Нохчийн литература
Тема: «Аьзкенан 1уьйре» Ш.Арсанукаев.
1алашо : дешаран книжкин керла дакъа «Аьхке а , гуьйре а» довзийтар, цу декъа т1ехь хила тарло кхиамаш билгалбахар. Ш. Арсанукаевн «Аьхкенан 1уьйре» ц1е йолу произведении йовзийтар. Нийса а , кхеташ а , шера а стихотворни тексташ ешар.
Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду произведене ешарехь авторан дог-ойла а , цуьнана 1аламе болу безамах кхета.Берашна хуур ду шайн белхан план х1отто , цуьнан рог1алла ларъян.Берашна хуур ду вовшашца а , хьехархочуьнца а къамеле бовла , къамел д1адахьа.Берашна 1емар ду шеен кхиамаш а , кхачамбацарш а довза , царех пайдаэца.Берийн 1аламе безам кхоллалур бу
Урок д1аяхьар.
1. Ц1ера болх таллар.
а) Бераша д1айоьшу Ш. Арсанукаевс язйина стихотворении «Ненан мотт»
2. «Аьхке а , гуьйре а» -дакъа довзийтар.
-
-Д1аелла учебникан 7 –г1а аг1о.Д1аеша вай долош долчу керлачу декъан ц1е. (« Аьхке а , гуьйре а»)
-Стенах лаьцна хир ю цу декъатехь 1амо билгалъяьхна произведенаш? (Аьхкенах а , гуьйренах а лаьцна хир ю)
-Хьовса а хьовсий ала : муьлха произведенеш евзар ю вайна и дакъа 1амош?
-« Аьхке а , гуьйре а» Ш. Арсанукаев, «Дог1а деанчул т1ехьа» М.Сулаев, «Аьхке» Д.Кагерманов и. кх. д1.
-Х1ун кхиамаш хир бу вайн и дакъа 1амош, х1ун керланиг 1емар ду вайна?
-Вайна евзар ю аьхкенах, гуьйренах лаьцна йолу произведенеш, церан автораш.
-Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а стихотворенин тексташ еша.
-Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а дийцарийн тексташ еша.
-Вайна 1емар ду дийцарийн чулацамаш схьабийца, вовшашца къамеле довла.
-Вайна 1емар ду 1аламан тидам бан, цу тидамех пайда эца.
3.1алашо билгалъяккхар, белхан план х1оттор.
-Муьлха произведении ю вай кху декъа т1ехь дуьххьара 1амо билгалъяьккхина? (« Аьхкенан 1уьйре»)
-Мила ву цуьнан автор? (Ш.Арсанукаев)
-И прооизведени1амош х1ун болх д1ахьур бу вай? Х1ун 1амор ду хьалхара?
-Суна евзар ю Ш. Арсанукаевн « Аьхкенан 1уьйре» ц11е йолу произведении.
-Х1ун дийр ду шозлаг1а? (Суна 1емар душ ера , нийса еша)
-Х1орш х1ун ю? (Хаттарш , т1едилларш)
-Царна х1ун дийр ду вай? (Суна 1емар ду хаттаршан жоьпаш лаха, дала. Суна 1емар ду т1едиллар кхочушдан)
-Ниийса боху.Бераш, вайна атхана евзар ю Ш. Арсанукаевс язйина « Аьхкенан 1уьйре». Вай 1амор ду нийса а , шера а , кхеташ а стихотворни тексташ еша. Вайна 1емар ду 1ала
бан.
4.Керла тема хьехар.
а) Ш. Арсанукаевн « Аьхкенан 1уьйре» ц1е йолу стихотворении.
Хьехархочо д1айоьшу стихотворении.
-Шеран муьлха зама ю стихотворении т1ехь юьйцуш ерг? (Аьхке)
-Муха г1отту малх аьхка? ( Г1отту малх , з1аьнарш чуийзош)
-Муха дека олхазарш аьхка? (Олхазарш ду декаш, 1уьйренан хазалла хестош)
-Х1ун боху автора сийначу бацах лаьцна? ( Сийна буц тулг1е а етташ , мохо ю техкош)
-Х1ун боху автора диттех лаьцна? (Дитташ ду вовшашка маршалла хоьттуш)
-Х1ун ду юьртахь? ( Юрт самайолуш г1арайолу, нах балхана кечлуш бу )
-Муха дог-ойла кхоллало стихотворени ешча? (Самукъане хуьлу)
-Х1унда? Къастаде жоп. ( Б1аьстенан 1алам сема а долуш дог ловза долу , хаза хуьлу. Б1аьстенан 1аламо дог хьосту стихотворении ешча)
-Х1ун го поэтана? Х1ун хеза поэтана? Аша тидам биний аьхкенан 1аламан? Х1ун ду шуна аьхкенах дагадог1уш дерг?
5. Сада1аран миноташ.
Дехкий девдда даьхкира
Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.
Маса сахьт даьлла хьаьвсира
Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.
Пису дог1у довдалаш
Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.
Сихха гена довлалаш
Цхьаъ, шиъ, къоъ, диъ.
6. Керла тема кхин д1а а хьехар.
а) Бераша массара цхьана д1айоьшу стихотворении.
аь) Берашка шайга- шайга д1айоьшуьйту стихотворении.
б) Т1еч1аг1дар.
Кроссворд.
|
|
|
|
|
|
|
|
|
7.Рефлекси.
-Х1ун план яра аша х1оттийнариг?
Х1ун дан ницкъ кхечи шун ? Х1ун диси ца далуш?
8.Жам1 дар.
-Муьлха произведении йийшира аша?
-Мила ву цуьнан автор?
-Стенах лаьцна ю и произведени?
-Х1ун т1етухур дара аша авторо бинчу тидамашна?
9.Ц1ахь бан болх балар.
а) Стихотворени « Аьхкенан 1уьйре» Ш.Арсанукаевн дагахь 1амо.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.