4 класс Хьехархо: Косумова А.З. Нохчийн литература Тема : 1. Зайнутдинов. «К1ентан дуьхьа»

  • docx
  • 09.03.2020
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала Чеч.лит.docx

 

10.03.20г.

4 класс

Хьехархо: Косумова А.З.

Нохчийн литература

Тема : 1. Зайнутдинов. «К1ентан дуьхьа»

1алашо:  1. Зайнутдинов. «К1ентан дуьхьа» ц1е  йолу дийцар довзийтар, нийса а ,кхеташ а дийцаран тексташ еша 1амор; Даймахко лайна бала берашка д1акхачор;  Даймахках дозалла кхиор.

 

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: дешархойн кхоолалур бу дийцаран чулацамах лаьцна шайн хаамаш. 1емар ду шайн дагахь , хезаш , къастош еша. Хуур ду чулацам схьабийца. 1емар ду юхаешарца хьалха йоьшуш даьхна г1алаташ нисдан, ешаран  чехкалла кхио.

2. Метапредметни:

·        Регулятивни: дешархошна хуур ду билгалдинчу дийцаран 1алашонаш хьехархочун г1оьнца билгалъяха.  1емар ду и 1алашонаш кхочушйийр йолчу кепара шайн болх д1ах1отто.

·       Коммуникативни: дешархошна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. 1емар ду шайна хетачух вовшашца дагабовла. Коьртачу турпалхочун амал, цуьнан майрала,хьуьнар хасто дешнаш каро.

·      Познавательни: дешархошна 1емар ду учебникаца болх бан. Оьшу х1ума лаха. Дешархой т1екхуьур бу нохчийн турпалхойн амалехь йолчу турпалчу аг1онашна: къинхетам, майралла. 1емар ду царех лаьцна хаамаш лаха, уьш тидаме эца.

3. Личностни: дешархошна бевзар бу нохчийн къаман турпалхой. 1емар  ду царах дозалла   дан. Дешархоша шайн амалех кхиор бу Даймахке безам , цунна оьшучу хенахь и 1алашбан, цуьна дуьхьа баха лаам

 

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Бераша схьадуьйцу «Синтем боцу денош» дийцаран  3г1а дакъа

 

2.1алашо йовзийтар.

Бераш , вай тахана д1адоьшур ду  «К1ентан дуьхьа» ц1е  йолу дийцаран 1-ра дакъа.

4.Керла дийцар довзийтар.

 А) Хьехархочо д1адоьшу дийцаран 1-ра дакъа.

 Б) Чулацамах къамел дар.

 

5.Сада1аран миноташ.

 

6.Бераша д1адоьшу дийцар.

 

·        7. Чулацамах лаьцна къамел дар.  Къастош ешар.

Мичахь 1уьллуш вара Сайхан? (Сайхан госпиталехь 1уьллуш вара).

-Х1ун хилла вара иза? (Иза ч1ог1а чевнашхилла вара).

-Хьанна сагатдора цо? (Цо сагатдора к1антана).

-Х1ун хилла к1антана? (К1ант лазийна хилла).

-И Хьан к1елхьарваьккхина? (И сайхана к1елхьарбаьккхина).

-Муьлш бу оцу палати чохь кхин? (Оцу палати чохь бу Рашиддий , Андрей).

-Х1ун ду оцу декъан коьрта маь1на? Д1адеша Сайхана аьлла дешнаш. (Халкъан дуьхьа динарг-м довр дацара).

-Муха к1ант хетта шуна Сайхан?

-Муха лоьхура Сайхана к1ант? Д1аеша и меттиг.

-К1антана вевзий Сайхан? Д1аеша.

-Стенна сагатдо Сайхана?

-Ша лазорах х1ун дагадог1у Сайханна?

 

8.Жам1 дар.

Муьлхачу турпалхочун ц1е евзи шуна?

-Цо х1ун дина?

Ц1ахь: Шера д1адеша «К1ентан дуьхьа» ц1е  йолу дийцар