лунах лаьцна х1ун элира? Реза вуй хьо цу дешнашна?
8.Жам1 дар.
-Х1ун диканиг пайдениг хьихи хьуна дийцаро? Х1ун дара хьуна хьалхе хезна? Х1ун дара керла?
-Дийцар дешча и яздинчух х1ун керланиг хии хьуна?(иза 1аламм дезаш, девзаш ву)
Ц1ахь: 3-г1а дакъа деша
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.