4 класс. Чеченская литература. -Вайн мехкан бу шеен сийлахь турпалхой.

  • docx
  • 05.05.2020
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала Урок 14.docx

Литературное чтение.

Тема:

1алашо: вайн къоман сийлахь турпалхой бовзийтар, церан хьуьнарш, лайна бала, халкъана цара йинчу г1ортолах  лаьцна дийцар, к1оргерчу маь1нийн ойла , чулацам тидаме а оьцуш халкъан илли деша 1амор.

  Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Бераша д1айоьшу  яздина дийцарш «Гуьйренах» лаьцна.

2.1алашо йовзийтар.

-Вай тахана д1адолор ду книжкин керла дакъа. Д1аеша цуьнан ц1е.

-Вайн Даймехкан д1адахначунна т1ера.

-Стенах лаьцна хир ду х1ара дакъа?

3.Хьехархочун дош.

-Вайн мехкан бу шеен сийлахь турпалхой.Царах лаьцна ду нохчийн турпаллин иллеш. Шеен халчу дахарехь тайп- тайпанчу мостаг1ашна дуьхьал халкъо къийсам латтош хьалхабевлла хилла хьуьнарш гайтина нах бу уьш.Уьш х1орш бу : Адин Сурхо, таймин Биболат, Жумин Акхтулла,Мадин Жаьммарза, Бах1адаран Муьстарг, Харачойн Зеламха.

-Уьш паччахьан 1едална дуьхьал хилла. Паччахьн 1едална уьш дуьхьал хиларан бахьана дара , 1едало мискачу нахана т1еь еш йолу харцо, та1зар ца лар. Цундела халкъана моршо лоьхуш, аьтту лоьхуш  шайн синош ца кхоийна цара.Халкъо уьшцкъа а ца бицбалийта даьхан  турпаллин иллеш.

4.Хьехархочо д1адоьшу илли.

Дошам.

 Пхьоха-адам гулделла меттиг.

Инарла –эскархочун дарж

Алаша – говр.

 

5.Чулацамах кхетор

-Муьлхачу турпалхрйн ц1ераш ю иллехь йохуш ерш?

-Биболат мичахь ву? Муха ву иза?

-Мила веара биболатана орцах?

-Муха толам баьккхира Биболата, Акхтуллас, Жумас?

-Д1аеша къеначу жумас майралла гойту меттиг.

-Стенах гойту вайна Биболат халчу чевнех товалар? Д1аеша и меттиг.

6. Сада1аран миноташ.

7.Т1еч1аг1дар.

 Бераша д1адоьшу дийцар.

8.Яххьашца ешар.

9.Жам1 дар.

-Муьлш бу халкъан турпалхой?

-Х1унда даьхна турпаллин иллеш? Уьш х1унда даьхна?

-Муьлха турпалхрй бевза хьуна?

-Вайн заман чохь буй турпалхой?Царах лаьцна х1ун хаьа хьуна?

Ц1ахь: шера д1адеша «Таймин Биболатан илли», аг1о 21-23.